Дийцаре дира истори хьехаран гIуллакхаш

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Къоман музейн актови зала чохь школехь истори хьехаран гIуллакхашна лерина регионан Iилманан-практикин конференци дIаяьхьира.

Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос а, Нохчийн Республикин дешар кхиоран институто а.

Цигахь дакъалецира Iилманчаша, иштта, вайн республикин кIошташкарчу школийн историн цхьаболчу хьехархоша.

Конференци дIайолош, хьалхара дош а олуш, вистхилира Нохчийн Республикин дешар кхиоран институтан директор Умхаев Хьамзат.

Уггаре а хьалха министран цIарах долу кехат дийшира цо: «Маршалла ду шуьга. Дешаран система – иза гуттар а шена тIехь терго латто езаш маьIне система ю. Шайн дахар истори талларна а, иза школашкахь дешархошна хьехарна а дIаделлачарна суна даггара баркалла ала лаьа».

Министран цIарах кехат дешначул тIаьхьа, Умхаев Хьамзата грамоташца билгалбехира историн тоьлла хьехархой.

Шайн халкъан а, мехкан а истори хаар – иза хIораннан а декхар хилар билгалдаьккхира цул тIаьхьа къамел динчу историн Iилманийн доктора, Нохчийн Республикин Iилманийн академин президента Гапуров ШахIрудис.

– Шен халкъан, мехкан, пачхьалкхан истори хаа декхарийлахь ву вайх хIора а. Тахана тIекхуьуш долчу чкъуро вайн халкъан истори Iамош ца хилахь, тIейогIуш йолчу тIаьхьенашна шайн дайн Iер-дахаран цхьа а бух хир бац. Ткъа и саннарг цахилийтархьама, школехь доьшучу хенахь дуьйна историга марзо кхолла еза берашкахь. Жимачохь бераша шайна дIахьоьхург дика схьалоцу. Цундела, уьш кегий болчу хенахь дуьйна хаийта деза царна шайн халкъан, мехкан истори Iамо езаш хилар, – элира цо.

Цул тIаьхьа конференцин дакъалацархоша билгалъяьккхина хиллачу темина лерина докладаш йира. Царах хIорамма а шен-шен докладехь историга берийн марзо кхолларан некъаш а хьахийра. Масала, Хьалха-Мартан кIоштан Гихчу-КIотар юьртарчу юккъерчу школин директоран заместитель а, историн хьехархо а йолчу Батукаева Зулайс шен докладехь иштта элира: – Нохчийн йоккха истори ю. Вайна ма-хаъара, школашкахь нохчийн истори хьехарна луш ерг дукха хан яц. Оцу бахьанина, ма-хеттара а, ма-лаъара а иза хьеха таро а ца хуьлу. «Шен халкъан истори муха хуур яц нохчичунна?!» олуш, дешархой йохье а бохуш, нохчийн истори царна хьехарехь сахьташ а алсамдаьхча, цара кIорггера иза Iамор яра аьлла хета суна. Нохчийн санна йоккха истори кхин хир а юй-те аьлла, оцу тайпана вайх лаьцна дийца дуккха а хIума ду вайн.

Конференцин болх берзош, цуьнан дакъалацархошна баркалла а олуш, Хь.Умхаевс билгалдаьккхира докладаш йинчарна хеташ дерш Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос а, Дешар кхиоран институто а шайн балхахь тидаме оьцург хилар.

З.ЛОРСАНОВА

Авторан суьрта тIехь: конференцин дакъалацархой

№88, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: