Тхан рузма

Лахьанан беттан 10-гIа де, 1954 шо. Казахстанехь вина Халидов Айса (Муса), филологин Iилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент.

1960-чу шарахь Даймахка цIабирзина кхеран доьзал, хIетахь дуьйна Грозненски кIоштан Соьлжехь бехаш-Iаш бу.

1977-чу шарахь тIехдика дешарца чекхъяьккхина Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университетан филологин факультетан къоман отделени. Цул тIаьхьа доьшу Петрозаводскерчу пачхьалкхан университетан оьрсийн меттан кафедрехь йолчу аспирантурехь.

1981-чу шарахь чIагIйина филологин Iилманийн кандидатан диссертаци, ткъа 1999-чу шарахь кхиамца чIагIйо филологин Iилманийн докторан диссертаци.

1980-чу шарахь дуьйна болх беш ву Нохчийн пачхьалкхан университетан оьрсийн меттан кафедрехь – ассистент, лакхара хьехархо, доцент, профессор.

1993-чу шарахь дуьйна кафедрин куьйгалхо ву. Iилманан 120 сов белхан автор, царна юкъахь ю масех монографи а («Нахские языки в типологическом освещении», «Типологический синтаксис чеченского простого предложения», «Очерки по типологии залога»…).

А.Халидовн куьйгаллица кечйина Iилманийн докторан цхьаъ а, Iилманийн кандидатан шиъ а диссертаци. Нохчийн Республикин Iилманийн академехь кечъеш йолчу «Нохчийн меттан грамматикин» авторийн коллективан куьйгалхо.

Iилманан белхан лаккхара мах хадош, совгIат дина «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца.

Лахьанан беттан 15-гIа де, 1940 шо. Гуьмсан кIоштан Энгель-Юьртахь вина Рашидов ШахIид, Нохчийн Республикин халкъан яздархо. Дешна Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь. Белхаш бина нохчийн меттан, литературин хьехархо, школин директор, кIоштан дешаран декъан куьйгалхо, ткъа иштта Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министран гIоьнча, НР-н Iилманийн академин Iилманан белхахо волуш.

1968-чу шарахь дуьйна цхьаъ вукхунна тIаьххье араюьйлу поэтан стихийн, поэмийн гуларш: «Iуьйренан тхи», «Дайн латта», «Ломара цIе», «Дахаран аре», «Ненан бIаьрхиш», «Кхоллам», «Дикалла», «Сацахьа, латта», «Къайле», иштта кхин а.

Меттан чолхалла йоцуш, мукъамна аьхна йолчу цуьнан байташна тIехь дуккха иллеш, эшарш яьхна нохчийн композиторша. 300 сов илли ду цуьнан дешнашна даьккхина, нохчийн гоьбевллачу иллиалархоша дIаолуш.

Ш.Рашидовс хьакъ йолуш лелайо «Нохчийн Республикин халкъан яздархо» сийлаллин цIе, Нохчийн Республикин Интеллектуальни центран «Дато бухIа» совгIатан лауреат а ву иза.

Лахьанан беттан 16-гIа де, 1922 шо. ТIехьа-Марта кIоштан ВаларгтIе юьртахь вина Эдилов Хасмохьмад, нохчийн поэт.

Дешна Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн училищехь, тIаьхьо заочни кепара доьшуш чекхйоккху Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан хьехархойн институт.

Белхаш бина Нохч-ГIалгIайн АССР-н дешаран министерствехь инспектор (нохчий кхалхоле хьалха), Алма-Атахь арадолуш хиллачу «Къинхьегаман байракх» газетан корреспондент, «Ленинан некъ» (хIинца «Даймохк») газетан культурин отделан заведующи волуш, иштта кхечанхьа а.

Поэтан дуьххьарлера стихаш зорбане йовлу дIадаханчу бIешеран 40-чу шерийн юьххьехь муьран зорбанехь а, юкъарчу гуларшкахь а. Йоккхачу жигараллица дIаболабелла кхоллараллин болх юкъахбоккху халкъ махках даккхаро.

Цундела дара поэтан стихийн хьалхара гулар 1958-чу шарахь, Даймахка цIадирзинчул тIаьхьа бен арацаялар.

Поэзин, прозин иттех сов книга арахеца кхиира яздархо шен кхоллараллин дахарехь ( «Машаран урам», «Кханенга воьду», «Ненан безам», «Турпалхо», «Акхаройн лорах», «Кхел»…) Х.Эдилов вевзара дика гочдархо санна а, къаьсттина эвсаралле къахьегна цо М.Лермонтовн говзарш нохчийн матте гочъеш.

Поэтан кхалхар хилла 1991-чу шарахь.

№88, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: