Шемара шайн бахархой цIаберзорна баркалла боху

Шемара шайн бахархой цIаберзорехь гIо-накъосталла дарна доккха баркалла элира Казахстанан арахьарчу гIуллакхийн министерствос Нохчийн Республикин куьйгаллина.

«Оха даггара баркалла боху Россин агIонна а, Нохчийн Республикин куьйгаллина а тхайн бахархой кIелхьарабахарехь тхуна гIо-накъосталла дарна», – элира Казахстанан МИД-н пресс-службин куьйгалхочо Жайнаков Ануара.

Цо дийцарехь, Соьлжа-ГIалин аэропортехь шен берашца цхьаьна йолчу Казахстанерчу зудчунна дуьхьал баьхкина бара Казахстанан Россехь йолчу векалаллин белхахой. И зуда кестта шен цIа кхочур ю.

Дагадоуьйту, карарчу беттан 13-чу дийнахь лерринчу рейсаца Соьлжа-ГIала схьакхаьчнера Шемарчу тIеман кIуьрлара кIелхьараяьккхина 12 зуда а, цаьрца 29 бер а. Царна юкъахь яра 4 бераца цхьаьна йолу 29 шо долу Казахстанан яхархо а, Узбекистанера зуда а, бер а. Бисинарш Нохчийн Республикера а, ГIалгIайчуьра а, Дагестанера а, Башкирера а Шема дIаихна россихой бара.

КIелхьарабаьхначаьрца цхьаьна вара Шемара а, Иракъера а россихой цIаберзоран балхана куьйгалла деш волу Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Герггарчу Малхбален а, Къилбаседа Африкин а мехкашкахь волу векал Сабсаби Зияд.

А.ВАХАЕВА

№90, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: