2018-чу шеран бIаьста болх дIаболо тарло Соьлжа-ГIалин ТЭСо

Соьлжа-ГIалин ТЭС-н хьалхара дакъа дарна оьшуш йолчу инженерин магистралийн а, проектан а документаци, хийцамаш биначул тIаьхьа, магийна Россин Пачхьалкхан экспертизин коьртачу учрежденин (ФАУ «Главгосэкспертиза России») векалша.

Лакхахь билгалъяьккхинчу документаци тIера хийцамаш тIеэццалц лахдина долу ТЭС яран болар, хIинца жигардоккхур ду. Иштта хаам бина Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а пресс-службо.

Газ тIехь болх беш хир йолу и ТЭС республикин пачхьенан Заводской кIоштахь еш ю, билггал аьлча – тохара хиллачу Соьлжа-ГIалин ТЭЦ-3 станцин кертахь. ХIинцале хууш ду нохчийн кхузаманахьлерчу оьмарехь хьалхара йолу ТЭС Россин Энергетикин цхьааллин системин юкъахь хирг хилар. Дагадоуьйту мацах хилла йолу Соьлжа-ГIалин ТЭЦаш 1994-1996-чуй шерийн, тIеман хиламашкахь йохийна хилар.

Парогазан ПГУ-230 олуш йолчу шина гIирсан буха тIехь хир йолу ТЭС яран белхаш шина декъе бекъна бу. Хьалхарчу декъехь (2018-чу шеран бIаьсте кхачале) 180 МВт нуьцкъаллин №1 а, №2 а йолчу энергоблокашна лерина газотурбинаш йийр йолуш ю.

Энергонуьцкъаллица доьзна долу цатоарш дIадахаран декъехь Россин Федерацин Правительствос кечйинчу программин гурашкахь дIахьош бу Соьлжа-ГIалин ТЭС яран белхаш. Программица нийса а догIуш, нохчийн ТЭС-н хьалхара блок болх бан йолалур ю 2018-чу шеран мангалан (июль) беттан 1-чу дийнахь, ткъа шолгIа блок – 2019-чу шеран кхолламан (январь) беттан 1-чу дийнахь дуьйна.

Объектана финансировани «ГЭХ инжиниринг» юкъараллин («Газпром энергохолдингана» юкъайогIуш ю) доларчу чоьтах еш ю.

«Газпром энергохолдинган» коьртачу директора Федоров Дениса хьалха билгалдаьккхина ма-хиллара, Соьлжа-ГIалин ТЭС ярна хьажийначу финансийн барам 25-26 млрд. соьме кхочуш бу.

Дагадоуьйту ТЭС яран белхаш 2015-чу шарахь дуьйна дIаболийна хилар. 2016-чу шарахь, проектан механа юкъахь хийцамаш баран Iалашонца, белхаш совцийнера. Иштта, оццу шарахь, парогазан буха тIера станци, хьалхарчу муьрехь, газотурбинан буха тIе яккха сацам а хилира.

Карарчу хенахь объект яран декъехь къахьоьгуш 1 000 сов стаг ву. ТЭС йина яьллачул тIаьха, цигахь хир ю 300 сов белхан меттиг.

И.ИСЛАМОВ

№90, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: