Историн хиламаш бовза беза

Лахьанан (ноябрь) беттан 3-чу дийнахь М.Д.Миллионщиковн цIарахчу Грозненски пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан конференц-залехь дIаяьхьира «Октябран революцин 100 шо кхачар: бахьанаш, жамIаш, дарсаш» («100 лет Октябрьской революции: причины, итоги, уроки») «Горга стол».

Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Парламентан депутат Кашлюнов Владимир, лакхахь хьахийначу университетан «Истори а, бакъо а» кафедрин заведующи Идилов ШаIрани, оццу кафедрин доцент Мачукаева Лиза, Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин декъашхо Дадуев Мохьмад, философин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин академик Акаев Вахит, юкъараллин гIуллакххой, Iилманчаш, кхиболу хьеший.

Хьалхара дош олуш йистхиллачу Л.Мачукаевас довзийтира студенташна юкъахь шаьш дIадаьхьначу социологин хаттарийн жамIаш.

– Оха студенташка динчарех хьалхара хаттар дара: «Вайн пачхьалкхан дахарехь коьрта хилам муьлха хета шуна?», – дуьйцура Л.Мачукаевас. – Дукхахболчеран жоп «Сийлахь-боккха Даймехкан тIом» дара. Ткъа 20 процент студенташа Октябран революцин цIе яьккхира. Цунна тIе а доьгIна, майрра ала йиш ю и хилам хIинца а дукхахболчарна мехала хеташ хилар а, пачхьалкхан дахарехь цо шен лар йитина хилар а.

ШолгIа хаттар дара: «В.И.Ленина пачхьалкхан дахарехь мел, хIун меттиг дIалаьцна?». Цу хаттарна жоьпаш деллачарах 50 процентана вуон а, 50 процентана дика а тIеIаткъам бина аьлла хета.

11 процент студенташна бен ца хиира Октябран революцехь нохч-гIалгIайн халкъаша лаьцначу декъах дерг дийца а, Соьлжа-ГIаларчу «Халкъийн доттагIалла» хIолламехь болчеран цIерш яха а.

Вайн кегийрхойн иштта хаарш хиларан бахьана ду аьлла хета дешаран учрежденешкахь Нохчийн Республикин историн пособеш цахилар», – билгалдаьккхира Л.Мачукаевас.

«Октябран революци хилла де вайн тергамза дита йиш яц, – бохура Грозненски пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан социальни а, кхетош-кхиоран а декъехула волчу проректора Салгириев Рустама. – Октябран революцис вайн пачхьалкхехь дехачу халкъашна а, дуьненахь долчу халкъашна а тIеIаткъам бина.

Советийн Союзана тIаьхьа кхийолу социалистически пачхьалкхаш кхоллаяларан бахьана хилла ца Iаш, цо малхбузенехь йолчу пачхьалкхийн политика а хийцира.

Революцин тIаьхьенаш тайп-тайпана лара йогIу: дика а, вуон а. Нохчийн халкъана юкъахь революци хилале хьалха а, хиллачул тIаьхьа а дуккха а хилла Iилманан а, культурин а гIуллакххой. Культурин туьшаш а, къаьмнийн школаш а, и.дI.кх. а.

Цунна тIе а доьгIна аьлча, вайна го хIун пайда беана вайна оцу хиламо. – Мехала гIуллакх ду вайн истори таллар а, цуьнан жамIаш дар а. Цундела суна баркалла ала лаьа хIара дагадовлар вовшахтоьхначарна».

КхидIа къамелаш динчара билгалдаьккхира Октябран революцис Россехь долу хьал орамера дуьйна хийцина хилар. Куьйгалла а хийцина, пачхьалкхехь шен Iедал дIахIоттийра цо – Ахархойн а, белхалойн а Депутатийн Советаш.

Дагадовларан жамI деш аьлча, къамелаш динчарна массарна а хетарг цхьаъ дара – историн хиламаш, хержар доцуш, ма-барра бовза беза, тIаккха бен хуур дац церан нийса мах хадо а, тIаьхьалонна жамI дан а.

Л.ДАУТОВА
I.Муртазовн сурт

№88, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: