Йозанашна дIаделла шераш

Нохчийн Республикин сийлаллин гражданинан, яздархочун, драматурган, Усманов Iаьрбин 75 шо кхачарна лерина Нохчийн Республикин интеллигенцин клубо вовшахтоьхна суьйре дIаяьхьира А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекин «Iаьнан залехь».

Юбиляр декъалван баьхкинера Нохчийн Республикин Яздархойн союзан председатель Ибрагимов Канта, оццу Союзан векал Ирисханов Iимран, республикин Культурин министерствехь йолчу Юкъараллин кхеташонан векал Садаев ХIарон, республикин хьакъволу журналист, яздархо Арсанукаев Муса, иштта дуккха а Iаьрби вевза-веза нах, цуьнан кхолларалла езарш, гергарнаш, студенташ.

Суьйре дIахьош вара Интеллигенцин клубан куьйгалхо, поэт Цуруев Шарип.

Хьешашка маршалла а хаьттина, Iаьрбин кхоллараллин некъ бовзуьйтуш, цо элира: «Кхечу маттера нохчийн матте гочдаро мотт кхин а кхиабо, хIунда аьлча кхечу маттахь яздинарг вайн маттахь карчам кхечу агIор болуш нисло. Гуттар а лехамашка вийла везаш хуьлу, доцца аьлча, мотт кхиош, хазбеш цу тIехь болх бо. Ткъа Iаьрби нохчийн мотт кхиош, кхечу маттахь аьлларг, нохчийн маттахь царачул хаза я нийса ала гIерташ, болх беш ву. Н.Гогольс язйина «Ревизор» пьеса Iаьрбис нохчийн матте яьккхинера, ткъа гIалгIаша нохчийн маттера – шайн матте. Халонех къехкаш воцчу цунна мел чолхе язйина пьеса гочъян а хала дац».

Цул тIаьхьа дош делира Iаьрбин белхаш зорбане бовлале уьш боьшуш, царна тIехь болх беш волчу Ирисханов Iимране.

Цо дийцира цуьнан говзарийн турпалхойх лаьцна: «Iаьрбис шен турпалхо цIена нохчалла йолуш кхоьллина ву. Хийла Iаьрби дуьхьалхIутту суна цуьнан произведенеш йоьшуш. Ша санна оьзда, гIиллакхе, шен къам дукхадезаш, бакъволу нохчи ву цуьнан турпалхо».

Iаьрбис язйина «Заманан йохалла» роман зорбане яккха кечьеш хилар хаийтира Iимрана.

Яздархочун дахаран а, кхоллараллин некъаха шайна хетарг олуш, къамелаш дира Арсанукаев Мусас, библиотекин директора Исраилова Сацитас, кхечара.

Хьехархойн колледжан студенташа Ахтаханова Мадинас, Бааева Раянас, Кайсарова Мадинас Iаьрбийн байтийн гуларна юкъара цхьацца байт йийшира.

Ткъа Нохчийн пачхьалкхан къоначу хьажархочун театран белхахоша Усманов Iаьрбис 1980-чу шерашкахь язйинчу «Хьехан къайленаш» туьйранан цхьа кийсак гайтира.

Суьйре ерзош, Усманов Iимранан (Дала декъалвойла иза) «Зама» илли дIаэлира Ясаев Мохьмада. Iаьрбис даггара баркалла элира шен суьйрене баьхкинчарна.

ДУТУЕВА Макка

Авторан суьрта тIехь: Усманов Iаьрбина леринчу суьйренехь

№89, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: