ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалахь дIаяхьира Нохчийн Республикин Правительствон рогIера кхеташо.
Цигахь дакъалецира Правительствон Председатела Эдельгериев Абубакара, республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис, министраша.
Кхеташонан кхиэле йиллина яра 25 сацаман проект. Уьш йовзийтира Правительствон Председателан заместитела – автомобилийн некъийн министра Тумхаджиев Абубакара, Правительствон Председателан заместитела – финансийн министра Тагаев Султана, юьртан бахаман министра Дадаев Мусас, кхечара.
Кхеташонехь дакъалоцуш хиллачу Абдул-Кадыров Шарпуддис билгалдаьккхира Нохчийн Республикин Прокуратуро, оцу проекташна, кхачам боллуш, талламаш бина хилар.
«Бакъонийн анализ яйтархьама, республикин Прокуратуре нормативно-бакъонийн актийн 25 проект кхаьчнера. Царна массарна а тIехь таллам бина. Цхьана проекта юкъахь гучудаьллера федеральни законодательствоца догIуш доцу хIуманаш. Иза оха дIа а хаийтинера. Карарчу хенахь, схьагучу суьртаца нийса а догIуш, и кхачамбацарш дIадаьхна ду. Иштта, билгалдаккха догIу тахана Правительствон рогIерчу кхиэле йиллинчу 25 проектах 3 республикин Прокуратурин дIадолорца кечйина хилар», – элира цо.
Коьртачу декъана, юьйцуш йолу проекташ бахархошна а, заьIапхошна а социальни гIо-накъосталла дан а, гуонахара Iалам лардарна а, республикехь экономика а, даьхнийлелор а кхиорна а лерина яра.
Масала, республикин Iаламан тIаьхьалонийн а, гуонахара хьал лардаран а министра Темирханов Сайд-Мохьмада йовзийтира «Нохчийн Республикин ЦIен книга лелоран Къепе хIотторан» сацаман проект.
Шен къамелехь цо билгалдаккхарехь, Нохчийн Республикин ЦIен книга кхидIа а лелорна оьшуш болу урхаллин а, бакъонийн а сацамаш тIеэцархьама оьшуш ю Правительствон кхеташонан кхиэле йиллина йолу «Нохчийн Республикин ЦIен книга лелоран Къепе хIотторан» сацаман проект.
Экономика, мохк кхиоран а, махлелоран а министран заместитела Мустапаев Хьамзата йовзийтира «Предпринимательствоца а, инвестицешца а доьзначу гIуллакхийн лехамашца догIуш долу Нохчийн Республикин нормативно-бакъонийн акташа бечу тIеIаткъаман мах хадор дIадахьаран» сацаман проект.
Докладъярхочо билгалдаккхарехь, и проект тIеэца езаш хилар доьзна ду Нохчийн Республикехь предпринимательствон а, инвестицийн а хьал тодарна а, оцу дакъошца доьзначу нормативно-бакъонийн акташна юкъа хийцамаш бан богIуш хиларца а.
Правительствон кхеташонан чаккхенехь кхиэле йиллина мел йолу проект тIеэйцира.
И.АДАМОВ
№88, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2017 шо