ХIокху деношкахь Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетехь этнографин диктант дIаяьхьира. Бан леринчу белхан маьIнех дуьйцуш, цуьнан дакъалацархошка вистхилира Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан хаамийн министран заместитель Элембаев Iалихан.
Цо элира: – Билгалъяьккхина диктант Россин дуккха а субъекташкахь дIахьош ю. Росси – иза шен йоккха истори йолуш пачхьалкх ю. Тайп-тайпана къаьмнаш ду кхузахь дехаш. Этнографин диктант чекхъяьллачул тIаьхьа, цуьнан жамIашка хьаьжча хуур ду вай дехаш йолчу пачхьалкхан истори вайна мел хаьа. Россин истори йовзар вайх хIораннан а декхар ду. Тахана дIахьош йолу диктант бахьанехь шун таро хир ю шайн хаарш гайта.
Цул тIаьхьа вистхиллачу Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университетан проректора Вахаев Абдулбека а билгалдаьккхира, диктант чIогIа маьIне хилар. Цо дакъалацархошна хаийтира, хаттаршна жоьпаш даларехь сема а, собаре а хила дезаш хилар.
Этнографин диктант язъеш, шайн хаарш зуьйш кечдинчу 30 хаттарна жоьпаш дала дийзира дакъалацархойн. Церан жамIаша билгалдоккхур ду, Россин истори царна мел хаьа. Оцу диктантан жаIмаш лахьанан (ноябрь) беттан 10-чу дийнахь довзуьйтур ду.
Билгалдаккха лаьа, диктант Россин 85 регионехь а, СНГ-н 11 пачхьалкхехь а дIахьош хилар. Нохчийн Республикехь этнографин диктант вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин а, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а гIоьнца.
З.ЛОРСАНОВА
Авторан суьрта тIехь: Этнографин диктантан дакъалацархой
№88, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2017 шо