Лахьанан (ноябрь) беттан 10-чу дийнахь Соьлжа-ГIаларчу пачхьалкхан театран-концертийн залехь дIадаьхьира Россин Чоьхьарчу органийн белхахойн денна лерина даздарш.

Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, республикин Прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис, Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутата Делимханов Адама, кхечара.
Даздарш схьадоьллуш, вистхиллачу Нохчийн Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана билгалдаьккхира, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин дIадолор бахьана долуш, республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерство кхоьллина хилар.
«ХIокху дезачу дийнахь вай советийн-россихойн милици кхоллаяларан истори йийцина ца Iаш, нохчийн милици кхоллаялар а дуьйцу. Кху чохь мел волчунна хууш ду республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерство Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад Хьаьжин дIадолорца кхоьллина хилар. Иштта, тахана вай дагалоцу Ахьмад-Хьаьжа а, цо арабаьккхинчу некъа тIехь, дуьненаюкъарчу терроризмаца а, экстремизмаца а къийсам латторехь, кхелхина болу бакъонаш ларъярхой а», – элира цо.
Кадыров Рамзанна хетарехь, Нохчийн Республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон белхахоша дуьненаюкъарчу терроризмаца а, экстремизмаца а латтийна болу къийсам тIекхуьуш долчу чкъурашна масал а хилла лаьттар ду дуккха а шерашкахь.
«Кху чохь вай гулдаларан цхьа бахьана ду – вайн махкахь къепе а, паргIато а хилийтаран Iалашонца, шайн синош а, догIмаш а ца кхоош, бакъдуьнена дIабахана болу вайн вежарий а, йижарий а дагалацар. ТIекхуьуш долчу чкъурашна масал а хилла диса дезар ду цара гайтина долу хьуьнар а, майралла а, доьналла а. Зуламах а, мостагIах а шаьш мел кхеррехь а, цара шайгара кхерам гучу а ца баьккхина, оцу зуламца а, оцу мостагIашца а къийсам латторехь декъал а хилла уьш. Шайна хьалхаваьлла Нохчийн Республикин хьалхара Президент, Россин Турпалхо Кадыров Ахьмад-Хьаьжа а волуш, цара хIокху дуьненахь шайна уггаре а хьоме дерш дIаделла Даймехкан дуьхьа – шайн синош», – элира Кадыров Рамзана.
Иштта, Кадыров Рамзана дийцира республикин хьалхарчу Президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас меттигерчу Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон хьокъехь йинчу ойланех а, сатийсамех а лаьцна.
«Цо гуттар а олуш дара, нохчех лаьтташ йолу чоьхьарчу гIуллакхийн органаш кхоллалц, хIокху махкахь къепе а, паргIато а дIахIуттур яц, олий. Бакъ хиллера иза. Цунна хууш хиллера кхузахь яьржинчу терроризмаца а, экстремизмаца а доггах болу къийсам меттигерчу бахархойх лаьттачу органаша бен латториг цахилар», – билгалдаьккхира цо.
Цул тIаьхьа Кадыров Рамзана, нохчийн халкъан цIарах, баркалла элира Нохчийн Республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министрана Алханов Русланна а, оцу министерствон берриге а белхахошна а.
Даздарийн чаккхенехь республикин Куьйгалхочо Россин Федерацин Президентан Путин Владимиран цIарах пачхьалкхан совгIаташ (Майраллин орденш) дира шайн белхан декхарш кхочушдеш кхелхинчу пхеа стеган гергарчарна.
«Нохчийн Республикин Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон медико-санитарни дакъа» учрежденин хьаькамна Альдебиров Рамзанна «Россин Федерацин могашалла Iалашъяран хьакъволу белхахо» цIе елира, ткъа ДПС-н лерринчу батальонан инспекторна Яндырбаев Эминна Кадыровн цIарахчу орденца совгIат дира.
Иштта, «Нохчийн Республикин дуьхьа къахьегарна» мидалш елира Чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон кхаа белхахочунна, ткъа «Нохчийн Республикин гIаролхо» мидал – иссанна.
Шина белхахочунна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Баркаллин кехат а, Сийлаллин грамота а елира.
Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу ППСП-н полкан командирана Ирасханов Асланна полковникан чин делира.
Даздарш дерзийра концертан программица.
И.ВАХАБОВ
№89, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2017 шо