ХIокху деношкахь С.В.Михалковн цIарахчу республикин берийн библиотекехь ешаран «Гуьйренан мозаика» карнавал дIаяьхьира.

«Шеран муьраш» проектан гурашкахь вовшахтоьхнера и гIуллакх. Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин халкъан яздархо Сейлмуханов Муса, къона поэтесса Тапалаева Аминат.
Шена тIехь берийн бIаьрг соцур болуш, хаза кечйина яра гуьйренан маьIиг. Гуьйренан хазалла юьйцу книгаш, суьрташ, гайтаман йозанаш – и дерриге а дара цигахь. Шатайпа хаза кечйина яра зал. Оцу чу ма-веллина, гуьйренан сурт дара дуьхьалхIуттуш дерг.
ДIаоьхкинчу гуьйренан суьрташа хазйинера и чоь. Карнавал схьайиллинарг а, иза дIаяьхьнарг а Гуьйренан Маьлх-Аьзни яра. Иза йолчу хьошалгIа баьхкинчу ешархоша литературин-музыкин «Дашо гуьйре» композици гайтира. Гуьйренах а, цуьнан хазаллех а, шатайпаналлех а лаьцна йолу байташ йийшира бераша.
Цул тIаьхьа гуьйренах лаьцна хIетал-металш делира цо берашка. Царна нийса жоьпаш деллачарна совгIаташ дира. Иштта, оцу карнавалехь дакъалоцуш заьIап бераш а дара – Смайнылова Иман а, Аухадова Лина а, Дайтаева Иман а.
Церан къаьсттина самукъаделира оцу суьйренехь. Еххачу хенахь церан иэсехь дуьсур долу совгIаташ делира царна.
Сейлмуханов Мусас а, Тапалаева Амината а гуьйренна лерина шаьш язйина байташ йийшира берашна. Берийн яздархо шайна гар а, цо йоьшучу байташка ладогIар а доккха ирс хетара берашна. Иза иштта хилар гуш а дара церан ирсечу, серлаевллачу яххьаш тIехь а, бIаьргаш чохь а.
Берийн Искусствийн №7 йолчу школин дешархоша «Дикий, Дукий» (автор П.Абубакарова) сценка гайтира. Цо кхин а хазйира ешаран «Гуьйренан мозаика» карнавал.
З.ЛОРСАНОВА
Суьрташ тIехь: ешаран «Гуьйренан мозаика» карнавалехь