Бахархойн сагатдечунна тIе тидам бахийтира

ХIокху деношкахь Нохчийн Республикин Профсоюзийн цIийнехь Ерригроссин халкъан фронтан регионан отделенин V-гIа конференци дIаяьхьира.

Ерригроссин халкъан фронтан регионан отделенин белхан 6 тобано цхьатерра дIаболийра болх. ХIора а тобанан шайн-шайн тема яра: «Юкъаралла а, Iедал а: дуьххьалдIа къамел», «Дешар а, культура а къоман башхаллин бух санна», «Дахаран дикалла», «Социальни нийсо», «Экологин а, хьун ларъяран а проблемашкахула Ерригроссин халкъан фронтан юкъараллин мониторинган тоба», «Экономикин кхиар».

Цигахь регионан тайп-тайпанчу дакъошкахь хуьлуш йолу проблемаш йийцаре йира. Цул сов, хьахийна йолу проблемаш дIаяхархьама дан дезарг а дийцира.

Тобанийн болх бирзинчул тIаьхьа, пленарни кхеташо дIаяьхьира. Цигахь дакъалецира Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Израйилов АбдулкъахIира, Парламентан председателан заместитела Жамалдаев Шаида, культурин министра Дааев Хож-Баудис, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан директора Абазов Рустама, Ерригроссин халкъан фронтан регионан отделенин сопредседатела Солтагереев Хьусена, иштта, гIишлошъяран а, ЖКХ-н а министерствон, дешаран а, Iилманан а министерствон векалша.

Массара а цхьатерра баркалла элира Ерригроссин халкъан фронтан жигархошна и тайпа мехала конференци вовшахтохарна а, дIаяхьарна а.

– Ерригроссин халкъан фронтан регионан отделени вайн регионерчу цхьана декъан проблемаш йийцаре йина ца Iа. Тайп-тайпанчу дакъошкахь хуьлуш йолчу проблемашна а, уьш дIаяха дан дезачунна а тIе тидам бохуьйту цара. Оцу отделенехь болх бечарна а, жигархошна а баркалла ала лаьа суна, – элира Израйилов АбдулкъахIира.

Конференцис тIеэначу резолюцехь билгалдеш ду, бахархойн уггаре а сагатдечунна тIе тидам бахийтар, масала, бахархошна молханашца кхачояр а, дукха гIаьтнаш долчу гIишлойн бахархошца цхьаьнакхетарш дIадахьар, царна оьшучуьнга ладогIар а, заьIапхошна леринчу социйлашкахь некъан боламан бакъенаш ларъяр а, иштта кхидIа а. Иштта, боккха тидам тIебохуьйту экологин гIуллакхашна а.

Регионан отделенин хIорашеран конференцин болх берзош, Халкъан фронтан жигархоша республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочуьнга дIакховдийра бахархошна хетарг тидаме а оьцуш, юкъараллин проблемаш дIаяхарехь дан дезачу гIуллакхийн шаьш хIоттийна план.

З.ЛОРСАНОВА

Суьрташ тIехь: кхеташонан дакъалацархой

№90, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: