Бахархошна дийцира наркотикех долучу зуламах лаьцна

БухIан-Юьртахь долчу Ш.Эдилсултановн цIарахчу Культурин цIийнехь меттигерчу бахархошца цхьаьнакхетар дIадаьхьира Нохчийн Республикин Юкъараллин палатин председатела Денильханов ИсмаьIала, Соьлжа-ГIалин мэран заместитела Бурсагов ИбрахIима, Соьлжа-ГIалин Заводской кIоштан къедас Ахмадов Iалихана.

Шен къамелехь Денильханов ИсмаьIала тидам тIебахийтира тIекхуьучу къоначу чкъуран могаш дахар хила лаахь, доьзалан а, юкъараллин а мехаллаш чIагIъян езарна.

«Нохчийн юкъараллехь гуттар а лаьттина ду тIекхуьуш долу чкъор баккхийчарах масал а оьцуьйтуш кхиор. Амма дас-нанас шен доьзалхо «хецна» а витинехь, цунах «пайда а эцна», иза психожигараллин «молханашка» марзвеллехь, цунна баккхийчарах цхьа а масал схьаэца хуур дац. Цундела оцу гIуллакхна къаьсттина терго ян декхарийлахь ду да-нана. Уьш кхета беза оцу «молханаша» стаг хIаллаквина ца Iаш, къоман сий а, оьздангалла а «хIаллакдеш» хиларх», – билгалдаьккхира цо.

Соьлжа-ГIалин мэран заместитель волчу Бурсагов ИбрахIима гулбеллачаьрга дехар дира вовшийн тидам а, терго а еш хилахьара аьлла.

«Жимачу стага наркотикаш я психотропни «молханаш» дийцахь, орцадаккха деза. Хьалхарчу муьрехь цунна а, и санна болчарна а гIо далур ду. Амма вай и гIуллакх тесна а дитина, вайн кегийрхой оцу зуламах «болахь», царна вайга атта гIо далур ду бохург бакъ дац! Цхьаболчарна кIордийна хила тарло хIокху тайпа цхьаьнакхетарш… Делахь а, хIорш бахьана долуш, вайга оцу зуламах цхьаъ а кIелхьарваккхалахь, хIорш пайдехь хилла лара мегар ду», – элира цо.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь Соьлжа-ГIалин мэрин культурин департаментан директора Амаева Мадинас баркалла элира хьешашна ша куьйгалла дечу департаменто вовшахтоьхначу цхьаьнакхетаре бахкарна.

«Культурин департаментан белхахоша жигара дакъалоцу бахархошца дIахьош болчу кхетош-кхиоран белхашкахь. Иштта, цунна юкъабогIу кегийрхой психожигараллин «молханех» ларбаран декъехь беш болу болх а», – элира цо.

Дагадоуьйту 2015-чу шеран мангалан (июль) беттан 8-чу дийнахь Соьлжа-ГIалин Заводской кIоштарчу Черноречье поселкан цIе «БухIан-Юрт» аьлла, хийцина хиларан хьокъехь долу тоьшалла делла Соьлжа-ГIалин Советан (хIинца – Соьлжа-ГIалин Дума) куьйгалхочо Динаев Iадлана.

И.АДАМОВ

№89, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: