«Сбербанк РФ» акционерийн юкъараллин нохчийн отделенин куьйгалле хIоттийна Подсвиров Андрей.

Цунах лаьцна хиира Нохчийн Республикин Правительствон Председателан Эдельгериев Абубакаран а, «Сбербанкан» Къилба-Малхбузенан банкан председателан Титов Евгенийн а хиллачу цхьаьнакхетарехь.
Шен къамелехь Эдельгериев Абубакара, республикехь мехала проекташ кхочушъярехь гIолацарна, баркалла элира «Сбербанкан» куьйгаллина. Иштта, цо билгалдаьккхира оцу банко Нохчийчохь беш болу болх республикин куьйгаллина ца гуш буьсуш цахилар а.
«ХIинцале кхочушйина а, кхочушъян езаш а дукха проекташ ю вайн. Банк республикехь болх бан йолаелчахьана дуьйна, шун банкехула луш ду дуккха а организацеша шайн белхахошна алапаш. Иштта, бахархошна кредиташ эца а аьтто баьлла. Шун банк Нохчийчу болх бан ярехь оха са мел тийсинарг кхочушхилла», – элира цо.
Цул сов, республикин Правительствон Председатела билгалдаккхарехь, «Сбербанко» дакъалоцур ду Нохчийн Республика социальни-экономикин декъехь кхиаран стратеги хIотторехь а.
«Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан а, «Сбербанкан» Урхаллин Председателан Греф Германан а хиллачу бартаца нийса а догIуш, шун банко жигара дакъалоцур долуш ду Нохчийн Республика социальни-экономикин декъехь кхиаран стратегин программа хIотторехь. Иза тхуна мехала ду», – дийцира цо.
Титов Евгенийс дийцарехь, карарчу хенахь Нохчийчохь инвестицийн а, банкийн декъехь а долу хьелаш а, аьттонаш а толлуш ю «Сбербанк».
«Оскаран Германан а, Ахьмадан Рамзанан а хиллачу цхьаьнакхетарехь дийцаре дина дара «Сбербанко», дуккха а шерашна тIаьхьало а йолуш, Нохчийн Республикина социальни-экономикин декъехь кхиаран стратеги хIотторехь а, цуьнан гурашкахь болх барехь а дакъалацар. Тахана, тхан банкан Нохчийчуьрчу отделенин керла куьйгалхо ву аьлла, вовзийтина волу Подсвиров Андрей тIаьхьарчу масех шарахь Къилбаседа ХIирийчохь болх беш вара. Меттигерчу рынкашкахь эвсарйолу проекташ кхочушъяр хууш а, дезаш а ву и. Ткъа республикехь тайп-тайпана проекташ кхочушъярехь мел оьшуш болу аьттонаш «Сбербанкан» болуш бу», – элира цо.
Иштта, Подсвиров Андрейн хьокъехь дуьйцуш, Титов Евгенийс билгалдаьккхира иза банкехь 1996-чу шарахь дуьйна болх беш хилар.
«Тайп-тайпанчу даржашкахь болх бина а, бан хууш а говзанча ву иза. ТIаьхьарчу шерашкахь иза Къилбаседа ХIирийчоьнан отделенин куьйгалхо а лаьттина. Зеделлерг долуш говзанча иза хиларе терра, тхо тешна ду, цо нохчийн отделенин болх керлачу, тоьллачу тIегIане боккхург хиларх» , – билгалдаьккхира цо.
Эдельгериев Абубакара, республикин куьйгалла бертахь болх бан Iалашо йолуш хилар а хоуьйтуш, декъалвира Подсвиров Андрей керлачу дарже хIотторца.
Цул тIаьхьа дийцаре дира республикин бюджетана финансировани яран а, иштта, жимачу а, юккъерчу а бизнесна кредиташ даларан а гIуллакх.
И.АДАМОВ
№90, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо