ТIедогIучу 2018-чу шарахь Нохчийн Республикехь схьайоьллур ю «Россин Почтин» кхузаманахьлера масех отделени. Иштта хаам бина шуьйрачу хаамийн гIирсийн векалшка «Россин Почтин» генеральни директора Подгузов Николайс.
«2018-чу шарахь кхузахь кхузаманахьлера масех отделени схьаелла лерина ду тхо. Оцу отделенешкахь «Россин Почто» кхочуш мел дечу хьаштех пайдаэца таро хир ю меттигерчу бахархойн. Цул сов, «Почта Банкан» гIоьнца кхочушдечу финансийн гIуллакхийн могIа «тIебуза» а сацам хилла», – элира цо.
Подгузов Николайна хетарехь, 2018-чу шеран чаккхенехь «Россин Почто» оцу декъехь бечу белхан жамIаш гуш хир ду. Ткъа еарин дийнахь Нохчийн Республикин Куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца шен хиллачу цхьаьнакхетаран хьокъехь аьлча, цо билгалдаьккхира цигахь ша куьйгалла дечу предприятин болх керлачу тIегIане баккхарх лаьцна къамел хилла хилар.
«Соьлжа-ГIалахь йолу «Россин Почтин» филиал чIогIа дика болх беш ю аьлла хета суна. Цхьа а шеко яц нисдан догIуш хIуманаш а, цхьадолу кхачамбацарш а хиларан. Делахь а, цунах лаьцна а, республикин пачхьенехь «Россин Почто» кхидIа муха болх бийр бу а дийцаре дира еарин дийнахь тхайн хиллачу цхьаьнакхетарехь ас а, Кадыров Рамзана а. Цул сов, Соьлжа-ГIалахь «Россин Почтин» логистикин туш ярх а, лаьмнашкарчу ярташкахь керла отделенеш схьаеллар а тидамза ца дисира. Оцу цхьаьнакхетарехь дийцаре мел динарг тидаме а эцна, цу тIехь кхидIа къахьега сацам а хилла», – элира цо.
И.КАНТАЕВ
№89, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2017 шо