(РСФСР-н хьакъволчу артистан Зубайраев ЯрагIин кхоллараллин некъах)
Цхьа шатайпа дика адам дара Зубайраев ЯрагIи. Нохчийн къоман театран сцени тIехь цо кхуллуш хилла васташ ямарт, къиза амалш йолчу турпалхойн хиллехь а, дахарехь деган комаьршалла хаалора цуьнгахь, боккхачу безамца дерриге а дуьне маракъовла актер кийча волуш санна хоьтуьйтуш. Кхиъна йогIучу муьрехь суна дукха воккха стаг хетара иза. Ткъа хIинца, ойлане а яьлла, замано хьулдина денош карладаьхча, хаьа иза дукха ца ваьхний. Бакъдуьнена воьрзуш цуьнан 58 шо бен ца хилла. Царах 40 шо къоман театрана дIаделлера цо. Нохчийн сценин башха говзанча ларалуш вара иза. Муьлхха а васт кхоллалора цуьнга. Уьш хьовсархойн дегнашкахь еххачу ханна даха а дуьсура. АллахI-Дала похIма деллачарах вара вайн турпалхо. Цо цхьабосса «чомехь» кхуллура могIарерчу мискачу стеган а, хьолана букъбеллачу, дуьне а шаьш ловзадо моьттучу паччахьийн а васташ. Лаккхарчу тIегIанехь корматалла ЯрагIигахь хилар дара цуьнан бахьана.

Театр йовзале 1917-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 22-чу дийнахь Девкар-Эвлахь дуьнен чу ваьллера Зубайраев ЯрагIи. Цуьнан ирс ца хиллера бераллехь театр йовза а, ура-атталла цхьана спектакле хьажа а.
Кхиъна вогIуш а театрехь болх бийр бу аьлла дагадеана вацара иза. Ша винчу юьртахь кхиамца ворхI класс чекхъяьккхина, 1932-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу кооперативни техникуме деша хIоьттира жима стаг. Товш
куц-кеп, онда аз долуш, паргIат оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь къамел дан хууш волу иза кооперативни техникуман жигархоша исбаьхьаллин самодеятельностана юкъаозийра. Кхин дуьхьалонаш ЯрагIис а ца йира. Цунна хазахетара байташ йоьшуш а, хелхаран бал боккхуш а.
Шо шаре далале, ЯрагIех исбаьхьаллин самодеятельностан жигархо хилира. Цо самукъадаларца дакъалоцура Соьлжа-ГIалахь кест-кеста хуьлучу хьажаршкахь, кегийрхойн конкурсашкахь, фестивалашкахь. Иштта вевзира иза Авторханов Iабдурахьманна.
1933-чу шарахь масех баттахь нохчийн къоман театран директоран болх бира Авторхановс. Цо валийра ЯрагIи театре.
Юьхьанца мелла а йоккхачу сценех ийзалуш хиллехь а, дукха хан ялале цунна билгалделира кхидIа йолчу ханна театр шен дахаран коьрта маьIна хилар.
Хьалхара гIулчаш
Нохчийн къоман театр шен буха тIехь кхоллаелла драмин студи дипломни спектаклана кечлуш яра 1933-чу шеран бIаьстенан юьххьехь. Бадуев СаьIидан «ЦIен гIап» пьеса яра дипломни спектаклана бухе йилла билгалъяьккхинарг. Азербайджанера кхайкхина валийна режиссер Алили Мамед вара спектакль хIоттош.
Театран директора Авторханов Iабдурахьмана валийначу жимачу стаге ладоьгIна, режиссера ЯрагIех кIайчу эпсаран васт тешийра. Шена тIедехкинчу декхаршца иза дика ларийна хиларна теш хIуьтту цу хенахь зорбане дуьйлуш хилла газеташ.

1933-чу шеран асаран (июнь) беттан 11-чу дийнахь арадаьллачу «Известия» газетан агIонаш тIехь юьйцуш яра нохчийн къоначу актераша шовкъаца хIоттийна керла спектакль. Советийн Iедал тIедогIучу муьрехь Iалхан-Юьртахь хиллачу тIемашкахь кIайчу эскаро лелийна къизаллаш яра спектакло Iораяьхнарш а, къоначу актераша говза дIагайтинарш а. Цул тIаьхьа а, иштта боккхачу кхиамца, кхечу спектаклашна юкъавигира къонаактер Зубайраев ЯрагIи. Уьш яра Бадуев СаьIидан «Лаьмнаш хийцалуш ду» пьеси тIехь а, Шерипов Данилбекан «Iаьлбаг-Хьаьжа» пьеси тIехь а, изза цIераш йолуш хIиттийна спектаклаш.
1934-чу шарахь вовшахтуху Нохчийчоь а, ГIалгIайчоь а. ХIинццалц автономни областаш ларалуш хиллачу шина махках, хIинца Нохч-ГIалгIайн Автономни Республика хилира. Оцу хийцамех цхьа беркат делира къоман театрана. Нохч-ГIалгIайн Республикин куьйгалло кехат яздинера гуьржийн мехкан куьйгалле Соьлжа-ГIалахь йолу къоман театр когаяхийта гIо-накъосталла дар доьхуш.
Кавказан къаьмнашна юкъахь бIешерийн кIоргенера схьадогIу гергарло тидаме эцна, гуьржий сиха орцахбевлира дехарна. Соьлжа-ГIаларчу театрехь болх бан режиссер Чхартишвили Арчил ваийтира. Вайнехан кегийрхошна актеран говзалла караерзо шаьш кийча хилар хаийтира цара.
1934-чу шеран гуьйранна Тбилисе деша яха новкъа яьллачу кегийрхойн тобанца вара ЯрагIи а. Шина шарахь дийшира цара цигахь. Дийнахь аудиторешкахь Iилма Iамадора, ткъа суьйранна Руставели Шотан цIарах йолчу Гуьржийн къоман театрехь спектаклашка хьовсура.
Церан дукхабеза хьехархой, гуьржийн сценин цIеяххана говзанчаш Хорава Акакий, Васадзе Акакий хуьлура, дукха хьолахь, спектаклашкахь коьрта ролаш ловзош. «Ролаш ловзош» боху дешнаш ца дезара церан хьехархошна.
Пьесин автора схьакховдийначу хьелашкахь: «Даха деза шу, и дахар шайниг долуш санна, бакъдолу актераш хила лууш делахь», – олура Васадзес. Хетарехь, цуьнан дешнаш массо а ханна даг чу дийшинера ЯрагIина. Цуьнан сица дара ша кхуллучу вастан дахарца «вагар».
1936-чу шарахь дешна бевлла нохчийн кегийрхой цIабоьрзучу муьрехь, Москвахь театран институт кхиамца чекхъяьккхина, Соьлжа-ГIалахь дипломни спектакль хIотто веана вара нохчийн дуьххьарлера режиссер Батукаев ХIарон.
Гуьржийн авторша Нахуцришвилис, Гамрекелис яздина «Майра Кикила» цIе йолу туьйра дара ХIарона спектаклана хаьржинарг. Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан драмин театран сцени тIехь дуьххьара хIоттийна музыкальни спектакль ала мегар ду цунах. Вахуштин васт кхуллуш вара Я.Зубайраев.
Боккхачу кхиамца чекхъелира спектакль. 1938-чу шарахь Москвахь гойтуш а, иштта, хьовсархой цецбохуш а, лаккхарчу тIегIанехь корматалла, похIма гайтира нохчийн актераша.
Кхиамийн зIаьнаршлахь
Оцу шерашкахь язйина дуккха а пьесаш ю нохчийн литературин бухбиллархочун Бадуев СаьIидан: «Дашо Iам», «ЖаIуьнан доьзал» «ЦаIебас зудаялор», иштта дуккха а кхиерш а. Къоман театро царна массарна тIехь спектаклаш хIиттийна. Оцу спектаклашкахь боккхачу кхиамца дакъалоцуш ЯрагIи а хилла. Цуьнан кхолларалла цаевзачарна хетадала тарло, къоман драматурги тIехь бина къоначу актера болх, цундела кхаьчна иза иштта атта баккхийчу кхиамашка. Иза аьттехьа а дац.
1937-чу шарахь вайнехан къоман театран сцени тIехь Батукаев ХIарона хIоттайо «Платон Кречет» пьеси тIехь изза цIе йолу спектакль. Оьрсийн амал гойтуш васт кхоллар тIедужу къоначу актерана. Шена режиссера тIедехкинчу декхаршца лараво иза. Оьрсийн амал-м хIунда юьйцура!?
Оццу 1938-чу шарахь режиссер Батукаев ХIарон малхбалерчу Европин драматургаша язйинчу пьесе кхевда. Мольеран «Лекарь поневоле» пьеси тIехь изза цIе йолу комеди хIоттайо театро. Ибрагимов ИсмаьIалх Жеронт хиллера, Горчханов Iусманах – Лука, Марчинин васт кхоллар Исаева Асетана тIедиллинера, Жаклинан васт кхуллуш Ташухаджиева Асет яра, ткъа Сганарель – Зубайраев ЯрагIи.
Французхойн пьеса говза нохчийн матте яьккхинарг къона яздархо, гочдархо Саидов Билал вара.
1938-чу шеран бекарг (март) беттан 23-чу дийнахь арадаьллачу «Грозненский рабочий» газето яздора: «Нохч-ГIалгIайн театро дуьххьара хIоттийна дуьненаюкъара классика ларалуш йолу Мольеран комеди. Амма актерийн аьтто баьлла Мольеран турпалхойн амалш гайта. Режиссера шайна тIедехкинчу декхаршца актераш дика ларош хиларна, нохчийн хьовсархойн самукъадолу 250 шо хьалха Мольера язйинчу комедех а, цуьнан беламечу турпалхойх а». Бакъду, «Лекарь поневоле» спектакль хIоттоле мелла а кхоьлина денош лаьттира театрехь.
Иза 1937-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь Нохч-ГIалгIайн Республикехь чекисташа бехкбоцу дукха адамаш набахтичу дохкарца доьзна дара. Чубоьхкинчарна юкъахь вара театран директор Яхшаатов Хьамид а, къоман театрана керла пьесаш язъеш хилла Бадуев СаьIид а.
Цул сов, театр а цхьана ханна дIакъевлина латтийра «национализман бен» боху ямарт цIе а тиллина. Бакъду, Зубайраев ЯрагIис эрна ца яхийтира и хан. Масех бутт хьалха театре балха еана яра къона актриса Алиева Тамара. Паччахьан эскарехь инарла хиллачу Алиев Ирисханан вешин йоI яра иза. Инарлина НКВД-с 1920-чу шарахь тоьпаш тоьхнера. Иза хьехо зама а яцара Тамара балха еънарг. ЙоI хаза яра. Иза гучуяьлча дуьйна цунна тIехь бIаьрг соьцуш вара ЯрагIи.
ЙоI пхийттара а ялийтина, 1938-чу шарахь 21 шо кхаьчначу актера ялийра иза. Безамо йийсаре лаьцначу жимачу стагана арахьара бохамаш кхин тIех лазаме хеташ бацара. Аьрха амал йолчу ЯрагIина ваха лаьара хIинца, кхузахь, кхана хIун хир ду хууш хIара дуьне цахиларна. Керла доьзал кхоьллина дукха хан ялале театр схьайиллира.
Цуьнан коьрта режиссер Вайнштейн Владимир хIоттош, Вишневский Всеволода язйина «1919» пьеса
хIоттор тIедожош, болх бан бакъо елира актерашна. Пьеса 1919-чу шарахь Сталин Иосифа гайтина хьуьнар, цуьнан доьналла, хьекъал хестош яра. Ца бевллачу денна и спектакль хIотто а, цу юкъахь дакъалаца а дийзира актерийн, кхидIа театрехь болх бархьама. Керла драматург а гучувелира театраца болх бан лууш. Иза къона журналист Музаев Нурди вара. «Асет» цIе яра цо театре еанчу керлачу пьесин.
Коьрта турпалхо колхозехь хьанал къахьоьгуш йолу нохчийн йоI яра. ТIаьхьуо, театран коьртачу режиссера Вайнштейн Владимира гIо а деш, «Мекхаш-Мирза» цIе йолчу халкъан забарийн буха тIехь кхин цхьа пьеса язйира Нурдис. Нохчийн хьовсархошна къаьсттина комедеш дукхаезар билгалдаьллачу В.Вайнштейна «Молла-Несарт» цIе йолуш кхин цхьа пьеса хIоттийра.
Соловьевс, Витковича язйина «Ходжа-Насреддин» пьеса яра иза, мелла а вайнехан амалшна гергаялош, кечйина. Оцу шина а спектаклехь дакъалоцу Я.Зубайраевс. Уьш дика тIе а лоцу вайн хьовсархоша.
ГIайгIано кхолийна денош
Нохчийн халкъан дог эшош, кхоьлина даьхкинчу оцу шерашкахь ЯрагIис сцени тIехь бинчу белхашна юкъахь къаьсттина шена тIе тидам ийзош ду «Шторм» спектаклехь цо кхоьллина матросан васт. Советийн драматургин классика ларалучу Биль-Белоцерковскин изза цIе йолчу пьеси тIехь хIоттийна спектакль яра иза.
Советийн Iедал дIахIоттош бинчу граждански тIамах лаьцна, коммунистийн идеологи хестош а яра. Делахь а, оцу спектаклехь вайна мехала дерг ду «Шторм» спектакло ЯрагIин цIе ерриге а Къилбаседа Кавказехь гIараяккхар. Спектаклехь говза кхоьллина матросан васт бахьанехь, актеран лаккхара мах хадош, 1940-чу шарахь «Нохч-ГIалгIайн Республикин хьакъволу артист» сийлахь цIе елира ЯрагIина.
1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь фашисташа СССР-на тIелатар дина, Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIаболалуш, театр Веданан кIоштахь гастролашкахь яра. Йоккха репертуар яра веданхошна гайта театро хьалаяьхьна. «Адин Сурхо», «Бэла», «Хилаза ца ваьлла хилла лор», «Олеко Дундич», иштта дуккха а кхиерш. Ягарйинчу массо а спектаклехь бохург санна, ЯрагIи дакъалоцуш вара, дукхахйолчу спектаклашкахь, коьртачу турпалхочун васт кхуллуш а вара.
Амма де делкъане даьлча, ерригсоюзан радиочухула бинчу шийлачу хаамо къоман театран планаш йохийна ца Iаш, СССР-хь дехачу дерриге а адамийн дахар а хийцира. Къоман театрера ткъех актер шайн лаамехь Веданара тIаме дIавахара. Театран репертуар коьртачу декъана ЯрагIина тIехь лаьтташ хиларна, цунна бакъо ца елира юкъаравала. ТIом белахь а, театр болх бан дезаш яра.
ЦIечу Эскаре дIабоьлхучу кегийрхошна концерташ гайтар тIедиллинера актерашна. Леррина оцу Iалашонца кечйина литературин-музыкин композицеш яра мостагI хIаллакваре кхойкхуш, Даймахке безам чIагIбеш, бIаьхойн доьналла, майралла хестош. Оцу муьрехь вуьйцуш вара вайн турпала махкахо Мазаев Маташ.
Цунах лаьцна пьеса язйира Базоркин Идриса «Капитан Ибрагимов» цIе а йолуш. Режиссера В.Вайнштейна цунна тIехь хIоттийначу спектаклехь коьртачу турпалхочун васт кхуллуш Зубайраев ЯрагIи вара. Къилбаседа Кавказан массо а маьIIе кхаьчна вайн актераш ЦIечу Эскаран бIаьхошна концерташ луш.
Цунна къеггина тоьшалла ду 1943-чу шеран асаран (июнь) беттан 30-чу дийнахь арадаьлла ЦIечу Эскаран бIаьхошна хьалха концерташ луш хьанал къахьегарна Зубайраев ЯрагIина, Бадуев Мовждина «Нохч-ГIалгIайн Республикин халкъан артист» сийлахь цIераш яларан хьокъехь долу Нохч-ГIалгIайн Республикин Лаккхарчу Советан Президиуман Указ.
Цундела вайн чIагIдан бакъо ю нохчийн халкъан сийлахьчу актерех дуьххьара «Халкъан артист» хилларг и шиъ хилар. Оццу Указо билгалдоккху Нохч-ГIалгIайн Республикин «Хьакъволу артист» цIе Хамидов Iабдул-Хьамидна, Исаева Асетана елла хилар.
Вайн артисташа мел хьанал болх бинехь а, мел сийлахь цIераш царна еллехь а, 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан шийлачу 23-чу дийнахь вайн халкъ махках доккхуш, цуьнца сийначу Сибрех хьажийра актераш. Дерриге а вайнехан халкъ санна, 13 шарахь дай баьхначу лаьттах хьега дийзира церан а.
Дерриге а нохчийн халкъ санна, халачу зерех чекхвелира ЯрагIи а. Шело, хало, харцо, къам сийсаздар – дерриге а лан дийзира цуьнан. Къаьсттина хала дара эшамаш лан а, бевза-безачех къастар а. Махках даьхначу муьрехь хIусамненах къастар лан а дийзира цуьнан.
Дай баьхначу лаьтта тIехь
1957-чу шарахь цIадерза доладелира нохчийн халкъ. Болх юха дIаболийра театро а. Ошаев Халида язйинчу «Асланбек Шерипов» пьеси тIехь изза цIе йолу спектакль хIоттош, дIаболийра театро шен болх. ХIинца къоман театр Советийн Союзан Турпалхочун Нурадилов Ханпашин цIе лелош яра. Ларамза дацара «Асланбек Шерипов» спектаклаца болх дIаболор а.
Дерриге а халкъ санна, театр яра къоман турпалхой бовзийта лууш. «Асланбек Шерипов» спектаклехь оьрсийн эпсаран Погодинан васт кхуллуш вара ЯрагIи. Даима а санна, лаккхарчу говзаллица болх бора цо. Советийн Iедал тIедогIу зама яра спектаклехь юьйцург, ткъа Погодин кIайчу эскаран эпсар вара. Заманан лехамашна жоп луш дара актера кхоьллина васт. Цундела театран говзанчаша, лаккхара мах хадош, тIелецира.
ЯрагIин кхиамех ларалуш ю цо жаIуьнан васт кхоьллина «Асет» цIе йолу спектакль а. ЖIайхойн поэтан Гамзатов Расулан «Горянка» поэми тIехь йина инсценировка яра иза. Режиссераша Минаев Минайс а, Горькая Лидияс а хIоттийна яра спектакль. Багалова Зулай оцу спектаклехь яьлла дуьххьара театран сцени тIе. Коьртачу турпалхочун Асетан васт кхоллар тIедиллинера къоначу актрисина, ткъа ЯрагIи цуьнан ден васт кхуллуш вара.
Кхечу театрийн сценаш тIехь керлачу дахарх ойла хьаьрчина, къоман гIиллакхашна бIостанехьа йирзина йоI, дена дуьхьал ялар турпалалла гойтуш хIоттийнера Гамзатов Расулан поэма. Ткъа вайнехан гIиллакхаш кIорггера девзачу ЯрагIис сюжетан иралла дикка кIадъяйтинера. Асетана школа чекхъяьккхина ца Iаш, кхидIа а деша лаар гойтуш хIоттийна яра вайн театрехь и спектакль.
Юьртара ша цхьаъ йоI дIаяхийта юьхьанца реза ца хилла да а тIевоьрзу институте дIатасаеллачу йоьIан кхидIа дешар дахаран маьIна хиларх ша кхетча. Говза гойтура цо шен турпалхочун синкхетам серлабалар, керлачу заманца дIаваха луушверг йоза-дешарца кIорггера уьйр-марзо йолуш хила везар.
Хийрачу махкахь 13 шо даьккхинехь а, вайн яздархой мукъа Iийна ца хиллера. «Асланбек Шерипов» спектакль хIоттийна ялале Музаев Нурдис къоман театре керла пьеса еара. Цуьнан цIе «Уггаре а хьомениш» яра.
Нохчийн цхьана юьртарчу колхозан дахарх дуьйцуш яра иза. Колхозан председателан Аьстмаран васт кхуллуш вара Я.Зубайраев. Вайн махкарчу хьовсархоша самукъадаларца тIелаьцна яра Мусаев Мохьмадан «Цхьана юьртахь» цIе йолчу пьеси тIехь, оццу режиссера изза цIе йолуш хIоттийна спектакль.
Оцу спектаклехь вара ЯрагIи колхозан председателан васт кхуллуш. Амма «Уггаре а хьомениш» спектаклера Аьстмар балхана сагатлуш, колхозхойн Iер-дахар тодан лууш, кханенан ойла еш хиллехь, «Цхьана юьртара» спектаклера председатель Апти, колхоз а, колхозхой а дагабогIуш вацара.
Колхозера хьал ша цхьаъ бахьанехь тоделла ду аьлла хеташ а вара. Ткъа и санна волчу «турпалхочунна» шен цхьа зуда хилар кIезиг хета.
Цул сов, цхьа а кIант вацара цуьнан гулбелла бахам дIалаца. Юьртара жеро Совса ю Аптига бIаьрг бетташ, йола аьллачу минотехь, бухара зуда новкъа йоцуш, цуьнга яха кечъелла Iаш.
И дерриге забарца, цIеначу нохчийн маттахь, ду. ПохIмечу актерана хаьа хьовсархойн ерриге а само шена тIеерзо, церан самукъадаккха. Иштта дара цкъа мацах цо «Мекхаш-Мирза» спектаклехь кхоьллина ХIилланбекан васт а.
Дастаме шалхонаш Iорайохуш, нийсоне, бакъоне кхойкхуш. ТIаьхьуо, Базоркин Идрисан «Безаман некъаш» пьеси тIехь Децик Николайс хIоттийначу изза цIе йолчу спектаклехь а юха а оцу темина тIевоьрзу Зубайраев ЯрагIи.
ЧIогIа сутара ву актера васт кхоьллина Висангири. Делахь а, керлачу заманан обанах хьаьрчина хьулвала гIерта иза дикачу адамашна юкъахь. Амма актеран ницкъ кхочу шен турпалхочунна тIера моттаргIанийн туьтмIаьжиг дIаяккха, цуьнан синхотешкахь тебнарг гучудаккха.
Башхачу актеран ловзаро гIо до хьовсархошна и тайпа адамаш довза, царах лардала. «Бешто», «ПетIамат», иштта кхечу спектаклашкахь а Зубайраев ЯрагIис кхоьллинчу дастамечу турпалхойн васташа цхьаболчу хьовсархойн ойла шелйина хетало наггахь.
Сутаралла Iорайоккхуш, актера кхоьллинчу васташа тIеIаткъам бина хилар а хаало къамеле девллачохь. Дукха хьолахь, актеран кхолларалла цайовзар ду оцу тайппана ойланаш хилар. Вуочу адамийн васташ кхоьллина Iаш вац ЯрагIи. Шайх масал эца хьакъболу турпалхой дуккха а хилла цуьнан йоккхачу репертуарехь. Чекхдаьллачу ХХ-чу бIешеран 60-чу шерашкахь иза РСФСР-н хьакъволчу артистан сийлахь цIе лелош, муьлхха а роль ловзо гуьнахь долуш вара.
Цунна къеггина тоьшалла ду «Бэла» спектаклехь ЯрагIис кхоьллина Максим Максимычан васт. Къена тIемало велахь а, оьрсийн бакъволу интеллигент ву капитан. Дукха хан ю иза инарлийн харцонех кхетта. Амма цкъа мацах дуй биъна цо оьрсийн паччахьна, цуьнан эскарна муьтIахь хила.
Шен дуй къарбан кхоьру Максим Максимыч, ткъа ламанхошкахь латтош долу къиза таIзарш гуш ду цунна, ламанхой а Дала кхоьллина адамаш дуй хаьа цунна. Цуьнан ойланаш екъаелла, яьржина. Ткъа капитанан комаьрша дог диллина ду массарна а, цхьабосса.
Къаьсттина иза бIаьрладолу Бэлица (актриса З.Багалова) йолчу юкъаметтигца. Вайнехан Iаламат воккха актер хиллачу Зубайраев ЯрагIина хаьара ловзаран харш билгалдаккха, къастийначу некъалорах чекхвала. Иштта долчу вастех ду ЯрагIис кхоьллина полковникан Захаровн васт а.
Нохчийн гIараваьллачу яздархочо Хамидов Iабдул-Хьамида язйинчу «Лийрбоцурш» турпалаллин драми тIехь, режиссера Хакишев Руслана хIоттийначу Нурадилов Ханпашех изза цIе йолчу спектаклан турпалхо вара полковник Захаров.
Цунна шера го луьрачу тIеман къизалла, Ханпашин жималла. Делахь а, шовкъечу лаамийн йийсаре воьдийла дац полковникан. Даймохк мостагIаша сийсош, сийначу цIарах богуш бара. Цунна орца оьшура жимачуьнгара а, воккхачуьнгара а. Тахана коьртаниг иза д у … Иштта кхуллу нохчийн воккхачу актера полковник Захаровн чолхе васт.
Оцу хоршара ду режиссера Харлип Павела хIоттийначу «ЦIен йовлакх тиллина сан акхтарг» цIе йолчу спектаклехь ЯрагIис кхоьллина Кулов Байтемиран васт. Чолхечу дахаро вуон-дика алсам гайтина стаг ву. Амма Iийшинчу бохамаша адамаллех ца ваьккхина иза. Нуьцкъала амал каг ца йина. Шена ямартлонаш дукха гинехь а, деэшначунна орцахвала доьналла, хьуьнар дисина цуьнгахь. Цундела еххачу ханна хьовсархойн дегнашкахь ваха вуьсу ЯрагIис васт кхоьллина Кулов.
Ткъа нохчийн халкъан драматургин классика хилла дIахIоьттина «Бож-Iела» спектакль. Хамидов Iабдул-Хьамидан «Бож-Iелин иэшар» пьеси тIехь режиссера Харлип Павела дуьххьара хIоттийна и спектакль гучуяьлча боккха кхаъ хиллера вайн махкахошна.
ЯрагIи Абубешаран васт кхуллуш вара. Цо дакъалоцуш спектакль ган ирс хиллачарна цкъа а дицлур дац, халкъалахь афоризм хилла дIадахана «Ламаний, регIаний юккъе бIов».
Вайн турпалхочо дакъалоцуш пхеа бIе сарахь сов сцени тIехь хилла и спектакль. Вайн къоман театр цкъа а ца Iийна шен тхов кIел спектаклаш хIитторах тоам бина. Шен беркатечу хьостанехь дуьйна, цхьа а кIотар ца юьтуш, лаьмнийн кIошташкахь гастролашкахь хилла вайнехан актераш. Воккха вара аьлла, РСФСР-н хьакъволу артист вара аьлла, цкъа а оцу гастролашна юкъара вала ца гIиртина ЯрагIи. Цо дозалла дора ша схьаваьллачу халкъаца уьйр-марзо хиларх.
Шен халкъан къаьхьачу кхолламан буьззина кад меллачу ЯрагIин дахарехь, балха тIера кхиамаш, хьовсархойн безам боцург а, кхин цхьа ирс хиллера. Иза актеран шолгIа хIусамнана Зубайраева (Баширова) Зина яра, даима а хIусамдена гIортор хилла чекхъяьлла йолу. Зинин догцIеналло, комаьршалло хьеша-дена аьхна кхерч бина латтийра еххачу хенахь ЯрагIин хIусам. Бераш дацара церан. Амма шаьшшиъ дезаш тIевеънарг, аганара бер санна, везаш тIелоцура, дIаваха дезар дицдеш.
Дуьнен тIе валар 1917-чу шеран эсаран (октябрь) беттан 22-чу дийнахь хиллера Зубайраев ЯрагIин, амма вина де даздар даима а лахьанан (ноябрь) беттан 7-чу дийнахь нисдора актера. ЧIогIа хазахетара цунна ша дагавеана неIаре стаг хIоьттича, самукъадолура, цхьа доккха совгIат дохьуш хьаша веача санна.
1980-чу шеран юьххьехь РСФСР-н халкъан артист цIе яла билгалваьккхина вара ЯрагIи. 40 шарахь сов хьовсархойн дог хьостуш лаьттинчу цунна хьакъ яра муьлхха а сийлахь цIе. Амма цIеххьана кхеттачу лазаро дагахь доцург дира.
Цуьнан оьмар хедира 1980-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 18-чу дийнахь. Шийлачу Iожалло къинхетамза катуьйхира актерах. Дуккха а шерашкахь Нохч-ГIалгIайн Республикин культурин дозалла хилла лаьттина, къоман театран хьостанехь хьалхарчех цхьаъ волу хьуьнаре актер Зубайраев ЯрагIи дIавелира, сценин искусство езархойн дегнаш Iовжош.
Шегахь йолчу таронца дуккха а шерашкахь халкъалахь серло яржош цо схьабеана беркате некъ хедира. Бакъдуьнена вирзира ЯрагIи, шен сирла амат еххачу ханна хьовсархойн дегнашкахь дуьтуш.
ГАЗИЕВА Аза
№89, шинара, лахьанан (ноябрь) беттан 14-гIа де, 2017 шо