ХIусамаш ярехь тоьллачех лерина Нохчийн Республика

Федеральни Iалашонан «ХIусам» программин цхьа дакъа ду «Россин Федерацин субъекташкахь чохь Iен хIусамаш яр кхиоре хьашт кхоллар». Оцу декъехь кхиамца болх бечех ю Нохчийн Республика.

Иштта мах хадийна вайн республикин дукха хан йоццуш Россин Федерацин гIишлошъяран а, ЖКХ-н а министерствехь министран заместительша Сиэрра Еленас, Стасишин Никитас дIаяьхьначу селекторни кхеташонехь.

Ерриге а ворхI регион ю чохь Iен хIусамаш яр кхиоре хьашт кхолларехь дика болх барна билгалйоккхуш. Иштта, Нохчийн Республикица цхьаьна ягаръеш ю Белгородан, Воронежан, Ивановин, Кемеровн, Липецкан областаш а, ГIезалойчоь а.

Дагадаийта догIу, Федеральни Iалашонан «ХIусам» программин оцу декъаца (подпрограммица) билгалдина ду адамаш дехачу микрорайонашкахь 120 км. некъаш тодар а, социальни инфраструктурин 80 объект яр а.

Подпрограммехь дакъалацар субъектийн шайн лаамца доьзна ду. 2017-чу шарахь дикка лакхабаьлла дакъалацархойн барам. Иштта, 2016-чу шарахь оцу декъехь болх беш ерг 18 регион хиллехь, 2017-чу шарахь уьш 32 ю.

Хь.АБАЕВ

№88, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: