ГIалгIайчохь – беза хьеший
МАГАС. Регионан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека кхайкхарца кхуза еана Iаьрбийн 14 пачхьалкхан Россин Федерацехь болчу векалех лаьтташ йолу йоккха делегаци. Хьешашца хиллачу цхьаьнакхетарехь регионан куьйгалло царна довзийтира инвестицийн декъехь кхузахь долу хьал: географин бегIийла хьал, инженерни-транспортан инфраструктура, инвестицийн политика, нормативни-бакъонийн бух, налогаш тIехь еш йолу гIоленаш, экономика кхиаран боларш. Карарчу ханна республикехь тIеэцна тоьлла хьелаш кхолларна тIехьажийна долу законодательни 20 сов акт.
Къамел ду бахамна тухуш йолчу налогах паргIат витарх, латта аренде эцарна луш йолу пошлина 95 процентана лахъярх, хиллачу пайданах луш йолу налог лахъярх. Кхечу мехкашкара баьхкинчу предпринимателийн таро ю кхузахь продукци ара а хоьцуш, иза шайн мехкашка дIаяхьийта. Шен рогIехь экономика кхиоран министра Торшхоев Умалата, регионехь экономика кхиаран хьолах лаьцна дийцарца цхьаьна, хьешашна довзийтира меттигера Iаламан хьелаш, Iаламан Iаламат яккхий таронаш, хин тIаьхьалонаш, хьаннийн мехала тайпанаш.
Цо чIагIдарехь, промышленни кхо майда ю республикехь, шайн цигахь кийча инженерин коммуникацеш а йолуш. Инвестицеш юкъаяхкарна схьайиллина ю наштаран радиаторш яран завод, полимеран биргIанаш арахецаран производство, энерги кхоош болу гIирсаш арахецаран завод, бедарш тегаран фабрика, москалан жижигах гIуллакх даран зIакардохнан комплекс, консервийн завод, дечигах гIуллакх даран комбинат, ГЭС – ерриге а 30 объект.
Пачхьалкхан учрежденешца цхьаьна (инвестицеш кхиоран агентство, предпринимателийн гIолацаран туш, бизнес-инкубатор) иштта, гIуллакх деш ю шайн долахь йолу компанеш-консультанташ а. Берриге а хьешийн цIарах Марокко Королевствон Россин Федерацехь волчу векала Абделькадер Лешехеба хIусамдайшна баркалла элира, шайга республике хьошалгIа кхайкхарна а, даггара тIеэцарна а. Иза тешна вара ишттачу цхьаьнакхетарша регионна санна, шайн мехкашна а боккха пайда бийриг хиларх.
Инвестицеш юкъаяхкарехь хьалха хIиттийна предложенеш Iаьрбийн мехкийн бизнесо доккха хьашт хиларца йийцаре йийриг хиларх тешна а вара иза.
Iилманан аграрни туш
СТАВРОПОЛЬ. Россин Президентан Путин Владимиран тIедахкарш кхочушдаран гурашкахь кхузахь кхоьллина махкахь уггаре а йоккха Iилманан туш – Къилбаседа Кавказан федеральни Iилманан аграрни туш. Юьртан бахаман Ставрополан Iилманан-талламан институтан буха тIехь кхоьллина йолчу цунна юкъагIур ю цхьамогIа филиалаш.
Царна юкъахь ю уьстагIий, гезарий лелоран Ставрополан Iилманан-талламан институт, В.В.Скрипчинскийн цIарах йолу Ставрополан ботаникин беш, бошмашлелорехула йолу Ставрополан зеран станци, гоьжа баккхаран Iилманан-талламан станци, кхин цхьаерш. Инновацин иштта туш кхолларан коьрта Iалашо ю агропромышленни комплекс кхиоран талламаш цхьаьнабалорхьама Ставрополан аграрни Iилманан таронаш цхьаьнатохар.
Коьртачу декхаршна юкъахь ду интеграцин проекташ кхочушъяр, кадрийн таронаш кхиор, дуьненаюкъара зIенаш шоръяр, экологехь долу хьал довзийтар. Коьртачу тидамехь хилийта Iалашо хIоттийна буьртиган ялтийн керлачу сортийн, докъарийн, дарбанан культурийн буха тIехь докъарш кечдаран кхузаманахьлера системаш кечъяр, кхачанан диетин сурсаташ кечдарна дийнатийн сурсаташ дахаран инновацийн комплексан технологех пайдаэцар. Къилбаседа Кавказан федеральни Iилманан аграрин туьшан Iилманан советан хьалхарчу (учредительни) кхеташонехь чIагIйина 31 стагах лаьтташ йолу Iилманан совет.
Заводан юбилей
ХIИНЖА-ГIАЛА. Республикехь уггаре а ширачу предприятех цхьаъ йолчу Гаджиевн цIарахчу хIордакеманаш даран заводан 85 шо кхаьчна. Дагестанан Правительствон Председателан декхарш кхочушдеш волчу Гамидов Абдусамада билгалдаьккхина ма-хиллара, ремонтни-механикин заводана тIера хIордакеманашна гIирсаш, нефтегазан арматура, насосийн продукци, ЖКХ-н гIирсаш латтош йолу Iаламат йоккха предприяти хилла дIахIоьттина иза дIадаханчу оцу шерашкахь.
Коллектив лаккхара корматалла йолуш, муьлхха а декхар кхочушдан хьуьнаре, тешаме, бакъболу говзанчаш хиларо кхачийна завод таханлерчу кхиамашка. Заводо лелош ерг турпалхочун-подводникан, 2-чу даржан капитанан Гаджиев Магомедан цIе хилар дага а даийтина, цуьнан генеральни директора Папалашов Абдулвагаба даздаршкахь дакъалоцуш болчарна кхин цкъа а карлаяьккхира предприятин башха истори, оцу шерашкахь цо бина Iаламат чолхе некъ.
Даздарш чекхдовлуш, тоьллачу белхахошна совгIаташ дира Россин промышленностан, махлелоран министерствон Сийлаллин грамоташца.
Даьтта, тIо кечбаран завод
НАЛЬЧИК. ГIебартойн-Балкхаройчоьнан Прохладненсан кIоштахь ян билгалдина даьтта а, тIо а кечбаран кхин а цхьа завод. Цунна юкъайохку йолчу инвестицийн барам 70 миллион соьме кхочур бу. Дийнахь-бусий 25–30 тонна кийча продукци арахеца таро луш ю цуьнан нуьцкъаллаш. ТIейогIучу хенахь уьш хаъал шоръян билгал а дина. Тахханехь вовшахтухуш ю белхахойн а, технологийн а коллектив. Цигахь Россехь бина гIирсаш дIахIитто барт а хилла.
Меттигерчу юьртан бахаман министерствехь бечу хаамца, тахана республикехь шурех гIуллакх деш масех завод ю. Кху шеран бархI баттахь цара арахецна 294 эзар тонна сурсаташ, дIадаханчу шеран оццу муьраца дуьстича, 4,8 процентана алссам.
Керла гипермаркет
БУРУ-ГIАЛА. Къилбаседа ХIирийчоьнан коьртачу шахьарахь схьайиллина шуьйра евзаш йолчу дуьненаюкъарчу «МЕТРО Кэш энд Керри» компанин кхузаманахьлера керла махлелоран туш. Цуьнан юкъара майда 9 700 квадратан метре кхочу.
Гипермаркет схьаелларца кхиамца кхочушйира республикехь инвестицийн йоккха проект. Цо доккха гIо дийр ду регионехь къаьсттина жимачу а, юккъерчу а бизнесан декъехь экономика кхиорна. Меттигерчу бюджетана махлелоран туьшо юкъадуьллур ду 60 миллион сом гергга ахча. Белхан керла 200 сов меттиг кхолла таро хуьлуьйту оцу проекто.
Белхан хьалхарчу дийнахь туьшахь пачхьенан ши эзар гергга вахархо хилира, шайна юкъахь алссам предпринимательш а болуш. Хьаштахойн таро хилира Россехь, кхечу мехкашкахь, республикехь кечдинчу сурсатийн а, продукцин а шорталлин, тайпаллин хьакъ боллу мах хадо – хьалха хIоттийнера 30 эзар сов тайпа. Карарчу хенахь коьртачу декъана жижиган а, шурин а сурсаташ, бепиг, вахош доцу маларш латтадо дика евзаш йолчу ворхI предприятис. Герггарчу хенахь шайна хьакъ йоллу меттиг дIалоцур ю меттигерчу бизнесо.
Иштта тидам тIебохуьйтура сурсаташна хIиттийна мехаш шина маттахь – оьрсийн а, хIирийн а меттанашкахь бовзуьйтуш хиларо.
Билгалдоккхур вай герггарчу хенахь регионехь кхин а цхьана дуьненахь гIараяьллачу гIишлошъяран коьчалш (материалаш) йохкаран французийн компанин махлелоран «Леруа Мерлен» туьшо шен неIарш схьайоьллург хилар.
Адамашна бегIийла хьелаш кхолларна
МАЙКОП. Регионан правительствон цIийнехь дIаяьхьначу ведомствошна юкъарчу комиссин кхеташонехь дийцаре дира кхузаманахьлерчу гIалахь дахаран бегIийла хьелаш кхолларан гIуллакхаш. «2014–2020-чуй шерашна эца таро йолчу а, шайна чохь ерриге а бегIийлаш йолчу а хIусамашца, коммунальни хьашташца кхачояр» аьлла йолчу пачхьалкхан программин цхьа дакъа ду иза.
Республикин гIишлошъяран, транспортан, ЖКХ-н, некъан бахаман министерствос бечу хаамца и программа кхочушъярна кху шарахь дерриге а тIегIанийн бюджеташкара 109,3 миллион соьман барамехь ахча къастийра. Цунах дукхахдерг 19 ков-керт хазъештоярна хьажийра.
Шайна 32,2 миллион соьман барамехь харж ен йолу юкъара пайдаэцаран ши меттиг ю карарчу хенахь тоеш – Лесной урамера садаIаран зона а (7,9 млн сом.), халкъан «Дагалецаман а, цхьааллин а» майда а (24,3 млн сом).
Цуьнца цхьаьна гIалин паркехь а бу дIахьош иза тояран белхаш. Оцу Iалашонна шина бюджетера (республикин а, гIалин а) къастийна 9,3 миллион сом ахча.
БIаьрзечарна – телефонаш
ЧЕРКЕССК. БIаьрзечеран Ерригроссин юкъараллин Кхарачойн-Чергазийчоьнан организацехь хIокху деношкахь дIадаьхьира даздаран хьолехь ледара бIаьрса долчарна мобильни телефонашца совгIаташ дар. Уьш дIаелира меттигерчу къинхьегаман а, социальни кхиоран а министран заместитела Хубиева Фатимас.
Социальни декъехь тIеэцна пачхьалкхан программа кхочушъяран гурашкахь кху шарахь ведомствос леррина оцу Iалашонна билгалйина йолу мобильни SAMSUNG 32 телефон а, студенташна лерина йолу 2 ноутбук а ийцира.
И аппараташ дуьззина жоп луш ю ала мегар ду бIаьрса ледара долчеран хьашташна. Цунах пайдаэца йиш ю бIаьрса ледара долчеран санна, дуьззина бIаьрса дайначеран а. Лело а, шеца гIуллакх дан а чIогIа атта хиларна заьIапхоша хьакъ боллу мах хадийна цуьнан.
Билгалдаккха догIу иштта совгIаташ республикехь дуьххьара деш цахилар. Оццу программица нийса а догIуш, дIадаханчу шарахь а, масала, бIаьрса ледара долчарна лерина, «Самсунг» компанин 76 мобильни телефон ийцира.
Хаамаш кечбинарг – Д.ХАНУКАЕВА
№89, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2017 шо