Шелан кIоштан коьртачу больницин хирургин отделенин заведующи ву Берикханов ГIеза-Мохьмад. 1980-чу шарахь Тюменера медицинин институт чекхъяьккхина, цул тIаьхьа шина шарахь Буру-ГIаларчу ординатурехь дешна цо.

1997-чу шарахь дуьйна Шеларчу кIоштан больницин хирургин отделенин заведующи ву. Шелан кIоштана юкъайогIуш 10 юрт ю. Цунах а хуур ду Берикхановс куьйгалла дечу отделенехь болх муьлхачу рожехь бан безаш хуьлу.
ХIокху отделенехь болх беш 44 медбелхахо ву, царах – 8 лор, 15 медйиша, кхиберш – техникин белхахой. Уьш берриге а шайн белхан декхаршца дика ларош бу.
Кхузахь цомгашчарна лерина берриге а 35 маьнга бу, царах – 12 маьнга гнойни отделенин бу. Карарчу хенахь и отделени ремонтана дIакъевлина ю.
Хирургин отделене дарбалело охьабохкуш берш сихха тIекхачо безаш нах бу. Уьш хуьлу Шелан, Веданан, кхийолчу а кIошташкара. Кхузахь дарба леладойтуш берш тайп-тайпана лазархой бу: калькулезни холецистит, зорханан даI, панкреатит, ущемленная грыжа. ХIинца лапароскоп (лазер) ю отделенехь шуьйра пайдаоьцуш.
Стим-ахкарг чуьра тIулгаш дIадохуш операцеш ян аьтто бу. Кхушара лапароскопически 5 операци йина. Яккхий операцеш ю охьабехкинчарна еш. Шайна хьалхалаьттачу декхаршца юьхькIам боллуш ларабо лоьраш. Цомгашчу нахе дика хьовсуш, церан терго еш бу. Шайн говзалла дика евзаш хиларо кхачабо уьш кхиамашка. Ур-атталла церан кIедачу куьйгех, довхачу дешнех хьаам хуьлу лазархошна.
Иштта, молханаш, чов йоьхку гIирсаш, грыжа-пересечени операцин сетка, медицинин кхиболу гIирсаш болуш бу больницехь. Къепе а, цIано а даима латтош ю техникин белхахоша.
Операцина оьшуш болу гIирсаш болуш бу. Цомгашчу нахана дарба дар, схьавеанчунна анализаш, УЗИ маьхза ю.
Цул сов, цIеххьана оьшуш хиллачунна орцахвала виъ лор ву отделенехь. Уьш дукхахенахь дуьйна белхаш бина, шайн белхан дика говзанчаш бу. Буьйсанна мичча хенахь лазийна нах балийча я лазар деана сиха гIо оьшуш стаг валийча схьакхайкха безаш хуьлу и лоьраш. Хууш ма-хиллара вайн заманахь некъан бохамехь лазор дуккха а, кест-кеста а нислуш ду.
– ХIара корпус йина дукха хан ю, кху чохь йовха а, цIена а ю. Тхуна уггаре а хьалха оьшуш ерг шиъ керла корпус (хирургин, терапин) ю. ТIаккха кхузара хьелаш кхин а толур дара – дуьйцу отделенин заведующис.
Амма, ГIеза-Мохьмад а, цуьнан накъостий а тешна бу Могашалла Iалашъяран министерствон хьаькамаша оцу тIехь шайна гIо дийриг хиларх.
Зеделларг долу белхахой билгалбехира коьртачу лоьро, уьш бу: ординатор Баудинов Аюб, операционни медйижарий: Умарова Тамара, Акмурзаева Iайнаъ, Магомадова Луиза, Дудаева Зарема.
Процедурни медйиша Джабраилова Хьава, постовой медйиша Усманова Зарган, кхиберш. Иштта кIеда -мерза хиларца а, гIуллакхца къаьсташ ю отделенин столови чуьра кхача кечбеш йолу Берсанукаева Замира.
Ф.АЛИЕВА
№88, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2017 шо