Эскарехь гIуллакх дан хьалххе кечло

Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствос Дешаран а, Iилманан а министерствоца а, республикин ТIеман комиссариатаца а цхьаьна кегийрхой тIеман-патриотизмехь кхиорна лерина «Призывник–2017» спартакиада дIаяьхьира.

Дешаран 22 учрежденера арме кхойкху, хан кхачаза волчу 2 бIе гергга кхиазхочо дакъалецира цигахь. Спартакиадо шайна хьалха хIоттийначу тIеман низам Iаморан зерех къийсадаларийн хьолехь сиха а, тIахъаьлла а чекхбовла гIерташ дакъалецира цара. Берашна хьалха хIиттийнера хIокху тайпана зераш:

– МогIаршка дIахIиттар;

– Калашниковн автомат вовшахтасар-вовшахъяккхар;

– Турник тIехь кхозавалар;

– Дуьхьалонаш йолчу некъах чекхвалар;

– 100 метр гена вадар;

– Отжиманеш яр.

– Арме кхойкху хан кхаьчна кегийрхой физически кийча хилийтархьама а, цаьргахь тIеман-патриотизм кхиорхьама а вовшахтоьхна хIара гIуллакх. Арме кхойкху хан кхачаза болчу кхиазхошна юкъахь Спартакиада дIаяхьаро таро хуьлуьйту шаьш стенга, хIунда дуьгуш ду хаа. Шо шаре мел долу алсамбовлуш бу Даймахкана хьалха шайн декхарш дIадала лууш берш, – дийцира Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула йолчу министерствон кегийрхойн патриотизм кхиоран отделан куьйгалхочо Цацаев Аптис.

Къийсадаларшкахь гуш дара кегийрхой спортаца гергарло долуш а, физически могаш а, ницкъ болуш а хилар.

Спартакиадехь хьалхара меттиг яьккхира Нохчийн технологин техникуман студенташа, шолгIачу меттехь бара – Гал-ГIалин юьртабахаман механизацин техникуман студенташ, кхоалгIачу меттехь – Гуманитарни техникин техникуман студенташ.

ВЕГИЕВА Макка

№89, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: