Машенан водитель лазийна
ХIокху деношкахь Гуьмсан кIоштарчу Дарбанхи юьртана уллехь некъан-транспортан бохам хилла. Цунах лаьцна хаам бо Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон пресс-службо.
Автомобилийн «Гуьмсе – Бамат-Юрт» некъан 4-чу километрехь Гуьмсе гIала йолчу агIор вогIучу, 1974-чу шарахь вина волчу вахархочун «Вольво» автомашен тIекхетта Гуьмсан кIоштан Комсомольски юьртан 1985-чу шарахь вина волчу вахархочун долахь йолчу Экскаваторна.
Некъан-транспортан бохам бахьанехь лазийна «Вольво» автомашенан водитель Гуьмсан кIоштан больницин травматологин отделене вигна.
Некъан бохаман хьокъехь дIахьош таллам бу.
Наркотик схьаяьккхина
Оперативни-лахаран мероприятеш дIахьочу хенахь Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон наркотикаш лелорна тIехь терго латторан урхаллин белхахоша наркотикаш лелорна шеко йолуш полицин отделе валийра 1985-чу шарахь вина волу Шелан кIоштарчу Эвтара юьртан вахархо.
Таллам дIахьочу хенахь, оцу вахархочуьнгахь кара а йина схьаяьккхина ораматех схьаялар долу, баьццарчу басахь, кIомалан шатайпа хьожа йолу 15-20 грамм хиллал хIума юкъахь йолу полимеран Iаьржа хьарчолг.
Схьаяьккхина наркотик таллам бан дIаяхьийтина Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон экспертийн-криминалистикин туьше.
Вахархочунна тIедиллина полицин отделе вар. ДIахьош таллам бу.
I.МУРТАЗОВ
№88, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2017 шо