Школехь доьшучу хенахь къаьсттина нохчийн меттан урок ларайора жимачу Кадырова Розас. Царна ненан мотт хьоьхуш волчу Салаватов ГIирмасолтас ненан мотт дукха хаза бийцарна кхоллабелира йоьIан оцу матте безам. ГIирмасолтас шен дешархойн дагчу буьжур болчу кепара буьйцура ненан мотт.
Шайн хьехархочо урок лучу хенахь, цо санна урок яла сатийсина йолу Роза нохчийн меттан хьехархо йолу 36 шо хан ю. Тахана Розас ненан маттаца шен йолчу шовкъах а, шен балхах а лаьцна дуьйцуш, иза балха яхана цхьа кIеззиг хан йолуш санна хетало. Иштта самукъадаларца, дозаллица дуьйцу цо шен корматаллех лаьцна.
Эвтарарчу №2 йолчу школехь дешна яьллачул тIаьхьа Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделене деша яхара Роза. Хьалхарчу курсехь очни кепехь дийшира цо. 2-чу курсе иза йолучу хенахь, цо доьзал кхоьллира. Iер-дахар Курчалойн-Эвлахь хилира цуьнан. 2-чу курсехь дуьйна заочни кепехь дийшира цо.
Ша ехачу юьртарчу №1 йолчу школехь юьхьанцарчу классехь хьийхира цо дуьххьара. Къоначу хьехархочунна тIедиллинарг доккха декхар дара. Лакхарчу классашкахь цхьа урок ялар санна дацара иза. Дай-наноша шех тешийна, дуьххьара школе деша дахкийтина долу бераш Iилманан новкъа даха дезаш яра иза.
Оцу хенахь буьллуш болчу бухе хьаьжжина кхидIа долу дахар а хуьлуш хилар дика хаьара Розина. Цо сагатдора. Шен дахарехь дуьххьара школе балха яханчу къоначу хьехархочунна атта дацара.
Цунна хьалха охьаховшийнарш кегий бераш дара, цхьа а элп довзаза. Царах хIоранга а леррина хьожура Роза. Иза кхоьрура, шен бехкенна царах ца кхеташ цхьаъ дисарна. Оцу зерах дика чекхъелира хьехархо. Цунна гIо динарг иза жоьпалле хилар а, цунна шен болх безар а дара.
Юьхьанцарчу классашкахь хьехначул тIаьхьа, 1984-чу шарахь 5–6-чуй классашкахь нохчийн а, оьрсийн а меттанаш хьийхира цо.
1985-чу шарахь дуьйна лакхарчу классашкахь нохчийн мотт хьоьхуш ю Роза. Курчалойн-Эвларчу №2 йолчу школехь болх беш ю иза.
Цкъа Розин урокехь хилларг юх-юха цуьнан уроке ваха хьаьгна вуьсур вара,аьлла хета. Бераш шаьш Iилмане кхийдийта некъаш лоьху цо. Масала, кест-кеста кхоллараллин урок дIахьо цо. Цигахь, яздархойн говзарш берашна ешна ца Iаш, царах лаьцна хетарг вовшашца дийцаре до.
Урокехь берашна ненан мотт марзбина ца Iа иза. Вайн нохчийн яздархой баьхначу хIусамашка, музейшка буьгу дешархой.
Яздархойн музейшкахь къаьсттина самукъадолу дешархойн. Нохчийн яздархойн дахаран а, кхоллараллин а некъаш кхин а кIорггера довза лаам кхоллало церан. Ишттачу хьехархочуьнца муха марзлур бац нохчийн мотт?!
– «Нохчийн маттахь деша а, яздан а хала ду. Ма атта хир дац нохчийн мотт хьеха», бохуш, къамелаш хеза. Суна халахета сайна и хезча. Сулейманов Ахьмадан дешнаш ду-кх: «Со воккхаве хьуна хууш долчу кхечу къаьмнийн меттанех, нагахь санна, хьайниг бицбина, хьуна Iамо ца дезнехь».
Боккха бахам битина вайна вайн яздархоша. Кхин хIумма ца хилча а, Мамакаев Мохьмада дина весет-м тоьар ду: «Шен ненан мотт халкъо сий ойбуш Iалашбахь, цу халкъан паргIато цхьаммо а хьошур яц». Ма боккха чулацам, докха маьIна долуш дешнаш ду уьш. Со тахана йоккхае, ненан мотт берашна суо хьоьхуш хиларх. Со ирсе ю, – бохура цо.
Розина елла дуккха а Сийлаллин грамоташ а, дипломаш а ду. Семинарашкахь а, конференцешкахь а жигара дакъалоцу цо.
2015-чу шарахь дIаяьхьначу республикин конкурсехь дакъалаьцначу 64 хьехархочух тоьлла леринчу 10 хьехархочунна юкъахь яра Роза а.
2010-чу шарахь «Россин Федерацин юкъарчу дешаран Сийлахь белхахо» цIе елла Розина.
«Сайн дахар юха а листина, мацах жималлехь айса хаьржина некъ хийца йиш хилча, юха а хьехархо хир яра со», – дерзийра шен къамел Кадырова Розас.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрта тIехь: Кадырова Роза дешархошца цхьаьна
№87, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2017 шо