ТIекхечи бIаьсте а. Далла харцахьа а ма хетийла и, суна бIаьсте хIинца ца еза. ХIинца самукъа а ца долу бIаьстенах. Хьалха дара и… дара-те… Ткъа хIинца дIадаьлла.
Хьуна, сайна хьалха санна, бIаьсте еза ца моттийта, дIаяздо аса хIара иштта. Бехк ма билла суна, сан сийлахь адам!
ДагадогIу, ахь соьга хаьттира: «Хьуна муьлха хан дукхаеза?» – аьлла. Аса хьайга: «БIаьсте!» – аьлча, цхьа гIайгIане хьаьжира хьо соьга.
Бакъдерг хIунда ца дуьйцу, хIетахь со ца кхийтира хьох, ницкъ, хьекъал ца тоьира цу хьажаран маьIна дан.
Суна гуьйренах, Iаьнах бIаьсте таръеллера. Иштта хан ма яра иза. БIаьсте самукъане ма ю, шортта хаза эшарш, шортта бес-бесара зезагаш… зазанна Iанадахана маьлхан дуьне… бIагор… мерза бIагор а хьаьвзий, мархийн техкар, юха сенчу бацалахь дужий Iуьллу. Хаттарийн рагI соьгахь яра.
Хьо юха а хьалхавелира: «Суна гуьйре дукхаеза», – элира ахь. Юха а са ца тоьара сан хьох кхета. ХIаъ, хьох кхета!
Иштта ма яра и – сан кура бIаьсте, и – сан сонта бIаьсте, и – сан хаза бIаьсте.
ХIинца сан даг тIе цхьа гIайгIа, сингаттам боссабо бIаьстено. Цхьа тамашийна, суьртан тIех яккха юьгуш санна, кхерамо дог огу. Ойла йо ас: «Ванах, хIун ду-те, сел сан са дагош дерг? – олий. Ойлано суна хьоьхург сан дог-ойла цкъа мерцина кхерам бу-кх.
БIаьста ма девзира вайша. ХIаъ, бIаьста гIаьттира сан даг тIехь заза. Амма…амма дукха боца хиллера цуьнан кхоллам, дукха къиза хиллера цуьнан оьмар. Дахьийра сан даг тIера заза. Иза ца кхиира стоьмашка дерза.
ХIетахь Iадийра, кхерийна со. ХIетахь дуьйна бисира и кхерам сан даг тIехь, сан кхетамехь. ХIетахь дуьйна, бIаьсте тIейогIуш лаза болало сан кхетамехь и кхерам, сан даг тIера къастаран лазамах бисина моьнаш санна.
ХIоразза, бIаьсте тIееъча, заза схьаделладелча, кхоьруш хьоьжу со зазашка. Со кхоьру, цIеххьана еъначу шелоно и дIадахьарна.
Кхоьру, зазашна малх цатоарна. Ас Деле доIа до, доIа до, мацах къастар, хьо сайн даг тIе схьакхача доладелча санна: «Веза, Сийлахь Дела, хIара ахь делла Iаламан исбаьхьа беркат доьза ма дайалахь, ларделахь и шелонах, вуочу бIаьргех, малх ма кхоабелахь айхьа деллачу кху беркатна, тхан къиношна оьгIазло а яй. Стоьмашка дерзаделахь и, Веза Дела!» – олий.
Со кхераелира, Дахаран Хазалла яхьорна. ТIаккха лийр ма ду дахар, духур ма ду дуьне. Суна дика ма хаьа и хьал. Сан даг тIера заза а ма дахьийра бIаьстена юккъехь. Дахьийра, суна сел хьоме хетачу хьан бIаьргийн шело лан ницкъ а ца тоьъна. Царна чохь хьалха баьгна малх цхьаммо-м лачкъийра. Цхьа седарчийн тайпа, цхьа кIегий дисира царна чохь хIинца соьга хьийса. Церан йовхо кIезиг яра малхе кхийдачу бIаьстенна. Цу бIаьстено кхоьллинчу Зазашна Малх, Серло, Йовхо оьшура дахаран мерзачу Стоьмашка дерза. Ишттий бен хила йиш ма яц дахар. Я хила яздинчух вала а ма лур вац…
Хьо а дIавахара илли а хилла, хьайн гуьйренан дерзашка ладегIа со а йитина. Суна тIаьхь-тIаьхьа къахьлора бIаьстенаш. Суна гуьйре езаелира, цхьа сан дагна гергара, тера амалш яра цуьнан. Сан лозучу, йогучу чевнех шен дахкаран киса хьерчадора гуьйренан къоьжачу суьйренаша.
Ас гуьйренан шийлачу дерзашлахь лоьхура хьан иллин садаIасоцийла. Дахкарлахь юха а дIаоьхура цуьнан некъийн асанаш. ХIетте а дIагIертара со. Хьан иллийн мукъамийн аьзнашна тIаьххье дIаоьхура, дIагIертара… ХIинца ас бIаьстенал а чIогIа ларйо гуьйре.
Цуьнан хIора дийнан боларехь лоьхуш хьан вахаран, хьан варан некъаш.
… ЦIеххьана схьахеза гIаргIулийн илли. ГIаргIулийн доьлхучу бIаьргийн гIайгIа дуьхьалхIуьтту суна.
ДIайолало сан гуьйре. ДIадолало сан дахар. ДIадолало сан гIаргIулийн илли, сан синмерзех пиллигаш а хьоькхуш, даьккхина сан мерза, сан къаьхьа илли…
№87, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 7-гIа де, 2017 шо