Нижегородски областан Бор гIалахь дIаяьхьира Олимпийски чемпионна А.И.Парфеновна лерина кегийрхошлахь греко-римски кепара охьатохархлатарехула «Россин Кубок» цIе йолу Ерригрос-син турнир.
Турнирехь дакъалоцуш вара Россин субъекташкара 400 сов спортсмен.
Вайн республикера цигахь дакъалоцуш вара 10 спортсмен. Къийсадаларш дIадаьхьира деа дийнахь. Кхузахь толамаш баьхна спортсменаш а Дуьненаюкъарчу турнирехь дакъалоцур ду.
Хьалхара меттигаш ехира вайн махкахоша И.Алиевс (46 кг.) – ДЮСШ (Новр-ГIала), Э.Яшуркаевс (63 кг.) – ДЮСШ №7. КхоалгIа меттигаш ехира: И.Яндаровс (38 кг.) – ДЮСШ №7, С.Абдулаевс (50 кг) – ШВСМ, М.Гайтиевс (69 кг.) – ДЮСШ (Новр-ГIала), М.-А.Саидовс (38 кг) – ДЮСШ №7.
Оцу кхиамашка вайн спротсменаш кхачийнарш бу, уьш Iамийна церан тренерш: А.Магомадов, И.Исаев, П.Умаров, С.Исаев, А.Гайтиев.
Оцу турнирана вайн команда кечйинарг ву Нохчийн Республикин вовшахтоьхначу командин лаккхара тренер Григорий Данелян.
Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.
З.ШИШХАНОВА
№87, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2017 шо