Масех де хьалха Нохчийн Республикин Парламентан Председатела Абдурахманов Дукхувахас шорйина кхеташо д1аяьхьира парламентехь. Цигахь дакъалоцуш депутаташ а, законаш т1еэцаран органан аппаратан векалш а бара.
Оцу цхьаьнакхетарехь дийцира 5-чу октябрехь Соьлжа-Г1алин денна лерина хиллачу мероприятехь йиначу терактах лаьцна. Билгалдаккха дог1у оцу дийнахь лелар тамашийна а хетта, сацийна хиллачу жимачу стага ша йина эккхаш йолу х1ума эккхийтира. И бахьана долуш полицин пхи белхахо кхелхира. Чевнаш хилларш а бу. Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Россин Турпалхочо Кадыров Рамзана тидаме ийцира бакъонаш ларъяран органийн белхахойн майралла, доьналла бахьана долуш, шайн са а ца кхоош болхбар бахьана долуш дуккха а адамаш бохамах к1елхьара даьхна хилар. Оцу белхахошна пачхьалкхан лаккхара совг1аташ дийра ду.
Парламентан председатела шен къамел кадам барца д1адолийра. Юха билгалдаьккхира теракташ ечу нахана, уьш ян дагахь болчарна законехь долу уггаре а лакхара та1зар дан дезаш хилар. Спикера т1етуьйхира, регионан Куьйгалхочо ма-аллара, оцу терактан декъехь мел хилларг йоццачу хенахь схьа а карор ву, царна дог1уш долу та1зар а дийр ду.
«Тахана Нохчийн Республикехь машар а, парг1ато а ю. Социальни дакъа а меттах1оттийна. Экономика а кхуьуш ю. Г1аланаш а ю, х1ора денна бохург санна, хазлуш. Шортта маьждигаш а ду вайн. Муьлххачу а стагана болхбан а, сада1а а, спортаца гергарло лело а мел оьшуш дерг ду вайн республикехь. Иштта дикачу меттехь дехаш доллушехь и теракт ярца, нахана зулам х1унда до тахана? Со кхеташ вац», – элира Абдурахманов Дукхувахас.
Цул т1аьхьа спикера дийцира шен къоман тхьамдина Кадыров Рамзанна юххе а девлла маршонехьа къуьйсуш долу вайн республикехь деха къаьмнаш доьналлех цхьаьнгга а дохалур дац, Делан некъах тиллачу цу кепарчу акхарошка муххале а.
«Цкъа а, цхьаьнгга а, юкъах баккхалур бац Нохчийн Республикин Куьйгалхо коьртехь а волуш, машаре боьдуш болу некъ. Вайн массарна а хууш ду, оцу машаран бух Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас биллина хилар. Ткъа и некъ юьххьехь дуьйна къобал бира Россин Федерацин Президента Путин Владимира», – т1етуьйхира цо.
Цхьаьнакхетарехь дийцина къобал деш т1еийцира гулбеллачара.
А.Абдулаев