Диспансеризаци – маьIне гIуллакх

Вайн республикин ерриге а кIошташкахь санна, 2017-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна Шелан кIоштан коьртачу больницехь а дIахьош бу бахархошна диспансеризаци яран болх.

Оцу больницин коьртачу лоьран Гуржиханов Илесан тIедилларца и болх вовшахтохаран жоьпаллехь ву кIоштан коьртачу лоьран заместитель Абубакиров Илес. Цо довзийтира тхуна кIоштахь диспансеризаци яран хьал.

Ерриге а кIоштахула 2017-чу шарахь диспансеризацих чекхвала везарг 15 950 стаг ву. Царах, иза йина, чекхваьлла 9 570 стаг. Вуьшта аьлча, 61,9 процент.

Цу юкъабахнарш 1996-чу шарера, кхоккха шо юкъахь дуьтуш, 1998-чу шаре кхаччалц йолчу хенахь дуьненчу бевлларш бу.

Шелан кIоштахь ерриге а 10 юрт ю. Цхьана Шелахь 13 куп ю. Цу хIоранна а тIечIагIбина куьпан терапевт-лоьраш бу: Орцуева Эльза, Дукаева Зара, Шемилева Лиза, Дежиева Элима, Везирханова ТIаус, Чагаева Зарема, Мацаева Аминат, Джунаидова Мадина, Бибулатова Хадижат, Халиева Фатима, Амерхаджиева Элиса, Касумова Хеда, медйиша Алиева Фатима.

Еккъа цхьана Шелахь диспансеризацих чекхваккха везарг 5 367 стаг ву, хIинцале чекхваьлларг 3 556 ву.

Ярташкахь долчу хьолах аьлча, и терахьаш иштта ду: Жима-АтагIа: 1 090 – 447; Эвтара: 2 388 – 1 127; Сиржа-Эвла: 840 – 418; Дуби-Эвла: 809–623; Чуьйри-Эвла: 817–530; Мескер-Эвла: 1 954 – 944; Гермачиг: 1 668 – 748; БелгIата: 580 – 405; ЭгIашта: 221 – 102.

Иштта дика гайтамаш болуш дIахьош бу кIоштарчу ярташкахь диспансеризаци яран болх.

Оцу балхана юкъаозийна Шелан кIоштан коьртачу больницин каппийн берриге а лоьраш а, кхиболу белхахой а. КIоштан ерриге а 37 куьпахь болх беш лоьрийн мобильни бригадаш ю.

Лела ца луш, меттахь висинчунна хIора дийнахь тIебоьлхуш лоьраш бу: терапевт, невропатолог, окулист, иштта кхин а. ДIасаюьгуш лелош флюорографин кабинет а ю.

Инфекци йоцу цамгарш толлу диспансеризаци ечу хенахь. Шайн могашаллина кхерам болчу тобанна юкъахь верг 1 009 стаг ву. Царах дуьххьара лазар гучудаьлларг 549 ву. И цамгарш ю: сов варстар – 82; гипертони хилар – 438; холицистит сов хилар – 78; шекаран диабет – 86; хронически бронхит – 118; анеми – 125; панкреатит – 67; хронически гастрит – 15; туберкулез.

Хьалхарчу муьрехь хIора стага, шен хене хьаьжжина, диспансеризацих чекхволуш, ерриге а анализаш дIало, цу юкъахь ю флюорографи, ЭКГ.

Цул тIаьхьа терапевта, лабораторин хаамашка хьаьжжина, нагахь оьшуш хьал делахь, кхечу говзанчашна тIехьажаво. Нагахь церан кхидолу лазарш гучудовлахь, уьш талламан шолгIачу муьрана юкъабохуьйту, кхин а говза лоьраш хьовсийта.

– Вирусни (грипп, корь) инфекцина дуьхьал прививкаш йина. Плане хIоттийнарг 10 эзар стаг вара. Царна и  10 эзар доза дIакхачийна. Тхайна тIевеанчунна хьакъ доллучу кепара терго йо оха. ХIоранна а, цIа а хьуш, дIаекъна визиткаш. Администрацийн куьйгалхой а, маьждигийн имамаш а бу диспансеризацин гIуллакхехь жигара дакъалоцуш. ТIевеанчо, «дика гIуллакх ду аш деш дерг, Дела реза хуьлда шуна» аьлча, хаза а хета, тхаьш беш болу болх эрна ца хеташ, балхана дикка ойла тIе а йоьду, – дуьйцу Абубакиров Илеса.

Хаамийн гIирсашкахула (телевиденехула, радиохула) дIакхайкхош а, бахархоша шаьш тидаме оьцуш а делхьара, цу гIуллакха тIехь мелла а гIо хир дара больницин белхахошна.

Белхан дийнахь адамийн тоба йоккха хуьлу больницехь; цомгаш верг, диспансеризацих чекхвала везаш верг, профосмотре веънарг, шена цхьа кехат (выписка) дезаш веънарг.

ХIоранна а къаьсттина тидам бар ца нисло. Цундела, бахархойн аьттонна, больницин коьртачу лоьро Гуржиханов Илеса тIедилларца мукъа де (шоьтан де) диспансеризацих чекхбовлу нах тIеэцарна лерина ду. Ерриге процедураш а, лоьраш хьажар а маьхза ду кху кIоштахь.

Шелан кIоштан коьртачу больницин поликлиникин учохь чохь видеороликаш ю диспансеризаци дIаяхьаран хьокъехь гойтуш.

Ф.АЛИЕВА

№89, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: