Бусалба хила Iамадо

Юкъараллехь хуьлучу муьлххачу а хийцамашна бехке адамаш доллушехь, заманна тIе бехк буьллу-кх вай. Иштта атта ду вайна, замано дуьхьало ца йо, амма цо дерриге а шен рогIехь, шен-шен метте дIанисдо.

Иза иштта хиларх кхин цкъа а тийшира со Соьлжа-ГIалин №8 йолчу юкъардешаран школин 4-чу «Г» классан «Исламан культурин баххаш» уроке нисъелча. Цкъа садоккхучу юкъанна чекхъяьлла хеталучу урокехь, 26 дешархочуьнга нийсса, хIун оьшу бусалба хила, бохучу хаттарна жоп карийра оцу уроке баьхкинчу баккхийчарна а.

Дуьнен чохь даьхначу адамашна юккъехь уггаре а сийдолчех волчу Делан Элчанан Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахарх лаьцна дуьйцучу дарсана боккха кечам бинера Нурматова Лида хьехархо йолчу дешархоша.

Исламан динан билгалонашца кечдинера классан у. Цунна тIе дIатоьхнера АллахIан еза цIераш а, Сийлахь ХьаьжицIа а тIехь долу кузаш. Кхузахь дара Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахаран муьрийн а, ламазан хенийн а рузманаш, къилба а, суьлхьанаш а, ламаз эцаран гIирс – цIеста тас а, гIуммагI а. Цул сов, кху дарсана кечам беш шаьш дахначу, «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь даьхна суьрташ а.

Мас хьулъечу чухтанашца, кIайн йовлакхаш техкина, ховха беснеш йогу зудабераш а, ерриге а нуьйда дIайоьллинчу кучамашца, песашца кIентий а, маликех тера бара. Царах хIоранга а, даккхийдеран безамца хьоьжура, тIехьарчу гIанташ тIехь Iен наной а, денаной а, ненананой а. Хьехархочо салам даларца дIайолаелира урок.

Дин дихкина 70 шарахь лаьттинчу Советийн Iедалх йисинчу школи чохь, бусалба дин а, цуьнан коьрта верас а хесторе вай кхачорца, дерриге а хила ма-деззара дIанисдина-кх замано. Дала цу тIера гал ма дохийла вай. «ВаIалейкум салам», – салам схьаэцарца дийкира берийн аьзнаш. Уьш дIатерца, молла кхайкхира.

Момсаран лакхаллара дацахь а, къоначу даггара, бовхачу безаман алуца декара Чимаев Мохьмад-Эмин аз. Массеран а деган кIоргене, синан Iаршашка кхочура сирлачу шовданан цинцашца Iена кIентан дегало аз.

Молалла кхайкхар чекхдаьлча, цхьана ханна соцунгIа хилла, хIаваъ лацаделла хийтира. Цул тIаьхьа массара а цхьабосса «Бисмилла» дийшира.

Шеко яцара, берашна тахана дуьххьара девзаш дацара хьехархочо дуьйцург, амма цхьа эзар пхи бIе шо гергга хьалха ваьхначу тIаьххьарчу пайхамаран заманах алссам керланиг а хезира царна – оцу заманан адамаша, чохь садоцучу, шаьш дечигех, тIулгех я поппарах динчу цIушна корта беттар, уьш церан вуонах кхерар, дикане сатийсар тIедита хала дара берашна.

Дарсан тема кIорггера йовзарца, шаьш дуьйцучух даккхийдерца, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) Iер-дахарх, цуьнан доьзалех, герчарчу нахах, оцу заманан хиламех, лаьцна дийцира Ибрагимов Муслима, Катаева Хьалимата, Алиева Хедас, Абдулгаджиев Iабдулрахьима, Бурзаханова Нурьяна, Хасуева Раминас, Данчаев Рамзана, Нурматова Марема, Дашукаева Танзилас, Магомадова Хьавас, Ибрагимов Султана, Шовхалова Амината и.дI.кх.

Делан Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) адамаллин башха амалш хIоранна а масал хиларх, цуьнан адамашка хиллачу ларамах, цо адамаш къаьмнашка, сибатийн беснашка доькъуш цахиларх лаьцна а дийцира бераша.

ХIора дешархочунна доладан бIаьрг кхиош, дог ира-карахIоттадан меттахь дош олуш, аьрхачу тIулгIенашка, хинкема харцачу новкъа ца хьовзадойтуш урхаллин тIам шен карахь сецочу капитанах тера яра Лида Абуезетовна. Корматаллин говзаллица, ладам боллуш пайдаэцнера цо дарсана тайп-тайпана кепаш юкъаялорах.

Кхачаме бара бераша тобанашкахь кхочушбина болх а. Вовшийн хаарш талларна лерина бара «Исламан культурин баххаш» Iаматан чулацама тIехь кхочушдина тIедахкарш а.

ХIорамма а шена исламехь коьрта хета дешнаш билгалдахарна леринчу белхан жамIаша гайтира, бакъо харцонах къасто а, куралла, сонталла оьздангаллех къасто а кхетам тоьаш дешархой хилар.

Адаман амал гойтучу гIиллакхех диканиг вуочух къасторна тIехь а еха ойланаш ца еш жоьпаш лора цара. Берриге а бусалбанаш цхьа йиш-ваша хилар а, цхьа а адам вукхул тоьлла Дела везарна тIехь бен цахилар а Элчано (Делера салам-маршалл хуьлда цунна) билгалдина хилар а хиира царна.

ЛадоьгIучу баккхийчеран бIаьргаш тIундеш, дог дашош дIаэлира бераша «Рамадан» назма а.

Дарс дерзочу дашехь дакъалаца таро хилира берриге а дешархойн – цара жоьпаш делира стенна Iамадо исламан дино, дийцира, муьлха бехкамаш ларбан беза, тIедахкарш кхочушдан деза бусалба наха.

Шеко йоцуш, дарсан садоллу меттиг яра, Мухьаммад Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) тIаьххьарчу хьаждарехь дийцинчу Iодикаяран къамелан чулацам дешархоша бовзийтар. Делан дуьхьа дина диканиг дерзоран доIа а дийкира дарсехь. Дешархочо Хажмурадов Адама АллахI Деле йийхира Нохчийчоь а, цуьнан адамаш а, цуьнан паччахь а, иштта, шайн дай-наной, йиш-ваша, хьехархой.

Хууш ма-хиллара, кху тIаьхьарчу шерашкахь школехь Iамо магош, исламан динах лаьцна тайп-тайпана Iаматаш юкъаевлла. Царах «Исламан культурин баххаш» Iамат юьззина а, динах, дуьненах, юкъараллин дIахIоттамах, дерриге а дахарх кхетам луш ю. Цу тIехь ду дешархошна бакъ бусалба нехан юкъаралла стенна тIехь кхоллаелла довзийтар. ГIиллакх-оьздангаллина, вовшашка болчу безамна, ларамна адамаллина тIехь кхоллаелла иза.

Берашна дахарехь оьшур долу диканаш ду уьш. Цул сов, довзуьйту исламехь дихкина дерг а – девнаш, дегабаамаш, дегазаллаш, зуламаш, иштта, кхидолу вуонаш а, дешархой бераллехь дуьйна лардала дезаш дерг а.

Дика ду и дерриге а берашка дIакхачо корматалла йолуш Нурматова Лида санна, хьехархой вайн болуш а. Дала тIаьхье беркате йойла.

Т.САРАЛИЕВА

№88, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 10-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: