ТIехьа-Мартан районерчу Буммат юьртахь жигара дIахьош ду гIишлошъяран белхаш. Дукха хан йоццуш цига кхаьчначу Нохчийчоьнан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана динчу тIедилларца. 1-чу октябрехь дуьйна вовшахтоьхна Буммат меттахIотторан Оперативни штаб. Штабана куьйгаллехь ву Нохчийн Республикин экономикин, мохк кхиоран, махлелоран министр Хучиев Муслим. Министра билгал ма-даккхара, бахархойн Iер-дахаран дерриге а кхуллур ду юьртахь. Керла гIишлош йина ца Iаш, некъаш дохкур ду, даьхни лелочарна ялта даларца а, шайн ницкъаца хIусамаш ян луучарна гIишлошъяран коьчалшца кхачорца а накъосталла дийр ду. Республикин Кху шеран 29-чу ноябрехь гIишлошъяран, юхаметтахIотторан берриге а белхаш чекхбаха безаш бу.
Дагадоуьйту, Нохчийчохь тIом болчу хенахь Буммат ерриге а йохийнера. Цул тIаьхьа масийтта шарахь яьсса лаьттина нохчийн юрт. 2007-чу шарахь, школа йиначул тIаьхьа, жим-жима цIаэха буьйлабелира юьртара бахархой. ТIехьа-Мартан районан администрацин хаамашца, республикехь тIом балале хьалха ялх эзар гергга стаг вара Бумматахь вехаш. Карарчу хенахь кхо бIе вахархо бен вац цигахь.
Таханлерчу дийнахь школина уллехь моггIара лаьттачу хIусамашкахь, аьлча а, котамийн баннийн кепехь йолчу кегийчу чоьнашкахь Iаш ткъа доьзал бу. Оццу чохь ю юьртан почта а. Ткъа администраци, цкъачунна, школин гIишло чохь дIатаръелла. Иттех шо ду юьртан бахархой вуно ледарчу хьелашкахь Iаш болу. Амма, Дала Сийлахьчу Къуръана чохь ма-аллара, муьлххачу а халонна тIаьхьа атто кхочу. Эххар а, кхочушхуьлуш бу Бумматан бахархойн сатийсамаш а. Карарчу хенахь дIаболийначу гIишлошъяран белхашна юкъадогIу лакхахь билгалбаьккхинчу ткъа доьзална цхьабосса хIусамаш яр а, 120 берана лерина берийн беш, юьртан администраци, почта, туька яр а, иштта, дохийна маьждиг меттахIоттор а.
Цул сов, юьртан урамаш, аренаш цIанъеш дIахьош белхи бу. Цу юкъахь жигара дакъалоцуш бу республикин тайп-тайпанчу министерствийн, ведомствийн белхахой а, луларчу районийн, яртийн, ткъа иштта меттигера бахархой а. Верриге а 3000 гергга стаг ву гIишлошъяран, меттахIотторан, цIано ялоран белхешкахь дакъалоцуш. Бумматан администрацин куьйгалхочун заместитела Жокалаев Басхана билгал ма-даккхара, меттигерчу бахархошна вуно доккха совгIат хилла юьртахь гIишлошъяр дIадолорах. Билгалдаккха деза, йохийна юрт меттахIоттор а, керла гIишлош яр а Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу фондан гIоьнца дIахьош хилар.
А.МУСАЕВА
Авторан сурт