Бетербиев Артур – дуьненан чемпион

Лахьанан (ноябрь) беттан 11-чу дийнахь США-н Фресно гIалахь дIаяьхьначу дуьненаюкъарчу турнирехь шеца леташ хилла немцойн боксер Келлинг Энрико эшорца, Боксерийн дуьненаюкъарчу федерацин (IBF) версихула, дуьненан чемпионан дарж даьккхина Нохчийн Республикин боксерийн «Ахмат» клубан векала Бетербиев Артура.

«Бокс! Бетербиев Артур! ШийтталгIа латар! Шийтта раунд! Нокаут! Чемпион! Цхьа а Iарждарг дац! Иштта доцца а, чулацаме а ала мегар дара Нохчийн Республикин боксерийн «Ахмат» клубан яхь йолчу векална, сан хьомсарчу вешина Бетербиев Артураний, немцойн боксерана Келлинг Энриконий юкъахь хиллачу латарх», –яздо Инстаграмерчу шен агIонехь Нохчийн Республикин Куьй- галхочо Кадыров Рамзана.

Р.Кадыровс билгал ма-даккхара, латаран хьалхарчу миноташкахь дуьйна а гуш дара Артур тоьлашха хилар, амма миллионаш телехьовсархой тешна бара вайн боксерана лууш дерг очкошца толар доцуш, шеца леташ верг нокауте вахийтар хилар.

Иштта хила а хилира иза. ШийтталгIачу раундехь цкъа нокауте вахийтира цо Э.Келлинг, тIаккха – нокауте а. Раунд чекхъялале сацо дийзира латар. Оцу боккхачу кхиамца Бетербиев Артур даггара декъалвира республикин Куьйгалхочо.

2013-чу шарахь дуьйна а корматаллин (профессиональни) рингехь леташ ву Артур. Кхул хьалха 11 латар хилла цуьнан, цкъа а эшна вац. Спортан дуьненахь кхин хьалха дуьйна а дика евзаш ю нохчийн хьуьнаречу боксеран цIе.

Россин спортан хьакъволу мастер, дуьненан чемпион (2009-гIа шо), Европин шозза чемпион (2006, 2010–гIий шераш) ву Бетербиев Артур. Корматаллин рингехь кхин а бIаьрлачу кхиамашка яьккхина маьIне гIулч ю боксеран рогIера толам.

Хь.АБАЕВ

№90, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: