Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана республикин Правительствон а, меттигерчу шаьш-шайна урхалладаран органийн а, бакъонашларъяран структурийн а, динан а векалшца шорйина кхеташо дIаяьхьира.
Наркоманин а, вахош долу маларш мийларан а проблемашна профилактика яран а, доьзалан институт чIагIъяран а, Iедална а, юкъараллина а юкъара зIенаш чIагIъяран а гIуллакхаш дийцаре дира цигахь.
Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира адам хIаллакдеш, нахана марзделла долчу хIуманашца – наркоманица, вахош долу маларш мийларца, тонка озарца – къийсам дIабахьар Нохчийчохь уггаре а коьртачу меттехь хилар.
«Наркотикаш а, вахош долу маларш а, корта галбоккху молханаш а, законехь а доцуш, лелорца а, царах «пайдаэцарца» а къийсам латторехь баккхий кхиамаш баьхна вай. Амма, вайна хьалха лаьтташ йолу чаккхенан Iалашо – и зулам орамашца цхьаьна дIадаккхар. Наркомани я маларш мийлар бахьанехь бала хьоьгуш цхьа а адам хила ца деза Нохчийчохь. Иза вайн уггаре коьртачу Iалашонех цхьаъ ю», – элира цо.
Иштта, Iедалан а, юкъараллин а, динан векалаллин а къаьсттина тидам оьшуш ду республикехь доьзалан институт чIагIъяран гIуллакхаш а.
«Вайн кхиамаш Iалашбархьама а, алсамбахархьама а доьзалан институтана къаьсттина терго ян декхарийлахь ду вай. Гуш ма-хиллара, харц новкъа девлларш, дукха хьолахь, аьтто боцучу доьзалшкара бераш ду. ХIора а бер деца-ненаца цхьаьна кхиа дезаш ду, барт, ийман-беркат долчу хIусамехь», – билгалдаьккхира Р.Кадыровс.
Республикин куьйгаллина а, юкъараллина а юкъара зIенаш чIагIъярх а, бахархойн Iедалан структурашка болу тешам алсамбаккхарх а лаьцна а дийцира Кадыров Рамзана.
«Вай бинчу талламо гойту наха вайн белхан лаккхара мах хадош хилар. Амма цуьнца цхьаьна, леррина тидам тIебахийта безаш долу гIуллакхаш а довзийтина цара. Билгалдаккха деза цхьадолу аьрзнаш бух болуш цахилар. Бахархошка хаамаш дика дIакхачош цахиларца доьзна ду иза. Цундела, нахаца кхетош-кхиоран болх дIабахьа беза, Iедална а, бахархошна а юкъахь тешам чIагIбархьама кхитIе а гIуллакхаш дан деза», – элира республикин Куьйгалхочо.
А.ВАХАЕВА
№88, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2017 шо