Карарчу шеран гIуран (декабрь) беттан 12–14-чуй деношкахь Россин Федерацин Федеральни Гуламан Федерацин Советан йоккхачу конференц-залехь (Москва, Арбат ур., 19-гIа цIа) дIахьур бу Россерчу коммерцин йоцчу организацийн VIII-гIа гулам.
Иза вовшахтохарехь цхьаьна къахьоьгуш ю Коммерцин йоцчу организацийн дерригкъоман союз (www.rosnko.ru) а, Россин Федерацин Федеральни Гуламан Федерацин Совет а.
Гуламан гурашкахь дIахьур ду 20 сов гIуллакх: пленарни кхеташонаш, «горга стоьлаш», семинараш, мастер-классаш, практикумаш, гайтамаш, и.дI.кх.а.
Карарчу шарахь дIахьочу Гуламехь дакъалаца тарло 1 000 сов стага – коммерцин йоцчу 150 организацин а, Россин субъектийн а векалша.
Цара, коьртачу декъана, дийцаре дийр ду коммерцин йоцчу секторан кхиар, къоман кхерамазалла Iалашъяран декъехь коммерцин йоцчу организацеша дIалоцуш йолу меттиг, политикин а, пачхьалкхан а урхалла даран керла система «кхоллар», къаьмнашна юкъара зIенаш чIагIъяр, бахархошна а, Iедална а «вовшашка ладогIаран системина» лехамаш кечбар, бахархойн социальни хьашташ кхочушдар, и.дI.кх.а.
Гуламах лаьцна хаам а, регистраци а – www.gosgrant.ru сайта тIехь.
Вовшахтохараллин комитет: +7(495)641-69-20, +7(800)301-31-79, info@rosnko.ru.
№88, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2017 шо