Вайн муьлххачу а юьртара, кIоштара санна, Гуьмсан кIоштара а кIезиг ца бийлина махко а шайх дозалла дан хьакъ долу къонахий.
Иштта, Нохчийчоьнан а, Дагестанан а уггаре а сий-ларамечу шайхех цхьаъ волу Кишин Кунта-Хьаьжа (Дала къайле цIинйойла цуьнан) вина Гуьмсан кIоштан Иласхан-Юьртахь герггарчу хьесапехь 1812-чу шарахь (бакъду, цхьацца хьостанашкахь кхин терахь а даладо). Шен схьавалар къурайшийн (хIашимийн) цIийнах долуш ву Кунта-Хьаьжа. Цуьнан да Киши ву, нана Хеда ю. Къилбаседа Кавказехь суфизман бух биллархойх цхьаъ ву Кунта-Хьаьжа. 1864-чу шеран январь беттан 3-чу дийнахь шен вешица Мовсарца а, юххерчу накъосташца а цхьаьна лоцу иза. Цкъа хьалха БуритIе, юха Новочеркасске дIахьовсабо уьш, цигара Устюжнерчу набахте (Новгородски область) буьгу. Оцу халчу муьрехь Кунта-Хьаьжина юххехь хилира цо Iамийна Коврнакъ-Хьаьжа а, Iабдулсалам-Молла а. Набахтехь болчу вайн махкахойх тIаьхьо дIакхийтира Хоси-Юьртара Илес а. 1865-чу шеран февраль беттан 3-чу дийнахь Сийлахьчу шайхана кхиэл кхайкхайо (кхуьнга даима а набахтехь хан яккхийта). Шена юххерачех дIа а къаставо иза. 1867-чу шеран май беттан 19-чу дийнахь цуьнца йолу зIе дIахеда.
1816-чу шарахь Дади-Юьртахь вина нохчашлахь дуьххьарлера корматаллин художник Захаров Петр. 1819-чу шарахь оьрсийн эскарша юрт тIамца йоккхуш, чов хилла кIант йийсаре вуьгу. Хьалхе гучудолу кIантехь суртдилларан похIма хилар. Долаваьккхина кIант вина и тIелаьцначу П.Н.Ермоловс шен ницкъ кхочург до суртдилларан говзалла цунна Iаморна тIехьажийна: хьехархой лоцу, Исбаьхьаллин академе деша а вохуьйту. Шен заманахь уггаре а бевзаш болчу художникех цхьаъ хуьлий дIахIутту П.Захаров. Тахана говзанчаша цIе йоккхуш 100 сов сурт ду цуьнан. Царна юкъахь ду оьрсийн гоьваьллачу поэтан М.Ю.Лермонтовн, профессоран Т.Н.Грановскийн, композиторан П.Булаховн, хирурган И.П.Постниковн, иштта кхечеран суьрташ. Художникан кхалхар хилла 1846-чу шарахь.
Гезлой-Эвлахь вина ву (1922-чу шарахь) Советски Союзан Турпалхо Дачиев Хансолта. 1942-чу шеран июнь баттахь дуьйна Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIамехь дакъалаьцна ву иза. 1943-чу шеран сентябрь беттан 29-чу дийнахь, командованин тIедилларца, полкан таллархо (разведчик) Х.Дачиев шен накъосташца Днепр хих дехьа а волий, мостагIчун чIагIонан хьал а толлий, «мотт» балош сехьаволу. Оцу мехалчу хаамаша Хансолтас гIуллакх деш хиллачу дивизина таро елира сихха а, даккхий дараш ца хуьлуш а, Днепр хих дехьаяла. Командованин и хала тIедиллар кхочушдеш гайтинчу турпалаллина 1944-чу шеран март беттан 3-чу дийнахь Советски Союзан Турпалхочун цIе елира Хансолтина. Шен дахаран тIаьххьарчу шерашкахь Х.Дачиевс дукха болх бира кегийрхой тIеман-патриотически дог-ойланехь кхетош-кхиорехь. Турпалхочун кхалхар хилла 2001-чу шарахь.
1932-чу шеран май беттан 1-чу дийнахь Гуьмсехь вина ву Россин Федерацин хьакъволу художник Шамурзаев Шемал. 1962-чу шарахь дуьйна цо жигара дакъалоцура республикин, зональни, ерригроссин гайтамашкахь. Шен кхоллараллин дахарехь дукха суьрташ дехкина оцу башхачу пхьеро – дерриге а ворхI бIе гергга. Царна юкъахь ду говзанчаша лаккхара мах хадийна «Латталелорхо-механизатор», «Революцин мурдаш», «Шовдана йистехь», «Кузашдархо», «Со а, сан дай а», «Нохчи», «Нохчийчохь», «Сингаттам», иштта кхидолу суьрташ. Нохчийн суртдилларан искусство кхиорна юкъа уггаре а йоккха хазна йиллинчех цхьаъ ву Шамурзаев Шемал. Художникан кхалхар хилла 2011-чу шарахь.
ХIокху кIоштарчу Энгель-Юьртахь вина ву Нохчийн Республикин халкъан поэт Рашидов Шаид.
1968-чу шарахь дуьйна цхьаъ вукхунна тIаьххье арайовлу поэтан стихийн, поэмийн гуларш: «Iуьйренан тхи», «Дайн латта», «Ломара цIе», «Дахаран аре», «Ненан бIаьрхиш», «Кхоллам», «Дикалла», «Сацахьа латта», «Къайле», иштта кхин а. Меттан чолхалла йоцуш, мукъамна аьхна йолчу цуьнан байташна тIехь дукха иллеш, эшарш яьхна нохчийн композиторша. 300 сов илли ду цуьнан дешнашна даьккхина, нохчийн гоьбевллачу иллиалархоша дIаолуш. Нохчийн Республикин Интеллектуальни центран «Дато бухIа» совгIатан лауреат ву поэт Рашидов Шаид.
Дуьненчу валар ГIиргIизойчуьрчу Кадомжай поселкехь хиллехь а, шен схьавалар Гуьмсан кIоштан Нойбоьра юьртара долуш ву Россин Федерацин хьакъволу художник Бицираев Сайд-Хьусайн. Суьрташдахкархочун говзалла цо караерзийна И.Репинан цIарахчу (Санкт-Петербург) исбаьхьаллин академехь.
1983-чу шарахь дуьйна Санкт-Петербурган пачхьалкхан исбаьхьаллин промышленни академехь хьехархочун болх беш ву иза. Шен (персональни) ялх гайтам хилла художникан: шиъ – Хельсинкехь, кхоъ – Санкт-Петербургехь, тIаьххьарниг – Соьлжа-ГIалахь А.-Хь.Кадыровн цIарахчу мемориальни комплексехь.
Хьовсархоша, говзанчаша лаккхара мах хадийна цуьнан суьртийн: «Дадин-Юрт йожар», «БойсагIар», «Валарг тIехь хилла тIом», «Ненан сурт», «Баккхийчеран хабар», «Ши доттагI», «Аьхке», дуккха а кхечеран а.
Республикерчу нохчийн меттан, литературин хьехархошна дика евза Нохчийн Республикин халкъан хьехархочун Эльдаров IабдулкъахIиран цIе. 1985-чу шарахь дуьйна Iер-вахар Ойсхарахь долуш а, цигарчу № 2 йолчу юккъерчу школехь хIара тIаьххьара шо кхаччалц нохчийн мотт, литература хьоьхуш къахьегна а ву иза (цул хьалха еххачу хенахь цо болх бина Нажи-Юьртан кIоштарчу школашкахь). Цуьнан белхан лаккхара мах хадош, хьехархочунна яла тарлуш йолу ерриге а сийлаллин цIерш елла цунна: «Лакхара хьехархо», «Нохчийн Республикин хьакъволу хьехархо», «Россин Федерацин юкъарадешаран отличник», тIаьххьара – «Нохчийн Республикин халкъан хьехархо». Нохчийн литература хьехаран методикин пособийн автор ву IабдулкъахIир.
Шайн яха цIераш йолуш, гоьбевлла нах кхин а дукха бу кIоштахь: актриса, Нохчийн Республикин халкъан артистка Радуева Зураъ; Нохчийн Республикин халкъан художник Асуханов Аманди, Нохчийн Республикин сийлаллин гражданин Осмаев Iусман (дукха хан йоццуш кхалхар хилла цуьнан, Дала гечдойла цунна!); поэташ Борхаджиев Хожа-Бауди, Юсупов Руслан; Iилманча, публицист Сумбулатов Абузар, цуьнан ваша, Нохчийн Республикин хьакъволу журналист Сумбулатов Дени; художник, Россин Федерацин культурин хьакъволу белхахо Ильясов Адам; похIме хьехархо, дешаран дика вовшахтохархо Чаплуев ШахIид (хIинца воцуш ву иза а, Дала гечдойла цунна!); иштта кхин дуккха а.
Тахана цхьанаметта массеран цIераш яхар ца нислахь а, дин даржорехь а, къоман культура, литература, Iилма бахаман тайп-тайпана дакъош кхиорехь а бIаьрла лар йитина гуьмсахой кхин а дуккха а бу. Царах лаьцна оха кхул тIаьхьа а дуьйцур ду, и цIераш билгалъяхарехь а, кегийрхошна йовзийтарехь а мелла а жигара къахьега деза аьлла хета дешаран а, культурин а учрежденеша, юкъараллин организацеша.
Хь.АБАЕВ