Владимерера – толамца

Дукха хан йоццуш Владимиран пачхьалкхан университетан Спортан цIийнехь дIаяьхьира спортан классан дуьненаюкъарчу мастерна Никифоров Эдуардан лерина «Владимиран гуьйре» цIе йолу греко-римски кепара охьатохархлатарехула турнир.

Цигахь дакъалоцуш вара 187 спортсмен: Владимиран, Нижегородскан, Москван, Тверан областашкара, иштта, кхечу регионашкара.

Вайн республикера цигахь дакъалоцуш вара 4 спортсмен. Къийсадаларш дIадаьхьира шина дийнахь. РДЮСШ-н векала Исаев Хьамида (77 кг.) кхоалгIа меттиг яьккхира.

Ала деза оцу турнирехь дакъалоцуш РДЮСШ-ра спортсменаш хилла хилар. Толамхой билгалбехира кубкашца, мидалшца, Сийлаллин грамоташца.

З.ШИШХАНОВА

№89, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: