Лехамашна жоп луш дац
Нохчийчоьнан прокуратуро шен хаддазчу тергамна кIел латтадо регионан нормативни бакъонан акташ коррупцина дуьхьало яран законодательствон лехамашна жоп луш хилар, алсамха лакхарчу юридически ницкъан акташца уьш цхьаьнадогIуш хилар, ткъа иштта юридически техникин бакъенаш ларъяр. Цуьнца доьзна кху шеран эсаран (октябрь) беттан тIаьхьарчу деношкахь ведомствос теллира регионан къинхьегаман, болх нисбаран, социальни кхиоран министерствон приказийн проекташ федеральни законодательствоца цхьаьнайогIуш хилар. Цо гайтира проектийн еа меттехь гIуллакх деш долчу законодательствоца галморзахаллаш хилар. Юридически техникин бакъенашца цхьаьнайогIуш яцара 7 меттиг. И кхачамбацарш дIадахар шен тергамна кIел а оьцуш, прокуратуро и акташ кечдинчарна хьалха хIоттийна йоццачу хенахь уьш нисдар. Цуьнца цхьаьна билгалдаккха догIу белхан и дакъа республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис хаддаза шен тергамна кIел латтош хилар.
КхитIе а таллам бан дезар ду
Йохка Iалашо а йоцуш, баккхийчу барамашкахь наркотикаш эцарна а, Iалашъярна а (РФ-н УК-н 228-чу статьян 2-гIа дакъа) бехкевеш, Джандаров Шарханна дуьхьал лелош долу уголовни гIуллакх Россин МВД-н Соьлжа-ГIаларчу талламан урхаллин талламхочуьнга юхадерзийна Старопромысловн кIоштан прокуроран заместитела Межидов Шемала. Талламхошна хетарехь, 2016-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь Красная Турбина поселкана уллохь кхуьуш хилла акхачу кIомалан кондарш схьа а яьхна, шена пайдаэца Iалашъеш яра Джандаровс. Ткъа уголовни гIуллакхан материалаш талларо гайтира уголовни а, уголовни-процессуальни а законийн лехамаш талхийна хилар. Ша аьлча, тIебожийна бехк цхьаьнабогIуш бацара билггал долуш долчуьнца. Цо таро ца хилийтира гIуллакх суьде дIахьажо. Цуьнца доьзна Россин МВД-н Соьлжа-ГIалин урхаллин хьаькаме дIахаийтина законан лехамаш талхор тардалийта мегарг цахилар.
Муха кхочушдо миграцин хьокъехь закон?
Россин ФСБ-н Нохчийчохь йолчу урхалло бинчу хаамна тIе а доьгIна, регионан прокуратуро дIадолийна Невран кIоштахь кхечу мехкашкарчу гражданашна хан яккха а, царна чохь дIаязбала а бакъо лучу хенахь миграцин хьокъехь долу законодательство муха кхочушдо таллар. Бинчу талламан жамIашкахула республикехь йолчу хIусамашкахь кхечу мехкашкарчу гражданашна харц регистраци яран хьокъехь долчу бакъдолчеран хьокъала боллу бакъонан мах хадор бу. Цуьнца цхьаьна иштта мах хадор бу миграцин декъехь таллам латто бакъо еллачу республикерчу Iедалан органо бинчу белхан а.
Апелляцина жоп делла
Вовшахтохараллин-кхочушдаран а, административни-бахамаллин а декхаршца доьзна долу пачхьалкхан а, муниципальни а службехь даржехь волуш болх барна 2 шарна доза а тухуш, РФ-н УК-н 290-чу статьян 1-чу декъана тIе а доьгIна, Мантаков Майрбекана 500 эзар соьман барамехь гIуда туьйхира Соьлжа-ГIаларчу Октябрьски кIоштан суьдо. Амма уголовни законах нийса пайдаэцна цахилар бахьанехь, республикин прокуроран заместитела Мельников Павела суьдан оцу сацамна дуьхьал апелляци елира. Гучуделира кIоштан суьдо шен сацам тIеоьцуш уголовни а, уголовни-процессуальни а законийн хаъал даккхий талхораш хилийтина хилар. Аьлча а, бехкевеш волчуьнан гIуллакхаш РФ-н УК-н 291-чу статьян 1-чу декъана тIедогIа дезаш дара (жима кхаъ эцар). Шайн рогIехь бехкевинчуьнан адвокаташа а шайн апелляци тIехь доьхура суьдан сацам хийцар а, иза бакъвеш кхиэл яр а. Прокурорана хетарг хьесапе а эцна, республикин Лакхарчу суьдо кхиэл хийцира, адвокатийн апелляцин аьрзнаш жоп доцуш а дитира.
Теллира спортехь долу хьал
Физически культурин а, спортан а хьокъехь долу Россин Федерацин законодательство меттигерчу дешаран учрежденешкахь муха кхочушдо теллира Хьалха-Мартан кIоштан прокуратуро. Билгалделира школе даха хан кхачаза долчу берийн дешаран «Карусель», «Хеда» учрежденешкахь ловзаран а, спортан а майданийн техникин хьолана тIехь таллам латтош цахилар. Берийн кхерамазаллина жоп луш а яц уьш. Оцу балхах жоп луш долу адамаш билгал ца даьхна. Цул сов сихха гIо деш йолчу службийн телефонаш а, гIирсах пайдаэцарехь хьалха хIиттош болу лехамаш бовзуьйтуш болу хаамаш а бац. Цунна тIе а доьгIна, прокуратуро берийн бошмийн куьйгалхошна тIедожийра и дерриге а кхачамбацарш йоццачу хенахь дIадахар. Цуьнан акташ къаста а дина, оцу гIуллакхна бехке хилларш низаман жоьпалле озийна.
Iаламна гIароллехь
Нохчийчохь биологин тайпаналла Iалашъярхьама, экологин кхерамазаллина алссам кхачоярхьама регионан прокуратуро хаддазчу тергамехь латтадо гонахара хьал лардаран а, Iаламах пайдаэцаран а хьокъехь долу законаш кхочушдаран гIуллакхаш. Иза чIогIа мехала лору ведомствехь карара шо экологин а, къаьсттина ларъеш йолчу Iаламан меттигийн Шо аьлла дIакхайкхийна хиларца доьзна. Цуьнга хьаьжжина жамIаш а ду. Кху шеран чекхбаьллачу исс баттахь Iалам лардаран декъехь дIабаьхьначу балхо гучуяьккхина закон талхийна 5 658 меттиг. Уьш нисъяран а, профилактика яран а Iалашонца прокурораша 3 585 акт тIеэцна. Iалам лардаран хьокъехь долчу законодательствон лехамаш талхорна низаман а, административни а жоьпалле озийна даржехь волу 1 774 белхахо. Прокурораша бинчу талламан жамIашкахула бакъо йоцуш хьун хьакхарна 8 уголовни гIуллакх долийна, къаьсттина ларъечу меттигашкахь талларна – 1 уголовни гIуллакх. Интернетехь дIакъевлина Россин Федерацин ЦIечу книгина юкъадахийтина къаьсттина мехала акха дийнаташ дохкарх, дихкинчу кепара чIерий лецаран кепех лаьцна хаамаш беш йолу сайташ. Прокуратура юкъагIортар бахьанехь гонахарчу хьолана вочу агIор Iаткъам барна Iаламах пайдаоьцуш болчаьргара бюджете кхаьчна 1 миллион соьмал сов ахча. Пачхьалкхан хьесапе хIоттийна гонахарчу хьолана вон Iаткъам беш йолу 1 200 сов объект. Бинчу талламан жамIашкахула шайн декхарш хьакъ ма-дду кхочушдеш цахиларна низаман жоьпалле озийна даржехь волу 40 белхахо.
Ведомствон сайта тIера хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№88, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2017 шо