Дийцаре дира къаьмнийн юкъаметтигаш чIагIъяран гIуллакхаш

ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь дIаяьхьира Нохчийн Республикин Куьйгалхо волчохь йолчу Къаьмнийн юкъаметтигашкахула йолчу юкъараллин-консультативни советан кхеташо. Иза дIахьош вара Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министр, Советан председателан заместитель Умаров Джамбулат.

Кхеташонехь дакъалоцуш бара Юкъараллин-консультативни советан декъашхой: Нохчийн Республикин Парламентан депутат Нагаев Iаднан, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитель Элембаев Iалихан, оццу министерствон къоман политикин департаментан директор Мунаев Сурхо, къоман политикин департаментан граждански юкъараллица юкъаметтигаш латторан отделан хьаькам Митрошкин Вадим, ткъа иштта Нохчийн Республикехула йолчу чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон, прокуратурин, культурин туьшийн а, шуьйрачу хаамийн гIирсийн а векалш, кхиберш.

Кхеташонан дакъалацархоша дийцаре дира «Россин Кавказ» форуман а, «Нохчийн Республикин этнодуьне» цIе йолчу республикин проектан а жамIаш.

– Вай гулдаларан коьрта бахьана Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана къоман политикехь лелош долчу маьIнин мах хадор ду. Къам а, дин а ца къестош, дерриге адамашца цхьатерра юкъаметтигаш лелош волу, Россин бакъволу патриот муха хила веза шен масалца гойту Кадыров Рамзана, – билгалдаьккхира шен къамелехь Умаров Джамбулата.

Министра дийцарехь, коьрта Iалашо дукхакъаьмнийн а, дукхадинийн а пачхьалкх йолчу Россин бахархой кхетош-кхиор ю.

Цо иштта хаийтира, дукха хан йоццуш, зеделлачух а, хаамех а пайда а оьцуш, цхьаьна юкъаметтигаш лело республикин прокурораца барт бина хилар.

Белхан дикалла лакхаяккхарехь дан оьшучех шайна хетарг довзийтира кхеташонан дакъалацархоша.

«Нохчийн Республикин этнодуьне» цIе йолу республикин проект кхочушъярх дерг довзийтира Элембаев Iалихана. Цо дийцарехь, оцу проектан гурашкахь 40 сов гIуллакх дIадаьхьна республикехь дехачу къаьмнийн Iер-дахарх а, культурех а лаьцна телеканалаша 30 сов программа а, передача а гайтина, зорбанехь 100 сов материал а хилла.

Иштта, кхеташонан гурашкахь, Баркаллин кехаташца совгIаташ дира «Нохчийн Республикин этнодуьне» проект кхочушъярехь билгалбевллачу республикин шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшна а, министерствон белхахошна а.

I.МУРТАЗОВ

№89, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: