Нохчийн Республикин культурин министерствон а, Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу Сийлаллин аллей хIолламан комплексан а гIоьнца «Maer Art» галерейн компанис Чебоксарехь дIабаьхьира Ерригроссин художникийн «Нохчийн заманаш – 2017» гайтам.
![]()
Нохчийн Республико дуьххьара дIахьош бара оцу тайпана боккха гайтам.
Цигахь дакъалоцуш бара Чувашин Республикин культурин а, къаьмнийн а, архивийн гIуллакхашкахула а волу министр Яковлев Константин, «Maer Art» галерейн куьйгалхо Сколотина Оксана а, Чувашин Республикехь волу Нохчийн Республикин векал Майрукаев Салман а, оцу республикехь бехаш болу нохчий а.
Россин исбаьхьаллин академин а, халкъийн культурин а, искусствон а академин аакадемикан Ржевский Валерийн а, Россин халкъан художникан Карих Александран а, Нохчийн Республикин хьакъволчу, художникан Закриев Мохьмадан а, иштта дуккха а кхечу бевзаш болчу художникийн а Нохчийчохь дехкина суьрташ дара гайтамехь.
Гайтам дIабахьарал сов, цигахь планэраш а, мастер-классаш а йира художникаша. Вовшашна зеделларг довзуьйтуш, доттагIаллин уьйраш тосуш, беркате гIуллакх дIадаьхьира цара. Суьрташкахь евзинчу Нохчийчу бахка лууш, шайн басарш кечдина Iаш дуккха а художникаш бара цигахь.
Тайп-тайпанчу жанрашкахь дехкинчу суьрташа шайга хьажа тIевеана хьажархо йоццачу ханна нохчийн лаьмнашка, аренашка, гIаланашка, хIусамашка вуьгура. Дукха хенахь дуьйна нохчийн Iаламан хазалло шена тIе боьхуш бу похIме художникаш.
Вайн мехкан хазалла, истори шайн суьрташкахь гайтинчеран сий деш вовшахтоьхна гайтам бара иза.
ГЕРЗЕЛИЕВА Макка
№89, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2017 шо