Дай-наноша сагатдан ца оьшу

Шайн чуьра доьзалхо Эскаре гIуллакх дан вахча, цунна мелла а саготта хуьлу да-нана. ЦIенна генахь хилар, тIеман низам лардар, керлачу накъосташца ваза хаар, бIаьхаллин декхаршца ларор – кхин а мел хуьлу церан коьрте хьийзаш.

ХIокху гурахь Аштаркхнерчу цхьана эскаран декъе кхаьчначу Нохчийчуьрчу кIентийн дай-наной оцу декъехь мелла а паргIат хуьлийла ду, хIунда аьлча уьш шайн тергоне эцна оцу гIаларчу «Вайнах» юкъаралло. Цунах лаьцна телефонехула тхуна дийцира «Вайнах» юкъараллин куьйгалхочун заместитела Акаев Хасамбека.

Цо дийцарехь, Аштаркхнерчу цхьана эскаран декъе Нохчийчуьра 20 жима стаг валоран хьокъехь «Вайнах» юкъаралле хаам бира оцу эскаран декъан командованис, уьш бовза а, цаьрца цхьаьнакхета а лаам белахь, шаьш долчу хьошалгIа а кхойкхуш.

– Иштта хаам тхайга кхаьчча, хье ца луш, оцу эскаран декъехь хилира «Вайнах» юкъараллин куьйгалхо Байсангуров Iадлан а, со а. Нохчийчуьра балийначу къоначу эскархошца дехха къамелаш хилира, – дуьйцура Хасамбека. – Царах хIора муьлхачу юьртара ву а хоттуш, цIера хьал а дицийтира. Вовшашца, бIаьхаллин накъосташца тарлуш, эскархойн низам лардеш, шаьш нохчий дуй хууш, яхь-юьхь ларъеш, цхьана а хIуман тIехь шаьш осала ца гойтуш, доьналлица чекхдовла дезар хаийтира. Телефонашкахула вовшашца зIе латто барт а хилира. Эскаран декъан командованица къаьсттина хиллачу цхьаьнакхетарехь, оха цаьрга дийхира динца а, нохчийн вадца а доьзначу цхьацца хIуманаш тIехь вайн кIенташна бегIийлаш яр, цаьргара даьлла дика а, вон а тхайга схьахаийтар а. Доцца аьлча, шайн бIаьхаллин декхарш кхочушдан Аштаркхнерчу эскаран декъе кхаьчначу вайн кIенташа тхаьш юьхьIаьржа хIитториг цахиларх тешна дисира тхо, – дерзийра шен къамел Хасамбека.

Аштаркхнера кхаьчначу хIокху хаамах къаьсттина кхаъ хир аьлла хета тхуна вай буьйцучу кIентийн дай наношна, уьш хIинца мелла а сапаргIат хуьлийла ду, ткъа Байсангуров Iадланна, Акаев Хасамбекана баркалла ала догIу оцу шахьаре кхаьчначу нохчийн кегийрхошца доьзна цхьа а хIума шайн терго йоцуш цадитарна.

Хь.АБАЕВ

№88, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: