Республикин «шолгIа пачхье» ларалучу Гуьмсехь, 2018-чу шеран хьалхарчу муьрехь, схьайоьллур ю аьчканекъан вокзалан керла гIишло.
Иштта хаам бина «Россин аьчкан некъийн» Къилбаседа Кавказан аьчкан некъан корпоративийн коммуникацийн службин хьаькама Андреева Еленас.
«Пассажирийн керла гIишло 2 гIат а долуш, 200 стагана лерина ю. Цул сов, лаьтта бухахь а ду цуьнан «гIат». Цу чухула, вокзалан гIишлочуьра ара а ца бовлуш, цIерпошт дIахIотторан платформи тIе бовлалур бу пассажираш. Иштта, билгалдаккха догIу оцу гIишлон кертахь автостанци а хирг хилар. Объект схьаелла лерина 2018-чу шеран хьалхарчу муьрехь», – аьлла цо.
Билгалдаккха догIу вокзалан платформа 600 метр еха хирг хилар.
«Вокзалан керла гIишло яран белхаш хIинца а дIахьош бу. Карарчу хенахь гуонахарчу «пенашна» тIе ангали латоран болх беш бу белхалой, иштта, шолгIачу гIат тIехь пенаш дIахьахар а дIадолийна. Инженерийн сеташ а ю чекхъяхаза йисина, вокзалана гуонахара майда а ю тоян езаш», – хаам бина Андреева Еленас.
Бан безаш дикка белхаш белахь а, вокзалан керла гIишло билгалйинчу хенахь йина ериг хиларан шеко яцара цуьнан.
И.ХАСАХАНОВ
№89, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2017 шо