Дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIалин Пачхьалкхан мехкадаьттан техникин университетан Спортан цIийнехь Россин Халкъийн цхьааллин денна лерина мини-футболехула турнир дIаяьхьира. Къуьйсуш ерг «Нохчийн Республикин къаьмнийн Кубок» яра.

Турнир вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствос. Цигахь дакъалецира тайп-тайпанчу къаьмнийн командаша: ногIийн а, гIумкийн а, гIалагIазкхийн а, жIайхойн а, оьрсийн а, иштта лакхахь хьахийначу министерствон вовшахтоьхначу командо а.
Тайп-тайпанчу къаьмнийн векалшна юкъахь цу тайпа турнир дIаяхьар маьIне хилар билгалдаьккхира шен къамелехь Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министра Умаров Джамбулата.
– Нохчийчохь дехаш дуккха а къаьмнаш ду. Ала деза, вай вовшашца бертахь дехаш хилар. ХIокху массийтта шарахь цкъа а вайна юкъахь дов а, вовшех цакхетар а хилла дац. Цо гойту, вайна юкъахь цIена гергарло лелаш хилар. Вай вовшийн хама бан а беза. Нохчийн кхечу къаьмнийн векалшца долу гергарло кхидIа а лело деза. Нохчийн Республикин хьалхарчу Президента, Россин Турпалхочо Кадыров Ахьмад-Хьаьжас вайн республикехь чIогIа чолхе еанчу хенахь къаьмнашна юкъахь гергарло хилийтархьама къахьоьгура. Ткъа цо арабаьккхина хилла некъ тахана дIакхоьхьуш ву Нохчийн Республикин Куьйгалхо Кадыров Рамзан, – элира цо.
Мини-футболехула йолу турнир чекхъяьллачул тIаьхьа, жамIаш дира. Хьалхара меттиг яьккхира Гуьмсан кIоштарчу гIумкийн командо, шолгIачу меттигехь яра – Шелковски кIоштарчу ногIийн командо, кхоалгIа меттиг – Невран кIоштарчу гIалагIазкхийн командина кхечира.
Толамхошна кубкаш а, ахчанан совгIаташ а даларца ерзийра билгалъяьккхина турнир. Ткъа массарна а деза совгIат дара къаьмнийн доттагIаллин уьйраш чIагIъялар.
З.ХАСИЕВА
Суьрта тIехь: мини-футболехула йолчу турнирехь
№88, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2017 шо