Россин Федерацин Президентан В.В.Путинан 2017-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 2-чу дийнахьлерчу Указаца могашалла Iалашъяр а, медицинин Iилма а кхиорехь доккха дакъа лацарна а, дуккха а шерашкахь хьанал къахьегарна а Юнусов Iаднанна «Россин Федерацин Iилманан хьакъволу гIуллакххо» сийлаллин цIе елла.
Юнусов Iаднан медицинин Iилманийн доктор, профессор, Россин Федерацин хьакъволу лор, Россин Федерацин медико-техникин Iилманийн академин декъашхо-корреспондент ву.
1979-чу шарахь лор-педиатр говзаллехула чекхъяьккхина Ростовера пачхьалкхан медицинин институт.
1983-чу шарахь дуьйна болх беш ву Россин оториноларингологин Iилманан-клиникин туьшахь.
2001-чу шарахь дуьйна оцу Iилманан учрежденин директоран берийн декъехула заместитель, «Берийн оториноларингологин патологеш» Iилманан-клиникин отделан куьйгалхо ву.
ЛОР-меженийн цамгаршна профилактика ярна, дарба лелорна леринчу Iилманан 340 белхан автор. Царна юкъахь ю 3 монографи, 17 методикин пособи, керла юкъадалорашна 21 патент.
1983-чу шарахь дуьйна 34 000 сов операци йина, шайна юкъахь 300 сов тIех хала операци а йолуш.
I.Юнусовс боккха болх бо къона Iилманчаш кхиорехь: иза куьйгалхо волуш чIагIйина медицинин Iилманийн 11 а, докторан 1 а диссертаци.
Iилманан а, лоьраллин а белхан лаккхара мах хадош, совгIаташ дина Россин Федерацин «Даймехкан дуьхьа хьуьнарш гайтарна» II-чу даржан орденца, «Нохчийн Республикин дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидалца.
№90, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо