Юридически терминийн гуларш гочйийр ю ямалхойн (ненцаш, ханташ, селькупаш) меттанашка. Оцу Iалашонна Ямало-Ненцийн автономин округан 2018-чу шеран бюджетехь меттигерчу куьйгалло къастийна 1,2 млн. сом.
***
Федерацина юкъайогIучу республикийн пачхьалкхан меттанийн а, уьш школашкахь хьехаран а хьокъехь «ладогIарш» дIахьур ду гIуран (декабрь) баттахь Россин Федерацин Пачхьалкхан Думехь.
***
Башкортостанерчу халкъийн меттанаш Iалашдарна а, кхиорна а лерина, тIедогIучу шина шарна аьлла, бюджетехь къастийна 300 млн. сом. Иштта хаам бина оцу республикин Куьйгалхочо Хамитов Рустэма.
***
«Россин федеральни законодательство ду. Цунна тIе а тийвжаш, Федерацина юкъайогIучу республикаша шайн пачхьалкхан меттанийн а, уьш школашкахь хьехаран а хьокъехь долу законаш тIеэца деза. Цу тIе даьлча, иза тохара дуьйна хила дезаш дара. Путина федеральни законодательство ма талхаде бен аьлла дац», – иштта хаам бина Россин Президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс.
***
Россин къилбаседерчу кегийчу халкъийн меттанаш хьехарна а, Iаморна а лерина йолу кхузаманахьлера Iаматаш кечъярна тIехь къахьега буьйлабелла Красноярскера Iилманчаш-филологаш.
***
ГIезалойчуьрчу школашкахь кIиранах 2 сахьтехь гIезалойн мотт Iамор тIедожийна массарна а. Оцу республикин дешаран а, Iилманан а министра Фаттахова Энгеляс билгалдаккхарехь, иштта сацам хилла ГIезалойчоьнан куьйгаллин а, Россин дешаран а, Iилманан а министран Васильева Ольгин а.
***
Ленинградан областан гимн меттигерчу кегийчу халкъийн (вепийн а, ижорийн а – авт.) меттанашка а яккха еза аьлла, дIахьедар дина областан Законодательни гуламан депутата Петров Владимира.
***
Чувашерчу школашкахь дай-наношна бакъо лур ю шайн доьзалхошна «ненан» болу мотт харжа. ХIинццалц меттигерчу школашкахь «ненан» меттан могIарехь чувашийн мотт бен бацара, ткъа хIинца чувашийчуьнца цхьаьна оьрсийниг а харжа йиш ю.
***
Тувахь йовзийтина оьрсийн-тувинхойн дуьххьарлера онлайн-дошам. Цхьана шара чохь кечйинчу дошамехь 31 эзар сов дош ду. Дошам «вовшахтасарехь» дакъалецира студенташа, журналисташа, хьехархоша, бахархоша.
***
Дуьненахь а гIараяьлла йолу «Панда Кунг-фун комикс» ненцойн матте гочйийр ю. Оцу тIехь болх дIаболийна Санкт-Петербургехь йолчу ненцойн меттигерчу клубан декъашхоша.
№89, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2017 шо