(Арсанов Са1идбей дагалоцуш)
Эзар исс бIе дезткъе уьтталгIачу шарахь, апрель беттан берхIитталгIачу дийнахь, Соьлжа-ГIаларчу Революцин проспектехь дукха адам дара гулделла. Яздархой, журналисташ, Iедалан белхахой, могIарера бахархой. Церан яххьаш сирла яра, гуш дара Iаламат мехалчу цхьана гIуллакхо уьш вовшахатоьхна хилар. Адамаш гулдаларан бахьана хила а хиллера маьIне. Нохчийн сийлахь воккха яздархо Арсанов СаIидбейн синна совгIатна дагалецамийн У дIатухуш вовшахкхетта хиллера уьш. Иза ваьхна хиллачу, пхи гIат долчу цIийнан пена тIе дIатуьйхира У. Бакъду У дIатоьхна даьллера аьлла, сихха дIаса ца бовлуш, дукха лаьттира гулбелларш, къамелаш деш. Цара дийцарехь, гуш дара Арсанов СаIидбей къегина похIма долуш яздархо хилар а, шен къоман культура, литература кхиорехь цуо Iаламат доккха дакъалаьцна хилар а. Эзар исс бIе дезткъе уьссалгIачу шеран гурахь бIе шо кхаьчна хиллера воккхачу яздархочун. Арсановн бIе шо кхачар билгалдоккхуш, кхоллараллин интеллигенцин дехарца тIеэцна сацам хиллера, иза ваьхначу цIийна тIе дагалецамийн У тоха. И сацам бара Iедалан векалша кхочушбинарг. Бакъдерг билгалдаккха догIу: Арсанов СаIидбей, Нохчийчохь вевзина ца Iаш, ерриге а Россин литературин гуонашкахь гIараваьлла вевзаш, хьанала къахьегна Далла дуьхьал вахана стаг вара, халкъо а, махко а шех дозалла дан хьакъ долуш, вайн къоман исторехь йоккха лар йитина. Нохчех дуьххьара роман язйинарг вара Арсанов СаIидбей. Вайна массарна а евза и роман. «Маца девза доттагIалла» ю оцу романан цIе. Суна дагабогIу и роман вайн махкахь оьрсийн маттахь зорбане яьлла мур. Хазахетарца тIеийцира иза махкахоша. Юккъерчу школин дешархо йолчу суна а дакъакхечира цу кхоах. Роман язъял говза яздархо вайнахах вер ву аьлла хьанна дагахь дара, советски идеологис синкхетам самалха бала ца буьтучу хенахь!? Арсанов СаIидбейс-м и доцург а дукха диканаш дитина, тахана вайна дийцар а, хьахор а юьхькIам болуш…
Эзар бархI бIе дезткъе уьссалгIачу шеран, октябрь беттан шолгIачу дийнахь, Нохчийчуьра Жима АтагIа цIе йолчу хазчу юьртахь дуьнен чу ваьлла Арсанов СаIидбей. ХIара аганара гIаттале кхайкхаза луралла тIедеана, кхуьнан дена Арсланбекана. ЧIирхойх хьулвала, махках вала дезна Арсланбекан шен хIусамнана а, жима СаIидбей а эцна. Нохчийчохь Iер-вахар кхераме хетта, хьаннашца, аьрцанашца, къайлаха долчу некъашца гIалгIайн махка дехьабовла гIоьртина уьш. Амма цигахь а, хIара пекъарш тIеэца кечвелла Iаш, бевза-безачарех цхьа а ца хилла. Юьстаха долчу некъашкахула богIучу кхарна тIеIоттабеллачу гIалагIазкхашна зуламхой бу моттаделла, буй-тIара яр нисделла. Арсланбекана оьрсийн мотт хууш ца хиларна, ша арабаьккхинчу шийлачу некъах гIалагIазкхий кхето ницкъ ца кхаьчна цуьнан. Цу бахьница Владикавказе дIабигина, бехк-гуьнахь доцуш пхи шо хан тоьхна чубоьхкина, набахтехь хан такхийтина. СаIидбей шен ненаца зударий болчу чувоьллина хилла. Цу чуьрчу оьрсийн зударша «Саволька» аьлла цIе тиллина хилла кIантана. Кога ваха воьлла СаIидбей камера чохь цхьанаметта соцуш ца хилла, цундела нанас кест-кеста мохь тухуш хилла «схьавола» олий. Ишта дIаяхана хилла кIентан и вайн къоман йоцу цIе. Доцца аьлча, СаIидбейн когавахар а, мотт Iамар а набахтехь хилла-кх. Пхи шо дIадаьлча, набахтера арахецна хIорш. Мелла а оьрсийн мотт Iемина Арсланбек Владикавказехь, даш а, дети а доккхучу заводе балха вахана, шен стамбала болабеллачу доьзална напха лаха дагахь. ТIаккха цхьана бегIийлачу хорша дерза доладелира АрсановгIеран дахар. Амма мехаш карзах дуьйлуш дIадуьйладелира ерриге а Россина ХХ-гIа бIешо. Алсам бара къехойн цатемаш. КIезиг бацара, цу цатемех кирхьа дина, и къехой карзахбаха къахьоьгурш а. 1905-1907-чуй шерашкахь хиллачу оьрсийн революцехь, цхьана дикане сатийсарца дакъалоцу Арсланбека а. Делахь а вайна массарна а ма-хаъара Iедало хьошу белхалойн а, ахархойн а и гIаттам. Дукхахболу нах чубухку, хIаллакбо. Царна юкъа нисло вайн махкахо а. Iедало каторге хьажийначохь тIепаза вов Арсланбек. Кхиъна вогIу СаIидбей шен дас юьхьарлаьцначу новкъа вала дагахь, Iедална дуьхьалйолчу тобанех дIакхета. Амма иза данне а дац СаIидбейс дешар дIатесна бохург. Владикавказехь школа чекхйоккхий, цуо цкъа Одесса гIала воьдий, цигахь электротехнически училищехь доьшу. Иза кхиамца чекхйоккхий Владикавказе юхувоьрзу жима стаг. Цхьа кIеззиг цигахь болх бар а нисло караерзийначу говзаллица. Делахь а большевизман хIуо хьакхаделлачу Арсановна готта ю цхьа белхан меттиг. Цуьнан уллера гергарло тасало, цу муьрехь Владикавказехь арадолуш хиллачу «Терек» цIе йолчу газетаца. Оцу газетан агIонаш тIехь кест-кеста зорбане юьйлу СаIидбейн чулацаме статьяш. Уьш Iаламат ира а, Кавказан ламанхойх дог лозуш язйина хуьлу. Цхьаннех а ийза ца луш, шена хетарг зорбане доккхура СаIидбейс, цхьана а кепара Iедалан векалш кхоа ца беш. Ткъа шо кхачаза волчу жимчу стагехь ма-оьшшу хьекъал, хьуьнар, доьналла хиларна къеггина тоьшалла ду иза. Бакъду, ша баьхначу кхиамех тоам бечарех вацара Арсанов СаIидбей. Жимчохь дуьйна иза дика кхета Iилмано бен серлоне некъ бостург ца хиларх. Эзар исс бIе уьтталгIачу шарахь Петербухе Политехнически институте деша воьду СаIидбей. Амма оццу шарахь Iедална дуьхьал болчу политически боламехь дакъалацарна чувуллий, Вятски губерни дIахьажаво хинволу яздархо. Бакъду, мел яккхийчу халонаша йийсаре лацарх, къарлой юха-м ца волу иза. Эххар а вайн махкахочун аьтто болу Сибарехара вада. Россехь висар кхераме хеташ Германи дIавоьду СаIидбей. Германехь масех шарахь болх бо вайн кIанта машенаш ечу заводехь. 1914-чу шарахь дIаболало дуьххьарлера дуьненаюкъара тIом. Буьрсачу тIеман цIарах йогуш хетало доккхачу дуьненан массо а маьIиг. Росси юхавоьрзу Арсанов СаIидбей. Амма цкъачунна, Нохчийчу хьовха, ур-аттал Кавказе ца вогIуш, Иркутски губерни кхочу вайн турпалхо. Цигахь Арсановс жигара дакъалоцу революцин боламехь. Большевикаш Iедале богIуш цIечу эскарехь гIуллакх до цо. Колчакана дуьхьал бинчу тIемашкахь дакъалоцу. Советан Iедало толам баьккхича Арсанов СаIидбейн аьтто болу цкъа мацах ша долийна лакхарчу дешаран кхерчахь дешар чекхдаккха, Иркутск гIаларчу политехнически институтехь. Циггахь, Iедалан лакхарчу даржашкахь белхаш бо Арсановс. Кест-кеста зорбане юьйлу цуьнан революцин шовкъах юьззина йолу статьяш. Уьш зорбане юьйлу цхьабосса Сибирехь а, Москвахь а арадуьйлучу газетийн агIонаш тIехь. 1921-чу шарахь, Нохчийчуьра Iедало цIавоьхий, Даймахка юхувоьрзу Арсанов СаIидбей. Масех шарахь болх бо цо серлонан, Iилманан, халкъан бахаман дакъошкахь. Делахь а, тахана вайн дог тешна ала бакъо ю: Арсанов СаIидбей шен сица, цIийца, синкхетамца журналист вара. Цо дукха къахьегна нохчийн маттахь дуьххьарлера газет арахеца гIерташ. Алсам дуьхьалонаш хилла, вайнахана газет ца оьшу бохуш. Амма шеца, дуккха а шерашкахь, уллера гергарло а, доттагIалла а лелийна волу, оьрсийн яздархо Александр Фадеев орцахвоккхий Арсанов СаIидбейс къарвелла юха ца волуш, схьадоьллу нохчийн дуьххьарлера газет. Юьхьанца газетан цIе хуьлу «Советски Автономни Нохчийчоь», иза арадолу 1923-чу шеран 23-чу апрелехь. ТIаьхьо газетана керла цIе туьллу «Серло». Заманан йохалла газетан цIе хийцало масехазза. Амма вайна хаа деза тахана кхиамца арадуьйлучу «Даймохк» газетан хьостанехь лаьттинарг а, цуьнан дуьххьарлера редактор хилларг а Арсанов СаIидбей вуйла. Ша арадала доладеллачу хьалхарчу деношкахь дуьйна вайнехан культура а, литература а кхиорехь ондда гIортор хилла дIахIоьттира нохчийн къоман газет. Бакъду, иза когадаххалц Арсанов СаIидбей вита-м ца витира цуьнан куьйгаллехь. «Серло» газета арадала доладелла шо шаре далале цуьнан коьрта редактор кхайкхина Москва дIавигира ВЦИК-н президиумехь нохчийн къоман векал вина. КIорггера хаарш, хьекъал, доьналла долу стаг массо меттехь, даима хуьлу оьшуш. Цхьана юкъана Арсанов СаIидбейс-м Москва-ГIаларчу Оружейни палатехь бина болх, Iилманан секретаран даржехь. И болх тахана а бац, хьаьнг-хьаьнга а кховдош. Ткъа цу муьрехь нохчичух и болх тешийна хиларо гойту, мел лакхара мах хадош хилла Москварчу Iедало Арсанов СаIидбейн. 1933-чу шарахь вайн махкахо КПСС-н ЦК-с Колыме балха хьажаво, Охотско-Колымски СОВПРОФ-н председателан дарже. Бакъду, мел лакхарчу дарже ша хIоттаварх Арсанов СаIидбейн са цIахь лаьттара. Цо даима сагатдора нохчийн халкъана а, махкана а. Цундела дерриге а дора шен Даймахка юхаверза. 1935-чу шарахь Соьлжа-ГIала цIавоьрзий, Арсанов СаIидбей цу муьрехь кхоьллинчу Нохч-ГIалгIайн меттан а, литературин а, историн а, Iилманан-талламан институтан куьйгалле хIутту. Iаламат беркате а хуьлу халкъана а, махкана а Арсанов СаIидбейс Iилманан-талламан институтана куьйгалла дина мур. Нохчийн къоман бартан кхолларалла зорбане яккха дуьххьара гIайгIа биначарех цхьаъ ву Арсанов СаIидбей. Вайн къоман цIеяхханчу поэтаца Мамакаев Мохьмадца цхьаьна СаIидбейс зорбатоха кечйина иза. Ишта, 1937-чу шарахь, оццу Мамакаев Мохьмадца кечйина, Пятигорскехь зорбатуьйхира «Советски Нохч-ГIалгIайн поэташ» цIе йолу гулар. Ша Арсанов СаIидбей исбаьхьаллийн произведенеш язъян волавеллера 1924-чу шарахь. Юьхьанца «Известия», «Советский Юг» газеташкахь зорбатухурш статьяш, очеркаш хиллехь, 1930-чу шарахь «Революция и Горец» цIе йолчу журналехь зорбатухура Арсановс язйинчу «Ши тIаьхье» цIе йолчу романан цхьадолу дакъош. Дукха хан яра Арсанов СаIидбейс и роман язъян кечамаш бо. Советан Iедал тIедале волавеллера иза романна оьшу цхьацца исторически материалаш гулъян, цу белхаш тIехь яздархочун дика ка а даьллера. Цунна къегина тоьшалла хIуьтту, дуьненна гIараваьлла вевзачу яздархочо Фадеев Александра «Федерация» цIе йолчу издательстве и роман бахьанехь яздина кехат: «Ас зорбатоха даггара магайо шуна Арсанов СаIидбейн «ЧIогIа ларде хьайн дог» («Твердо держи свое сердце») роман. Хетарехь, ламанхойх дуьххьарлера советски роман ю иза. Алсам исторически бакъдерш ду романехь, Iаламат чулацаме ю. Коьрта турпалхо ву ламанхо Бено…». ТIех дика гIо-накъосталла дара оьрсийн яздархочо шен кехатца Арсанов СаIидбейна динарг. Роман ян а яра, нохчийн литература кхиарехь нуьцкъала гIулч. Цуьнан коьрта тема-интернационализм яра. Халчу дахаро а, къизачу зиэраша а турпалхочун амал яхчош хиларх а яра роман. ТIаьхьо, вайна массарна а евза «Маца девза доттагIала» роман хуьлу цу говзарех. Ткъа 1937-чу шарахь, Советан Iедална муьтIахь волуш, 1924-чу шарахь дуьйна КПСС-н тешаме декъашхо волу Арсанов СаIидбей НКВД-с, бехк-гуьнахь доцуш, чувуллу, итт шо хан а тухий. Цу муьрехь чубоьхкина хиллачу берриге а наха санна, СаIидбейс лайна хало, харцо, шело, мацалла. Амма яздархо къар ца вина оцу буьрсачу халонаша. Цуо болх бина набахтехь ша воллушехь, шена тIехь, шен хинйолчу говзаршна тIехь. Итт шо къизачу балехь даьккхина араваьлча, иза Казахстане дIавоьду, 1944-чу шеран 23-чу февралехь, къинхетамза махках даьккхинчу шен къомана тIаьххье. Сталин веллачул тIаьхьа мелла а паргIат долу нохчийн къам. 1955-чу шарахь, Алма-Ата гIалахь арадала долало нохчийн маттахь газет, «Къинхьегаман байракх» цIе йолуш. Цу газетан агIонаш тIехь зорбатоха йолайо, хьалхачул а тойина, цIинйина «Маца девза доттагIалла» цIе йолу роман. Вайна массарна Iаламат хьоме ю и говзар. Вайнах Казахстанера цIабирзинчул тIаьхьа юха а зорбатуьйхира «Маца девза дотагIалла», цкъа хьалха оьрсийн маттахь, тIаккха – нохчийн маттахь. Ненан матте роман яьккхинарг вара журналист Исмаилов Халид. 