Грозненски районерчу Правобережни юьртахь дIаяьхьира мини-футболах ловзаран турнир. Меттигерчу администрацин гIоьнца турнир вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхийн министерствос. Цуьнан Iалашо яра къонанаш физкультурица а, спортаца а гергарло долуш кхиор. Турнирехь дакъалоцуш Правобережни юьртара № 1, № 2 йолчу юкъарадешаран школашкара а, Терски юьртан юккъерчу школера а кхо команда яра.
Билгалдаккха деза, турниран дакъалацархой самукъадаьлла бара шайн хаарш гайта таро хиларх. Министерствон векала Джамалдаев Шамила турниран дакъалацархошка элира:
– Жималла, къоналла башха хан ю, шаьш даккхий хилча, хийла дагалоцур ю аш и хан. Со тешна ву, кегийрхошкахь товш долу керла хIума довза лаар, дешарца, гIиллакхца кхиар шуьгахь даима а дуьсург хиларх. Дала аьттонаш алсамбохийла шун!
Турнирехь 1-ра меттиг Правобережни юьртарчу школин командо яьккхира. Кегийрхойн гIуллакхийн министерствос совгIатна кубок а, мидалш а елира толамхошна, ткъа берриге а дакъалацархой министерствон дипломаш луш декъалбира.
Т.АЛИЕВА