Нохчийн Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана Германехь болчу нохчийн кегийрхошка кхайкхам бина питанех лардалар доьхуш. Цу хьокъехь дерг цо дийцира Европехь волчу шен векалца Дугазаев Тимурца хиллачу цхьаьнакхетарехь. Германерчу цхьайолчу гIаланашкахь курдаша нохчашна еттарх лаьцна дуьйцуш Р.Кадыровс билгалдаьккхира: «Цара иза дина нохчийн цхьа а бехк-гунахь доцуш, тешнабехкаца, стешха, шайна а эхь долчу кепара. Масех стагана йиттина царал уьттазза алсам болчу наха. Ларамаза нисделла дац иза. Цхьамма тесна питана ду. Цхьа нах бу уьш карзахбохуш».
Нохчийчоьнан Куьйгалхочо дийцарехь, цунна хиъна Европехь Iаш болу нохчийн кегийрхой питанчашна бекхам бан кечлуш бу бохуш. Кадыров Рамзана Европехь волчу шен векална Т.Дугазаевна тIедиллира дов даккхарна бехкечарна бакъонашна дуьхьал долу хIума дан мегарг цахилар царна сихонца дIахаийтар.
«Европан мехкашкахь болу нохчийн кегийрхой оьгIазбахана, догдаьтта бу, уьш кийча бу карзахбовлла курдаш шайн метта охьаховшо. Иза дан маггане а мегар дац. Цхьаьннан а шеко яц цаьрга царна хьакъ доллу жоп далалург хиларх. Делахь а, уьш низаме кхайкха Германин Iедал а ду, бакъонаш ларъяран органаш а ю. Цаьрга деха деза законан некъашца бехкенаш жоьпе озор. Цаьрга и дайта а деза», – элира Кадыров Рамзана.
Регионан Куьйгалхочо чIагIдира нохчий, уьш миччахь белахь а, ларбан нах хилар. «Курдашна а, кхечарна а хаа деза нохчий ларбан стаг вуй. Цундела царна гIолехь ду сихха шаьш динчунна дохкодовлар, шаьш йиттинарш къинтIера бахар, кхул тIаьхьа шайгара цу тайпана дерг кхин цадалийтар», – дIахьедира Кадыров Рамзана.
Кху шеран 7-чу октябрехь цхьамогIа шуьйрачу хаамийн гIирсаша хаам бира немцойн Целле гIалахь нохчашний, курдашний юкъахь довдаьлла, уьш вовшах летта аьлла. Ткъа хилларг иштта дара. БIе сов курда маьршачу пхеа нохчичунна йиттира, Шемахь а, Иракехь а хуьлуш долчунна жоьпе а лерина. И тасадалар хиллачул тIаьхьа йиттинчарна орцахбаьхкира ерриге а Европера нохчий. Делахь а, Делан къинхетамца, девне хьал маслаIатанне юкъа тIе даккха аьтто белира. Нохчийн а, курдийн а къаноша, дакъалоцуш меттигера Iедал а, долуш сацам бира довдаккхарна бехке болчарна таIзар дайта. Курдийн диаспоран куьйгалхочо чIогIа бехк баьккхира шайн курдашка, къера хилира шайн бехкана. Цо дош делира герггарчу хенахь нохчий къинтIера баха, цу хьокъехь прессехула официальни хаам байта. Iедалан векалша, шайн рогIехь, тIелецира тIелатарехь дакъалаьцнарш, законца нийса а догIуш, жоьпе озо. Цара дош делира тIейогIучу хенахь и санна дерг кхин ца хилийта.
Цу хьокъехь хаам бира Нохчийчоьнан Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службехь.
Д.АНАДЕВ