1957–1959-чуй шерашкахь Нохч-ГIалгIайн Республикин Яздархойн союзан председателан даржехь болх бира Арсанов СаIидбейс. Пенсе воьду хан тIекхаьчча а, болх бечуьра соцуш вацара иза. Массо маьIIе а кхача лууш, дерриге а шен куьйга дина чекхдаккха лууш, цхьа тамашийна синтем боцу амал яра Арсанов СаIидбейн. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешерийн кхузткъалгIачу шерашкахь, жимачохь ша болх бинчу Колыме воьду Арсанов, бевза-безачарех бIаьрг тоха, цаьрца цхьаьна охьахууш, уьйр-марзо эца. Цигара цIавирзича оьрсийн маттахь, 1965-чу шарахь зорбатуху цуьнан «Серебристая улыбка» цIе йолу книга. Колыман буьрсачу хазаллех, цигахь дехачу адамех, церан хьаналчу къинхьегамах яра и книга. Вайн махкахоша хазахетарца тIе а ийцира, Арсанов СаIидбейн ерриге а кхолларалла санна. Йорт эцна доьлху шераш тергал ца деш, кхин цхьана книги тIехь болх беш вара и воккха яздархо. Бакъду и тIаьххьара книга зорбатоьхна ган, ирс доьгIна ца хиллера Арсанов СаIидбейна. 1968-чу шеран июль беттан шийтталгIачу дийнахь детталучуьра сецира воккхачу яздархочун экаме дог. Хедира яздархочун атта ца хилла дахаран некъ. Iаламат боккха иэшам бара иза нохчийн литературина а, культурина а. Бакъду, Арсанов СаIидбейн хIора дош, цо язйина хIора хьаьрк мах боцу беркат дуй хуучу доттагIаша, СаIидбей дуьнен чохь вацара аьлла тесна ца юьтуш, 1969-чу шарахь зорбатуьйхира цуьнан «О близком и далеком» цIе йолу книга. Оьрсийн маттахь язъеш вара Арсанов СаIидбей. Амма оцу сийлахь воккхачу яздархочо язбина хIора могIа нохчийн хотIехь, нохчийн хIуо детталуш, нохчийн къомах зевне илли хилла лепаш бара. Цундела ю вайна хьоме Арсанов СаIидбейн кхолларала. 2-чу октябрехь 125 шо кхечи СаIидбей дуьнен чу ваьлла. Мел халахеташ делахь а, масех чкъор хьалакхиъна Арсанов СаIидбей вуьйцу ца хезаш а, цуьнан кхолларалла ца евзаш а. Дика хир дара аьлла хета и юьххьехь хьахийна Дагалецамийн У карладаьккхича. Шовзткъе итт шарахь сов халкъан а, мехкан а дуьхьа хьанал къахьегна Далла дуьхьал ваханчу Арсанов СаIидбейна синна совгIат хир дара. Вайна, декхар кхочушдарна, юьхькIам хир бара. Кхин хIумма а ца хилча а, нохчийн маттахь дуьххьара газет схьадиллинарг ву Арсанов СаIидбей. 1929-чу шарахь дуьххьара нохчийн яздархойн союз вовшахтоьхнарг а ву иза. Юха денлучу Нохч-ГIалгIайчохь 1957-чу шарахь яздархой схьагулбинарг ву иза. Дийцина ца валлал дукха ду Арсанов СаIидбейс дина диканаш. Дала декъалвойла иза!
Газиева Аза
