Дуьненахь а, махкахь а долчу хьолах

Техасерчу цхьана килсе баьхкинчу керстанашна герз диттина хьалха США-н герзашца кечбинчу ницкъашкахь гIуллакхдеш хиллачу Девин Келлис. Килсехь хиллачарах 26 стаг кхелхина, 24 стагана чевнаш йина, царах 10 чIогIа вуочу хьолехь ву. И зулам динчул тIаьхьа Девин Келли ша-шена тоьхна велла. Iедалан органашна хууш дац цо иштта къиза зулам даран бахьана.
***
Техасехь зулам динчу хенахь кхелхинчеран гергарчаьрга а, США-н куьйгалле а кадам бина иттаннаш пачхьалкхийн куьйгалхоша. Царна юкъахь ву Россин Президент Путин Владимир. Цо дIахаийтина шена а, берриге а россихошна а халахетаран дакъа кхаьчна хилар.
***
Вьетнамехь «Дамри» тайфун хилар бахьана долуш 61 стаг кхелхина, 28 стаг тIепаза вайна, 2 эзар сов цIа дохийна, цхьамогIа ярташка а, шахьаршка а хи хьаьдда, халкъан бахамна доккха зен дина. Пачхьалкхан куьйгалхоша дIахьедина кхелхинчеран гергарчарна а, зенаш хиллачарна а гIо даран программа тIеоьцург хилар.
***
Японин Премьер-министра С.Абэс дIахьедина: «США-н а, Японин а куьйгалхойн барт хилла Къилбаседа Корейна тIеIаткъам бар ницкъ ма-кхоччу алсамдаккха дезаш хиларна тIехь, цуьнга ядерни зераш дар сацадайта дезаш хиларна тIехь». И дарехь муьлххачу а некъах пайдаэца мегар ду аьлла хета цунна, оцу юкъахь тIеман некъах а. Хетарехь, хила тарлучу тIаьхьенан башха ойла еш бац иштта барт бинарш.
***
СаIудийн Аравин цхьана провинцехь вертолет доьхна, стиглара юьхьара чудеана. Оцу тIехь хилла 9 стаг кхелхина. Царна юкъахь ву паччахьан цIийнах волу Мансур Бен Мукрин. Бакъонашларъяран органаша дIахьош бу вертолет дохаран бахьана къасторан Iалашонца талламан белхаш.
***
Iамарко Россина дуьхьал йинчу энергетикин санкцийн тIаьхьало хIокху Iай къаьсттина дика хаалур ю Европерчу пачхьалкхашна. Дикка лакхабер бу газан мах, Iамаркан газах пайдаэцар хаьржинарш дохкобохур болуш некъ бу иза.
***
Таиландерчу Бангкокехь хIокху деношкахь дIахьош бу герзийн дуьненаюкъара гайтам. Иттаннаш пачхьалкхаша шайн герзаш гойтур ду. Россин оборонин министерствос оцу гайтамехь 200 сов тайпана герзаш гойтур ду. Оцу герзашкахь къаьсттина даккхий хьашт-дезарш ду Азин а, Африкин а пачхьалкхийн векалийн.
***
Brent маркех долчу мехкадаьттан мах хIокху деношкахь дикка лакхабаьлла. Цхьана баррелан мах 63 доллар бу. 2015-чу шеран хьаьттан (август) беттан 30-чу дийнахьчул тIаьхьа оцу мехе даьлла а дацара мехкадаьтта. Эксперташа чIагIдарехь, мехкадаьттан мах лакхабалар, уггаре а хьалха, доьзна ду иза даккхар ОПЕК-на юкъайогIучу пачхьалкхаша, оцу юкъахь Россис а, лахдина хиларца.
***
ГIажарийчоьнан къилбаседерчу цхьана некъа тIехь боккха бохам хилла, машенаш тIеттIа а кхетта. Цигахь 14 стаг кхелхина, иттех стаг лазийна. Бохам хиларца доьзна талламан болх дIахьош бу бакъонашларъяран органийн векалш.
***
Украинин Iедалан эскарша стомара а, цул хьалхарчу дийнахь а даккхий герзаш диттина Донецкан областерчу цхьамогIа ярташка. Минометийн масех снаряд школина тIекхетта. И бахьанехь 1 дешархо кхелхина, 2-нна чевнаш хилла. Ерриге а бIе сов снаряд ю иккхинарг. Лелхаза йисинарш а ю. Оцу хьокъехь хаам бо областан куьйгалхоша.

№87, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: