Гуьйре. ГIаш лаьтта тIе оьгуш. Цхьа шийлачу маьхьарца, цхьа гIийлачу маьхьарца. Цу маьхьарца а хаало-кх дахаре безам, дахаре тешам. Мел эшаме делахь а, мел синхьийзаме делахь а, цхьана иллин мукъам. Цхьа илли… Дахаран меха, цкъацкъа дахарал доккха – илли…
Цхьа илли – гуьйренан дерзашлахь. Десачу урамашкахула лела цхьалха са; дуьненан лазамаша, дахаран эшамаша, безачийн къестарша дардина, кIаддина цхьа илли. – Цхьалхачу син тогIенашкара дека цхьа илли… Цхьалха са. И цхьалха долу дела гIерта иза серлонна тIе а. Амма оцу серлоно тIемаш а дагадой, лаьтта дожадой, лаьттахь, гуьйренан дерзашлахь лела дуьту, десачу урамашкахула шен илли садаIа социйла лоьхуш. Юха а чиркх хаалой, цхьалха са герга гIурту. Герга гIурту…
ХIаъ, сайн са ду ас дуьйцург, суна дуьненал адамаш дезалахь, даима а цхьалха лела сайн са дуьйцу. Гой хьуна, дахар – дахар ма ду. Дахар ду… Дорцехь летта богу чиркх санна, со герга ийзийна хьан бIаьргийн йовхо хаало. Йовхо…
Со даима хьегна йовхо… Со даима кхийрина йовхо. ХIаъ, кIорггера ойла йича, сан хьегамал а алсамбуьйлу сан кхерам. ЭхI, цхьалха са… Цхьалха са… Баккъал а декъаза ду-те хьо?… ХIокху дуьненнал безам хьайн хилча, хьо кхера хIунда делира? ХIунда кхераделира? Iехалохьа хьо а… Iехалохьа, со яларг!… Хьо дуьнен чу кхолларан бахьанах ца кхиъначу хьан хIу бакъо ю сел маьрша, сел кура хила? ХIун бакъо ю?
Цундела кхоьру хьо Iехадаларна?
***
Гуьйре… Дерз… ГIаш оьгу шийлачу маьхьарца лаьтта тIе. Сан миска са… Сан цхьалха са лела десачу урамашкахула. … Дарцехь чиркх богу… Хьа бIаьргийн йовхоно со герга ийзайо.
Амма со кхоьру, кхоьру – сайн са цIеначу серлонах хьегнашехь, цхьа а шеко йоцуш тешшал со Iехаеллашехь, кхоьру со. ХIокху дуьненнал боккха безам ас дIатеттина, къа хьарчийннашехь. Со кхоьру оцу йовхонна уллехь саца.
Сан са тIехдуьйлу дарцехь леттачу чиркхана. Амма оцу йовхоно сан букъан тIум ягайо. Сан са тодеш, серло йогIу. Иштта богу дарцехь латийна чиркх. Амма сан са тIехдуьйлу цунна, ша йовхонах дукха хьегна дела, ша серлонах дукха къихкина дела. ТIехдуьйлу.
Гуьйре… Дерз… ГIаш оьгу сан яхьийначу синтогIийн бердаш тIе.
Са дайна. Суна сайн са схьакарадо тхайн неIсагIехь доьлхуш лаьтташ…
Са дайна. Со сайн дайна туьйра лаха арайолу. Гуьйре… ГIаш… Дерз… Сан цхьалха са…
Цхьа илли… Дарцехь богу чиркх… Дуьненнал боккха безам… Хьан бIаьргийн йовхо… Са дайна… Со кху денойн хьесап дан йицъелла… Сан иллин садаIасоцийла… Со сайн дайна туьйра лаха дIа ара йолу…
Догу бIаьргаш… Оцу йовхоно сан букъ бохбо, сан месаш тIера кIац яшайо.
… Дарцехь богу чиркх – сан дайначу туьйран лар…
Дарцехь богу чиркх… Дарцехь богу чиркх… Сан дайна лелла туьйра, сан тилла лелла туьйра, стенна тIера дIадоладе ас хьо? Стенна тIера? Гой хьуна дарцехь богу чиркх? Гой хьуна…
ГАЙТУКАЕВА Бана
№87, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2017 шо