Белхаш дикачу вовшахтохараллица дIахьо

Теркан кIоштан аренашкахь сихбинна дIахьо гуьйренан белхаш. Хенан хIоттаман хьелаша новкъарло яхь а, кхузахь кхоамца пайдаоьцу хIора а бегIийлачу дийнах а, сохьтах а.

Билгалдаккха догIу, хIокху шарахь мелла а совъевлла ялташ дIадерна лерина майданаш. Деккъа гурахь дIадийначу кIено дIалаьцна 4 500 гектар гергга латта.

Ткъа 1 380 гектара тIехь раж а, 460 гектара тIехь мукх а дIабийна баьлла. Ша аьлча, гуьйренан культураша дIалоцу 7 000 гектар гергга латта.

КIоштан юьртабахаман урхаллин говзанчаша билгал ма-даккхара, дIадийнарг лаккхара дикалла йолу тоьлла хIу ду. ХIу дIадерца цхьаьна аренашкахь къахьоьгуш бу оханхой а. ТIедогIучу шеран бIаьстенна алссам латта кечдан Iалашо ю кIоштан латталелорхойн.

Х.ЖАПАРОВ

№89, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: