ЗаьIапчу берашна лерина туш йина йолуш ю

Шелан кIоштан уггаре а хазачех йолчу меттехь, Сиржа-Эвлана уллехь, ламанан Хулхуло хин бердаца еш ю заьIапчу берашна лерина реабилитацин туш. Могашалла ледара йолчу берашна Нохчийн Республикин уьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца ян йолийна йолу интеллектан туш хIинцале йина яьлла лара мегар ду.

Цунах лаьцна инстаграмерчу шен агIонехь хаам бо Нохчийн Республикин къинхьегаман, белхан меттигаш нисъяран, социальни кхиоран министра Баширов Iусмана.

Хулхуло хин аьтту бердаца хир ю и учреждени. Масех блоках лаьтташ йолу йоккха комплекс медицинин, стационаран, реабилитаци яран блокех лаьтта. Иштта, кхузахь ю берашна гидромассаж яран леррина йолу бассейн. БIе берана лерина хир йолу а туш схьаелларо бахархошна ши бIе сов белхан меттигаш хуьлуьйтур ю.

Карарчу хенахь белхалой объектан чоьхьара а, гуонахара а меттиг куьце ялоран а белхаш беш бу. ХIара шо чекхдалале туш йина ялийтаран Iалашо хIоттийна цара шайна хьалха.

Билгалдаккха деза, тIаьхьарчу хенахь Нохчийн Республикин куьйгалло дерриге а до заьIапчу берийн Iер дахар тодарехь а, уьш юкъараллина юкъаозорехь а, хIунда аьлча, могашалла ледара хиларна шайна тIе къасттина тидам бахийта безаш долу юкъараллин дакъа ду иза. Шелан кIоштахь кестта шен неIарш дIайоьллур йолчу оцу туьшах доккха гIо-накъосталла хир ду заьIап бераш кхиош болчу доьзалшна а.

I.МУРТАЗОВ

№90, пIераска, лахьанан (ноябрь) беттан 17-гIа де, 2017 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: