Касумов Исраил – Семеновн цIарахчу турниран толамхо

Эсаран (октябрь) беттан тIаьхьарчу деношкахь Нефтеюганск гIалахь дIаяьхьира Россин охьатохархлатаран спортан федерацин вице-президентан Семенов Владимиран цIарах йолу охьатохархлатархойн дуьненаюкъара турнир. Цигахь дакъалоцуш вара 12 пачхьалкхера 98 спортсмен.

Йозаллин барам (70 кг.) йолчу категорехь оцу турнирехь дашо мидал яьккхира нохчийн охьатохархлатархочо Касумов Исраила. Финалехь цо эшийра Россин 2016-чу шеран чемпионатан толамхо Сидаков Заурбек.

Кхул хьалха а тайп-тайпанчу дуьненаюкъарчу турнирийн толамхо хилла а, Европин а, Россин а чемпионаташкахь совгIатан меттигаш яьхна а ву И.Касумов.

№88, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: