ХIокху деношкахь М.Ю.Лермонтовн цIарахчу оьрсийн драмин театрехь «Мохьсолтин доьхна де» комеди гайтира. Хамидов Iабдул-Хьамидан пьеси тIехь хIоттийна ю комеди. Нохчийн Республикин хьакъволу артист Темишев Султан ву комедин режиссер.
Цуьнан чулацам иштта бу: коьрта турпалхо Хьулкаев Мохьсолта шеца цхьана а кепара комаьршалла йоцуш, ши юьхь лелорах а, кхаьънаш эцарх а шен дахар а доьзна, ша лелориг дукха нийса некъ а хеташ, вехаш стаг ву.
Цунна гуонаха болчарна массарна а иза гуш а ду. Комеди вуочу турпалхочух а, цо дахарехь дIакхоьхьучу некъах а лаьцна елахь а, хьовсархойн самукъадалар а, къинхетам а – и дерриге а дара цигахь. Хьовсархошна хазахийтира актерийн ловзар.
Оцу комедихь ролаш ловзийна актераш: председатель Хуьлкаев Мохьсолта – Нохчийн Республикин хьакъволу артист Махаури Iаьлви, бухгалтер Мохьадди – Исламов Висхан, хьалхара секретарь – Музаева Залина, Хьавраъ (шолгIа секретарь) – Нохчийн Республикин хьакъйолу артистка Авзаева Хеда, Азман (хьалхара зуда) – Нохчийн Республикин хьакъйолу артистка Нальгиева Зулпаъ, Залпаъ (шолгIа зуда) –Сагалова Малика, прокурор – Демишев Iела, милцой – Элисханов Хьасан, Масаев Юнус, Закри – Эдильханов Iийса.
З.ХАСИЕВА
Суьрта тIехь: «Мохьсолтин доьхна де» комедин кийсак
№87, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2017 шо