Вайн садеIар гуонахарчу Iаламах доьзна ду. Iалам лардар иза хIораннан а декхар ду, делахь а, цу тIехь мало йо вай. 10-на юкъахь цхьаъ бен ца волу оцу хьокъехь ойла еш.

Вайн Iаламан хазалла, цIеналла ларъеш леррина министерство ю. Нохчийн Республикин Iаламан тIаьхьалонийн, гуонахара хьал лардаран министерствос дIахьош болу болх адамашна уггаре а оьшучарех бу.
Цунах лаьцна тхан къамел хилира министрествон Iаламан тIаьхьалонийн департаментан директорца Гераев Джамбулатаца.
– Болх беркате хуьлда шун, Джамбулат! Шайн министерствон юкъара болх а, иштта, департаментан болх а, шайн коьрта Iалашонаш а йовзийтахьа тхуна?
– Марша йогIийла хьо а! ХIара шо экологин шо аьлла кхайкхина хиларе терра, тхан министерствос дIахьош долу гIуллакхаш шозза алсамдевлла. Делахь а, ларош, кхиамашца схьадогIу тхо. Республикин ерриге а кIошташкахь лаьмнашна, хьаннашна, хишна тIехь леррина терго латтош, бIаьрла къахьоьгуш бу хIокху министерствон белхахой, хьалхаваьлла тхан министр Темирханов Сайд-Мохьмад а волуш. Цуьнан куьйгаллица дуккха а пайде гIуллакхаш дIадаьхьна оха.
Ткъа тхан департаменто Iаламан тIаьхьалонашна тIехь терго латтайо. Гуттар а аренашкахь белхаш беш хуьлу тхан департаментан белхахой. Иштта, «ЦIен книги» тIехь билгалдаьхначу дийнатийн, ораматийн леррина терго йо оха.
Вайн республика 361 эзар га (18,7% майда) хьаннех лаьтташ ю. Цунна терго еш шен департамент ю вайн министрествехь болх беш.
– Маса хи ду Нохчийчохь? Мел ю церан йохалла?
– 3 эзар сов хи ду Нохчийчохь. 6 эзар километр сов ю церан юкъара йохалла. Уьш шайн цIерш йолуш а, йоцуш а ду. Уггаре а доккха хи – Терк, цуьнан йохалла 218 километр ю. Шайн йохаллица цул тIаьхьа догIу: Соьлжа (205 км), Орга (205 км), Гумс (83 км), Джалках (82,5 км), Март (61 км), Гихта (57 км), Яьсси (57 км), Фортанка (34,7), Iаьса-хи (32 км).
Оцу хIора а хи тIехь, оьшучу меттехь бердаш тодеш, бердан йистош цIена латторна тIехь терго еш, белхаш дIахьо оха.
ХIора а юьртахь охьадогIучу хина уллохь ехкина хиш лардаран майданаш ю. Цара терго йо къепе латторна тIехь.
Дукхахьолахь къепе йохош берш шайн машенаш охьадогIучу хи чохь юьлуш берш бу. Иштта хина уллохь заправкаш я кхин йолу хи бехден предприятеш ца йойту.
«Хишна – экологин реабилитаци» аьлла дакъа (отрасль) ду тхан министерствехь. Цуьнан гурашкахь республикехь масийтта хи юхаметтахIоттийна, дуккха а хиш нехех цIан а дина.
Iаламан хиламаш бахьанехь хиш дистина даьхкича, цара нахана бохам бича и гIуллакх къепе даллалц цу тIехь белхаш дIахьо оха. ХIокху шарахь цкъа а хи дистина деана, нахана зулам ца хилла, Делан къинхетамца.
Делахь а, хьалхарчу шерашкахь хилла зенаш хIинца а меттахIиттош ду тхо. Эвтарахь а, Хьалха-МартантIехь а, Роьшни-Чохь а хишна тIехь белхаш бу тхан дIахьош. Орган бердан йистош тоеш гIуллакх а ду карарчу хенахь дIахьош.
– Джамбулат, «ЦIен книги» тIехь билгалъяьхначу дийнатех, ораматех лаьцна довзийтахьа. ХIун хийцамаш бу и книга араяьллачул тIаьха? Цхьа а дийнат, орамат дIаяьккхний оцу юкъара (барам алсамбаларна)?
– 2005-чу шарахь эсаран (октябрь) беттан 31-чу дийнахь, Iедало чIагI а йина, арахецна ю республикин «ЦIен книга». Цу тIехь 158 орамат, 189 дийнат а ду.
«ЦIен книги» тIера дIаяккха а, тIеязъян а езаш ю масех дийнат а, орамат а. 2013-чу шарахь а дуккха белхаш бина оцу хьокъехь, тIедогIучу 2018-чу шарахь бан лерина а ду, иштта 2019-чу шарахь керла вовшахтоьхна «ЦIен книга» арахеца лерина а ду. ТIаккха билгалдер ду юкъара дIаяьккхинчу а, тIеязъян езачу а дийнатех а, ораматех а лаьцна дерг.
– Карара шо «Экологин шо» ду аьлла дIакхайкхийна ду, ахь ма-аллара. Цунна лерина хIун гIуллакхаш дIахьо аш? Шайн проекташ, мероприятеш, акцеш йовзийтахьа тхуна.
– Iаламат дукха дIадаьхьна хIокху шарахь и тайпа гIуллакхаш, царах уггаре а яккхий проекташ ю: «Баьццара Росси», «Россин хиш», «Климат а, жоьпалла а – 2017», «ЦIена хьажар», «Яхалахь хьун», «Дитт дIаде, цуьнан дола де».
И тайпа гIуллакхаш дIадаьхьна ца Iа, Iаламат дукха белхаш дIабаьхьна вайн республикехь, школашкахь дуккха а экологин хьокъехь семинараш йина. Ишттачу мероприятешкахь дешархоша лерина ла а дугIу, шайна ишттачу гIуллакхашкахь дакъалаца лууш хилар а хоуьйту.
ТIейогIучу ханна дIадахьа лерина дуккха а гIуллакхаш ду тхан цунна лерина.
– Джамбулат, вайн бахархошка хIун эр дара ахь, къамел дерзош?
– Iаламат хаза лаьмнаш, аренаш, хьаннаш, хиш ду вайн. Оцу хьаннашкахь мерза стоьмаш кхуьу вайн. СадаIа хаза меттигаш ю.
Вайн мехкан Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца дуккха а гIуллакхаш ду вайн республикехь дIахьош, вайн хьелаш кхин а тодарна тIехьажийна.
Вай вешан Iалам лардичхьана, уггаре а хаза мохк бу вайн. Дала эзарнаш шерашкахь нохчийн цIеначу, маьршачу махкахь бертахь Iер-дахар лойла вайна.
Хь.БАХТАЕВА
Суьрта тIехь: Нохчийн Республикин Iаламан тIаьхьалонийн, гуонахара хьал лардаран министерствон Iаламан тIаьхьалонийн департаментан директор Гераев Джамбулат
№88, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2017 шо